"Кадыровн кепаш йоллу Оьрсийчохь йаржийна". Локшина Таня - тIеман хенахь бакъонашларйаран белхах

Локшина Таня

Украинана дуьхьал тIом болийна цхьа шой ахшой даьллачу заманчохь эксперташа а, и дерриг гуш болчара а дустура оцу тIамна а, Нохчийчохь хиллачу шина тIамна а йукъара цхьаьнадараш. Кавказан республике доьлху эскарш хIетахь совцийнехьара, хIара тIелатар хир дацара аьлла, тешна йу Европехула а, Йуккъерчу Азехула а йолчу Human Rights Watch декъан директоран гIовс Локшина Таня. Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь цо дийцира Украинана дуьхьал тIом балале хьалха а, тIом болийначул тIаьхьа а Нохчийчохь адамийн бакъонашца долчу хьолах, Кадыров Рамзанан культах, Европан Кхеташонна йукъара Оьрсийчоь арайаьллехь а, адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхелан сацамаш коьрта хиларх а.

– Украинана дуьхьал тIом болабалале хьалха а Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонашца долу хьал аттачух дацара. 2022-чу шеран чиллан-бутт бирзинчул тIаьхьа муха хийцаделла и хьал?

– Дийца дуьйлалушшехь ала догIу, уггар а чолхе хьал Нохчийчохь хIоьттина хилар. Цигахь хьал къастаме ду, Къилбаседа Кавказан кхечу республикашца дуьстича, кхин гIуллакх тоделлахьал оцу мехкашкахь а дацахь.

Шина тIамо а, республикера Кадыров Рамзанан Iедал чIагIдаро а республикехь бакъоларйархошца а, бозуш боцчу хаамийн гIирсашца а мостагIалла латтош раж дIахIоттийна.

Дуккхаъчу шерашкахь Кадыровс а, цуьнан командо а лаьхкира регионера белхаш бен бакъоларйархойн организацеш: меттигера а, Оьрсийчоьнан а, дуьненайукъара а. Шеца дог-ойла ца йогIу нах дIабаха хьийза мехкан куьйгалхо – оппозици дIайаьккхина ца Iаш, муьлхха а Iедална луьйш берш а цхьаьна.

Шайн Наташа Iалаш ца йелира шуьга. Тхо муха лардийр ду аша?

2000-чу шерийн йуьххьехь кхечу бакъоларйархошца Нохчийчу лестара тхо, йукъа а лоьлхуш дуьйцура лайначух адамаша, ницкъахойн зуламех а. Царна коьрта дара шайга ладугIуш цхьаъ хилар – шайна дайнарг кехата тIехь дIа а йаздина, иза нахаладаккхийта, и дерриг а дицдина, къайла ца далийта. Амма тIаьхь-тIаьхьа, ондачу таIзаршна бухахь биссина, шайна тIехь къиза репрессеш лелорна кхоьручу хьолехь болчу нахах бистхила луурш кIезиг хуьлура. Уггар а дала тохар дара тхан белхан накъост Эстемирова Наталья лачкъор, иза йер – тарлора иза уггар а гоьйаьллачу нохчийн бакъоларйархойх хилла хила а. Иза йийначул тIаьхьа, цхьана инзаречу зуламех бевлла, тхо шайца къамеле довла хьийзачу хенахь дукхахболчара олура: "Шайн Наташа Iалаш ма ца йелла шуьга. Тхо муха лардан дохку шу?"

– Бакъоларйархойх ницкъ хьоьгучийн бIаьрг беддера бохург дуй иза?

– Зуламех дуьйцучу нахана кхерамаш туьйсура. Царна тийсина ца Iаш, церан гергарчу нахана а цхьаьна туьйсуш хиллера. Доьзалашна тIаьхьабийларо сецабора нах, хIунда аьлча, дукхахберш реза ца хуьлура шайн дена-нанна, йижаршна-вежаршна, хIусамнанна, берашна кхерам латтон. Iедалхошна луьйчийн аьзнаш совцон ницкъ кхечира цIийнах мел верг таIзаре хIоттор вуй хиъча.

– ХIетте а тахана Къилбаседа Кавказехь буьззина бакъоаларйаран болх бойла дуй?

– Аса йуха а боху. Къилбаседа Кавказан регионашкара хьал тайп-тайпана ду. Нохчийчохь мел а севсина ду хьал. ТIаьххьара хилла къегина масал ду хьуна, Мусаева Заремин (шайггара гIаттийначу бехкзуламан гIуллакхца таIзар дина оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран нана. – Редакцин билгалдаккхар.) процессе богIучу "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а къизаллица йеттар. Iедалхоша йуха а рогIера гайтира, бакъоларйархошна а, бозуш боцчу журналисташна а Нохчийчохь меттиг цахилар.

Журналистана Милашина Еленина Нохчийчохь йиттинчул тIаьхьа

Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь а дикка проблемаш а, кхерамаш а лаьтта. Оцу йукъанна, 2012-чу шарахь Путин Владимир Кремле йухавеанчул тIаьхьа пачхьалкхехь адамийн бакъонаш хьеша буьйлабеллашехь, Кавказехь болх бойла йара. Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа, тIеман цензура йукъайаьккхина, тIамах "тIом" олуш, Украинехь лелочу тIечIагIдазчу зуламех дуьйцучарна тIаьхь политикан процессаш йолийча, Украинхь лелочух бакъоларйаран болх а, журналистика а йоллу Оьрсийчохь йихкира. И экстремале "кадыровхойн" практика, иштта камерана хьалха хIоттийна, къурд алийтар а цхьаьна, шайна товш боцчийн гергарчарна Iаткъам бар а, йоллу Оьрсийчухула даржийра.

– Украинана дуьхьал тIом болабелчхьана Нохчийчочьнан Iедалхоша жигара Iаткъам латтабо блогершна а, йукъаралхошна а, церан гергаран нах тIамтIе а хьйисош. Дукха хан йоццуш дийца даьккхира ЯнгулбаевгIеран цIийнах болу нах тIаме хьовсийна аьлла. Цул а хьалха тIамехь нисвелира Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочун Закаев Ахьмадан вешин кIант. Оцу кепашца хIун Iалашо йу-те республикин Iедалхойн?

– Радикале таIзар ду хIара, оппозицин жигархошна а, политикашна а Iаткъам бар. Шайн бIоболар дIагойтуш бу уьш. ТIамах пайдаоьцур бу Кадыровс шена луьйш болчийн аьзнаш лаккъалц, иштта тIаме хьийсон таро хIинццалц схьа йацара церан.

ХIинца муьлхха а нохчийн диаспорин векал кхеташ ву, шен нах лачкъийна ца Iаш, уьш пусар доцуш оцу ирча тIаме хьийсорг хиларх.

– ХIокху цхьана шарчохь эхашарчохь федералан тIегIанехь Кадыров чIагIвелла бохуш, дуьйцу политологаша. Хьуна хетарехь, хIунда нисделла хIара иштта?

– 2022-чу шеран чиллин-баттера схьа дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочух Украинана тIелатаран контекстехь аьлча, коьрта рупор хилла. ХIинццалц схьа Пригожинца цхьаьна, хIинца ша. Медиахь цуьнан жигара хилар, радикале цуьнан дIахьедарш, ша шена пиар йаро даздира кадыровхоша тIамтIехь дакъалацар.

Ма-дарра аьлча, цунах лаьцна а ма дуьйцу эксперташа, Нохчийчуьра дакъойн тIеман ницкъех дерг аьлча – чIогIа доза тоьхна ресурс йу. Тамаш бу-кх баккъал а цхьа онда тIелатар ден ницкъ Кремльна и хетахь. Кхузахь коьрта ду Кадыровс де-дийне ша Путинна муьтIахь хилар дIагайтар, къаьсттина Пригожинан бунт хиллачул тIаьхьа.

Къаьсттина иза шена тIера хиларна президенто Путин Владимира хIинццал схьа бIаьргаш хьаббора, Оьрсийчохь репутацина тохар деш, хиллачу скандале проблемашна. Масала, Нохчийчохь гейшна дастам тIаьхьабовлар. Ткъа тахана Кремло кеп-кепарчу активашца совгIаташ до Кадыровна.

– Нохчийчохь хилла тIемаш дукхахболчу эксперташа бустура Украинерчуьнца. Цхьаммо цхьанадарех дуьйцура, вукхо къаьсташ хиларх. Хьуна хетарехь, стенца тера бу и тIемаш, шайн баххашца мича билгалонашца къаьсташ бу? Йукъара хIуммаъ дуй Бучехь а, СемаIашкахь а хиллачун?

Бахархошна тIейеттар, къизаллаш, нах лечкъор, хьийзор, кхел йоцуш нах байар, къоланаш дар – тахана Украинехь лелош долу и дерриг а, 1990-чу а, 2000-чу а шерашкахь Нохчийчохь лелийна ду аьлла, бакъоларйархоша охьайаздина ду. Изза болар ду. Барамашца бен къаьсташ доцуш.

Федералан эскарш СемаIашкахь ду

Аса хьахийна ду, нохчийн эвла, йа гIала бакъоларйархой баьхкича, меттигарчу наха го бора царна, хIора йуьртахь шен инзаре дийцар дара, шен бала. Деоккупаци йинчу Харьковера кIошташка тIаьххьара со йахначу заманчохь, аса изза ойла йора: хIора нах бехачу эвлахь масех кIира доккхийла йара, зуламех, адамаш хьегначух лаьцна охьа а йаздеш.

Цкъацкъа хеза: Украинехь кеп-кепарчу организацеша стенна дIайаздо цунах? Доза доккха ма ду, цигахь дуккхаъчу наха бала Iоьвширна тIеман зуламийн. Цхьана дийнахь нийса кхел йайта леррина вовшахдетта дезаш ду и зуламаш.

Локшина Таня

– Украинера тIом Нохчийчуьра болийна бу бохуш чIагIдарна хьо реза йуй?

– Шеко йоцуш тешна йу, тахана Украинехь хуьлуш дерг хила йиш йацара, нагахь санна, дуккхаъчу шерашкахь Нохчийчохь, цул тIаьхьа Шемахь а, дуьненан йукъара гуманитаран бакъонаш а, адамийн бакъонаш а хьешарна таIзар доцуш ца дитинехьара. Кхунна а, иттех сов шерашкахь Оьрсийчохь де-дийне бахархой лецарна гонах а цхьаьна а кхетта, дуьнеан реакци хиллехь, таханалера тIом хир бацара.

– ЕСПЧ-кхелехь тахана жигара луьстуш ду Оьрсийчуьра, иштта Къилбаседа Кавказера гIуллакхаш а. ХIокху кепара сацамаш, хьуна хетарехь, мел эвсара а, оьшуш а бу? Шайн кехаташ кхеле дIакхаьчча нахана гIоле хетар ду хIара, йа цхьа перспектива йу, Оьрсийчоь Европан Кхеташоне йуха а йеана, церан сацамаш цара лорур бу аьлла?

– Аса дукха белхаш бина, шайн байначу гергарчех, йа кхел йоцуш байинчех Нохчийчуьра бахархоша Европан кхеле кхехьийтинчу латкъамашца. Страсбургехь толам баккхарх белларш, байнарш йуха ца балабора. Ткъа Оьрсийчоьно, дIало аьлла компенсацеш дIакхачош хиллехь а, оцу зуламийн кхачам боллуш йуха талламбар тIедожорах, и кхочуш ца дора.

Ма-дарра аьлча, аса къамелаш динчу оцу наха, шайна кхачийна компенсаци дойура декхарш дIатокхуш. Шайн нах лоьхучу цара тайп-тайпанчу ницкъахошна ахчанаш деллера цхьа кIезиг информаци шайна йелча а, хуьлйила и бакъ йа харц.

Дегайовхо йу, таханалера ирча зама дIайер йу, Оьрсийчоь низаман некъа йоьрзур йу аьлла

Европан кхелан сацамаш хIун дика болх бора царна? Аьрзнаш дечара олура, пачхьалкхана гергахь шаьш нийса хилар дIагайта таро лора шайна Страсбурган сацамаша. Цхьана йозуш йоцчу кхело уьш бакъ хилар, пачхьалкх харц хилар бакъдинера. Цо ницкъ лора царна кхин дIа баха. Масех Нохчийчуьра латкъамхо вевза суна, инзаре Iазапаш хьегна. ЕСПЧ-н кхело сацам баллалц хала дара царна баха. И вердикт кхело дIакхайкхийначул тIаьхьа кхин дIа дахарна ницкъ белла хиллера царна.

Изза тахана а ду аьлла хета суна. Цул совнах, дегайовхо йу, таханалера, адамийн бакъонашца долчуьнга хьаьжча, хIара ирча, апокалипсе зама чекхйер йу, Оьрсийчоь низаман некъа а йоьрзур йу, Европан Кхеташонах дIа а кхетар йу аьлла. ТIаккха и сацамаш кхочушбийр бу, символан маьIна хилла ца Iаш.

  • Ша "Путинан гIашсалти" лоручу Кадыровс, Украинана дуьхьал тIом боьдучу йукъанна билгал доккхуш дIагойтура Пригожин Евгенийна тIетовш хилар. Цул совнах, церан структураш йукъарло лелош йара: хууш ду, Нохчийчухула тIаме хьийсийна "лаамхой" ЧВК "Вагнера" тобане кхочуш хилар. Стохка гIадужу-баттахь цо пост хIоттийра, ЧВК "Вагнеран" долахочуш "хьомсара ваша", "бакъволу тIемало" олуш. Инарлина критика йарна хIетахь тIетайра Пригожин. 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Кремлехь цхьанакхетар хиллачу тIаьхьа Кадыровс цIеххьана хийцира шен риторика, ткъа цуьнан гонера нах бехкаш дохуш тIекхохкабелира ЧВК "Вагнеран" долахочунна. Йолахоша тIеман бунт гIатточу дийнахь, ЧВК-с дIалаьцначу Ростов-на-Догу гIала даха новкъадевлира нохчийн дакъош. Бакъду, оцу гIала дIа ца кхечира уьш: Пригожинан тIеман министраллица хилла конфликт йерзийнера.
  • Украинана дуьхьал тIом болийчхьана, тIамна дуьхьал болчу жигархошка камерана хьалха гечдарш дехийтина 94 меттиг хилла Оьрсийчохь. Царех кхаа декъах шиъ аннекси йинчу ГIирмехь, амма оцу кепара хIума хилира иштта Краснодар-махкахь а, Дагестанехь а, аьлла ду йозуш йоцчу бакъоларйаран "ОВД-Инфо" ресурсо бинчу талламехь. Хьалхо и практика шуьйра йаьржина йара цхьаьна Нохчийчохь.
  • 90-чу а, 2000-чу а шерийн йуьххьехь Оьрсийчоьно Нохчийчохь лелийначу зуламийн таIзар цадаран, Оьрсийчоьнан а, дуьненан а йукъараллинй къора хиларан а тIегIано цецвоккху, дийцира Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь "Нохчийчухула Дуьненайукъара трибунал" шина томан монографин авторо Дмитриевский Станислава.