Кадыровс дийцина орцан министран хIусамненах лаьцна -хӀинццалц цунах лаьцна хьахош дацара

Руководитель МЧС Александр Куренков

Оьрсийчоьнан орцаллин министр Куренков Александр белхан Iалашонца Нохчийчу веанера шинаридийнахь. Федералан хьаькам тӀеэцарх лаьцна хаам беш, республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьахийра цуьнца цуьнан хӀусамнана Мильская Елена а йеана хилар. Талламчаша хьалхо хаам бира и шиъ зудий-майрий хиларх лаьцна, амма иза нахана хьалха тӀечӀагӀдина дацара. Куренковн Мильскаяца доьзалан юкъаметтигаш хиларо конфликт кхуллу орцан министраллехь.

Шен телеграм-каналехь Кадыровс хаам бира Куренковн Соьлжа-ГӀала вахаран программех лаьцна, иштта баркалла элира Мильскаяна "Нохчийн Республикан Къоман музейна шатайпа экспонаташ дӀайаларна". Ша йуьйцург хӀун экспонаташ йу, билгал ца даьккхира цо.

Мильскаяс дIалаьцна дарж хьахийна ца Iийра Кадыров – "Дайначу, лазийначу берашна гIо латточу къоман мониторинган центран" куьйгаллехь йу иза,- ишта цо гучудаьккхина, Куренковн хIусамнана иза хилар а.

"Агентство" ресурсо тидам бира, Мильская министрехь марехь хиларх дуьххьара официалехь аьлла хиларх – хIинццалц схьа иза къайлаха латтош дара. Бахьана хила тарло, Мильская коьртехь йолчу юкъараллин организацина орцан министралло ахча латтош хилар. Стохка "Проект" зорбанан гӀирсо бинчу талламехь бара и хаамаш. Ша дарже хIоттийна дукха хан йалале Куренковс а, Мильскаяс а бинчу цхьаьнаболхбаран бертаца а догӀуш, Къоман мониторинган центрна кхаа шарна хьажийна ду 600 миллион сом.

Иштта "Проекто" хаам бира Оьрсийчоьнан къоман гвардин Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочун гӀовс хиллачу, хӀинца Оьрсийчоьнан орцан министраллан куьйгалхочун хьехамчин даржехь волчу Мартынов Даниилца Мильскаян герггара бизнесан зӀенаш хиларх лаьцна. Зорбанехь йаздарехь, 2022-чу шарахь Мильскаяс а, Мартыновс а дӀакхайкхийна тӀеман спортан кхетош-кхиоран а, кегийрхой патриотикан лаамехь кечбаран а регионан итт центр кхолларх лаьцна – оцу балхана Ӏедало хьажийнера 2,7 миллиард сом.

  • Кадыров Рамзанан дика юкъаметтигаш ю Куренков Александрца, 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь иза министран дарже хӀоттале хьалха а вовшашна бевзаш бара уьш. Оцу хенахь официалан визитийн гурашкахь лаххара а шозза цхьаьнакхетта уьш: 2022-чу шеран аьхка Москвахь а, 2023-чу шеран чиллан-баттахь Соьлж-ГӀалахь а. Цигахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Куренковна совгӀатна йелла шен ден Кадыров Ахьмадан суьртаца кечйина дашо шаьлта.
  • Стохка гезгамашин-баттахь Кадыров Рамзана шен Куренков Александрца хиллачу цхьаьнакхетарх лаьцна видеорепортаж зорбане йаьккхира. Республикан куьйгалхо чIогIа цомгаш ву бохуш, хабарш даьржинчу муьрехь арайаьллера и видео. Цуьнан видео тӀехь а, озехь а цхьа могӀа тамашийна хӀуманаш ду, дийцаре дан лерина тема къаьсташ йацара. Цуо гойту, Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушалла ледара хилар къайладаккхархьама кхоьллина видео хилар.
  • Кадыровн уллера накъост Мартынов Даниил Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университет" (документашца, спортан клуб) кхоьллинчех цхьаъ лоруш ву. Украинерчу тIаме хьийсабале хьалха Iаморашкахула чекхбоху цигахь массо а регионашкара гулбен лаамхой олурш. Украинин кхерамазаллин сервисо бинчу хаамца, Мартыновс куьйгалла дина,2022-чу шеран зазадоккху-баттахь Беларусин дозана тIера Украине чуйахначу 1200 стагах лаьттачу тобанан. 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь СБУ-но официалехь дIахьедира, Мартынов къоман бехктакхаман кодексан тӀеман низамаш а, гӀиллакхаш а талхор а, тӀеман йийсархошца йа маьршачу нахаца къиза лелар аьллачу артиклашкахула бехкеварх.