Кадыровс цхьаболчарна чIирца, вукхарна тIамаца кхерамаш тийсар, Нохчийчуьра полисхойн рейдаш. КIиранан хаамаш

Нохчийчуьра рейдаш, гайтаман сурт

Дагестанан цIарах сенаторна Керимов Сулейманна чIир кхайкхийна Кадыров Рамзана, харцахьа лела Нохчийчуьра кегийрхой тIамтIе хьийсор бу, Гуьмсера ницкъахошна тIелатар динчул тIаьхьа махкахь рейдаш дIайаьхьна, Польшера экстрдици йина нохчийн мухIажарна, - оцу доллучух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 84-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Your browser doesn’t support HTML5

Сенаторна Керимов Сулейманна чIир кхайкхийна Кадыров Рамзана | МАРШОНАН ПОДКАСТ #84

Кадыров, Wildberries, чIир кхайкхор

Дагестанерчу Федерацин Кхеташонан декъашхочунна, миллиардашкахь ахча долчу Керимов Сулейманна а, оццу махкара Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Курбанов Ризванна а "чIир кхайкхор" йу ша аьлла, кхерамаш тесна Кадыров Рамзана.

ЧIир боккъал а кхайкхийна лорур йу, нагахь санна, Нохчийчоьнан куьйгалхо вен Iалашонца кIело кечъйечарна йукъахь шаьш дац аьлла, тоьшллаш дан церан ницкъ ца кхачахь.

Оцу йукъанна ГIалг1айчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь депутат волчу Барахоев Бекханна чIир хьейина цо, цхьа а биллам боцуш.

Цу кепара мехкан куьйгалхо дуьххьара вистхилла уггар а йоккхачу Wildberries маркетплейсан Москвара офисехь гезгамашин-беттан 18-чохь герзаш деттарх лаьцна. Оцу гIуллакхехь Кадыровна хааделла, цитата йалайо, "дахаран хьелашца доьзначу бахьанаца халкъаш вовшашна дуьхьалдаха" гIортар. Цо кхайкхамбина, герзаш деттачу меттигехь дакъалоцуш хиллачу кадыровхошка шайн ала дерг, шега дуьххьалдIа схьа ала аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Кадыров Рамзана чIир кхайкхийна Керимов Сулейманна

Кадыровс дӀахьедина, Москварчу офисехь вийначу ГӀалгӀайчуьра шина хадархочух цхьаьннан гергарчара социалан машанашкахь шена чIир кхайкхийна аьлла. Цо тӀедожийна царна, шаьш дийриг Iадаташца де, шен девешица зӀене довла, цул тӀаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо, цитата йу, "цул тIаьхьа ойла йийр ю, кхин дIа хӀун дан деза" оцу нахаца аьлла.

ХIара подкаст арахеца кечъйечу заманчохь Керимов Сулеймана а, Барахоев Бекхана а, Курбанов Ризвана а дош аьлла дац Кадыровн кхерамех а, цо дохкучу бехкех а лаьцна.

"Эрна хан йойъу нах" тIамтIе хьийсор бу

Оцу йукъанна Кадыров Рамзана дӀахьедина, административан кепехь зуламаш деш, "эрна хан йойъуш, оьзда доцчу агIор лела" республикера кегийрхой нуьцкъала тӀаме хьажо дагахь хиларх лаьцна. "ЦӀерачарна ахча а хир ду, ткъа уьш шаьш хьекъале богIур бу, АллахӀан цӀарах гӀазот доккхур ду", - элира цу хьокъехь Кадыровс Соьлж-ГӀалахь хиллачу кхеташонехь. И дӀахьедар дина цо нохчийн маттахь.

Оьрсийн маттахь лелочу политикан телеграм-каналехь дIахьедина, цуьнан цитата йалайо йуха а, "карзахбевллачарна а, къепе йохош лелачарна а хьалха" харжам буьллур - йа Украинана дуьхаьл тIом бан воьду хьо, йа "мел а йеххачу ханна набахте воьду" хьо аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: "Эрна хан йойу" махкара бахархой тIамтIе хьийсабе аьлла кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо

Украинан тӀеман министраллан коьртачу урхалло а, оппозицин нохчийн жигархоша а, бакъонашларъярхоша а 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь дIахьедира , кадыровхоша лечкъийначу Нохчийчуьрчу бахархошна хьалха лаьттачу цу кепара харжамах лаьцна. ТӀом бан дуьхьал хиларна кхерамаш туьйсу царна, харц бехкаш а дохуш, хан йоцуш "къайлахчу" набахтешкахь латтор ду бохуш. Ишттаниг нисделира, масала, Эна-Хишкара вахархочуьнца Сасламбеков Шемилца а. ТӀаме вахар гIоле хеттера цунна, цигахь вийра иза.

Оццу шарахь дийца даьккхира къаьркъа муьйлуш йа наркотикаш лелош лецнарш нуьцкъала тӀаме бохуьйтуш бу бохуш. Нохчийн бакъонашларъярхочо Янгулбаев Абубакара бохура, республикерчу Ӏедалшна оцу кепара шаьш "йукъаралла цӀанъйеш" йу аьлла хета.

КХИН А ХЬАЖА: ТаIзар дина хилла Подмосковьера полисхочун болх бинарг ву "Ахмат" спецназан цхьахволу командир

Оцу йуккъехула "Ахмат" спецназан дакъойн цхьахволу командир цхьана хенахь кхел йина, Подмосковьехь полисхочун болх бина Юнусов Бекхан хилар гучудаьлла "Би-би-си оьрсийн сервисна". Кхелан сацамехь йаздарца, наркопритонашна тIелетара иза, цигарчу нахана йетта а йетташ. Оцу тIехула 2018-чу шарахь иза бехкевира шегарчу даржел сов валарна, йукъарчу рожера колонихь даккха диъ шо тоьхнера цунна. Хенал а хьалха маьршаваьккхинера ницкъахо, амма 2022-чу шеран чиллан-баттахь цунна бехкаш дехкира курхаллаш лелорна. Кхел хилале хьалха, Юнусовс контракт йинера "Ахмат" спецназца, иштта кIелхьара велира иза йуха а набахте хьажочуьра. ХIинца Юнусов кест-кеста гучуволу нохчийн Ӏедалан пропагандин телеграм-каналашкахь а, социалан машанашкахь а, амма ша ца вовзийта туьтмаьжи йуьллий хуьлу иза.

Гуьмсера ницкъахошна тIелатар, цуьнан тIаьхье

Гуьмсера некъан полисхошна тIелатар динчул тIаьхьа Нохчийчохь рейдаш дIахьош йу кадыровхоша, дIахьедо 1ADAT а, NIYSO оппозицин боламаша Церан хаамашца, гIадужу-беттан 4-хь ницкъахошна уллохь граната иккхина хилла, полицин цхьаъ белхахо лазош. Йаржийначу видео тIера суьрташца, эккхар хилла Кадыров Ахьмадан цIарахчу проспектехь – гIалин йукъ йу иза, цигахь йу административан гIишлош а цхьаьна.

ТIелатар дарна шеконашца Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь пхиъ Нохчийчоьнан вахархо лецира полисхоша– уьш Туркойчу боьлхуш хиллера, йаздо NIYSO боламо.

1ADAT-н хаамашца, шина дийнахь гонехь латтийра Гуьмсе – ницкъахоша араволу некъаш даьстира гIадужу-беттан 7-чохь.

Гуьмса кIоштара иттанашкахь бахархой лечкъийна бигина боху, царех кхин д1а хилларг цкъачунна хууш дац. Iедалхоша а, бакъоларйаран органаша а хIокху хаамех лаьцна йина комментарий йац.

Оцу йукъанна Iедалехьа йолчу "ЧП Грозный" телеграм-канало 5млн сом кхайкхийна шеконашкахь болчу нахах лаьцна хаам бинчунна лур ду аьлла.

Your browser doesn’t support HTML5

Ницкъахошна тIелатар динчул тIаьхьа рейдаш йолийна Нохчийчохь

Оцу хаамера номер Гуьмсерчу чоьхаьрчу г1уллакхийн министраллин декъан хьаькамца Сулейманов Зелимхаца йоьзна йу, къастийра тхан редакцино.
Полицина тIелатар дарх а, ницкъахойн дIахьедарш ша муха туьду а дийцира тхан подкастана бакъоларйархочо Черкасов Александра:

"Къилбаседа Кавказера кхочучу информацина вуно дика фильтраци йан йеза. Вай кхетар долу хаамаш хуьлу, масала, Дагестанехь синагогашна а, килсашана а хиллачу тIелетарех хилларш. Цигахь тӀелеттарш муьлш бу а хаьа, цигара хьал дика къастийна а ду, вайна хууш ду, билггал хиллачух.

Йа схьаоьцур вай ГIалгIайчоь, цигахь тIаьххьарчу шина шарчохь хуьлург – "Исламан пачхьалкхан" гАрана тIаьхьадовлар, оцу йукъанна хууш ду цу тобанех дIакхеттарш муьлш бу а, тасадаларшкахь байъинарш муьлш бара а, масала, зазадокху-беттан йуьххьехь Карабулакехь хилларг дуьйцу ас. Цигахь цхьа къаьстина хеттарш дуьсу, амма доккхачу декъана хьал кхетаме ду. Дуккха а сюжеташ, вайн ала хIуммаъ а доцуш, уьш вуно дукха а хуьлу. (9-00).

Ницкъахоша стереотипашца, цхьана кепара рапорташца дIахьедарш дина и тайпа гӀуллакхаш дукха хуьлу, царех лаьцна хӀумма а хаа аьтто ца болу. Нохчийчоь кхузахь къаьсташ йу, дуккха а хӀуманаш беллачарна цигахь тIетоьттуш хиларца, ткъа церан цхьана а хӀуманна жоп дала а, комментари йан а йиш йац. (09-59).

Ша ду, тӀелетарш вовшахтоьхна тобанаш, йа гаранаш, уьш массо а хенахь шашаха гучудуьйлуш хилар. Йа цIеххьана а доцуш, масала, 2018 чу шеран аьхка иштта тӀелатар хилира Шелахь а, цул тӀаьхьа ницкъахоша жигара лецна хиллера, и тӀелатар дина хилла нах бевзаш берш. Амма гучудаьлларг ду, цу тӀелатарехь дакъалаьцна кегийрхой, тоххара цара лецна латтийна хилар, оцу кепара ницкъаллин структураша шаьш дуьххьалдIа герзаш кара а эцна, дуьхьалбовлийта царна питана дина хилар.(13-27)".

Нохчийн хьехархочуьнга къурд алийтар

35 шо долу Нохчийчуьра хьехархочун Жабраилов Мансуран камерана хьалха гечдар деха дезна керста нах сийсазбарна. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалехь зорбане йаьккхинчу сюжетехь хьехархочуьнца цхьаьна ницкъаллин структурийн белхахой а бу.

Жабраилов Мансур нохчийн Шовхал-Берд юьртахь физкультура а, хими хьоьхуш, ишат телеграм-канал лелош а вара, хӀинца канал дӀайаьккхина йу. Цигахь хьехархочо зорбане йаьхнера видеош а, шен кхетамехь Библин хьесап а, веларца комментареш а йеш. Цхьайолу видеош школехь дӀайазйина хилла цо.

КХИН А ХЬАЖА: Керста нахах лаьцна аьллачунна тIехула бехкзуламан гӀуллакх долийна Нохчийчуьра хьехархочунна дуьхьал

Жабраиловс дина дӀахьедарех шуьйра дийца долийра гIадужу-беттан 6-чохь, пропагандисто Голованов Романа Нохчийчоьнан Ӏедалша цунна тидам ца барна критика йича. Цул тӀаьхьа регионан зорбанан министран Дудаев Ахьмадан дийзира Жабраилов лаьцна хиларх а, школера дӀаваккхарх а хаам бан. Голованов бехкевира Дудаевс, долу хьал цахууш дIахьедарш дарна, иштта цо дӀахьедира, хьехархочунна дуьхьал таллам гезгамашин-бутт чекхболуш болийнера аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Керста нахах лаьцна аьллачунна тIехула гечдар дехийтина Нохчийчуьра хьехархочуьнга

Цу хьокъехь, пачхьалкхан каналехь йаьккхинчу сюжетехь гойтуш дара Жабраилов коридорехула кхерамзаллин белхахочо дӀавуьгуш. Хетарехь, цигахь дӀайаздина цо къинтӀера довлар дехар – Жабраиловс жоьпалла тӀе а лаьцна, хиллачунна провокаторш бехке бира, царна жоп луш, и видеош зорбане йаха сацам бинера ша бохуш.

Оццу сюжетехь чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Нохчийчоьнан экстремизмна дуьхьало йечу декъан куьйгалхочун гӀовса Кимаев Хьамзата билгал ма-даккхара, Жабраиловн посташ экспертиза йан хьажийна чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Ставропол-мехкан коьртачу урхалле, хьехархочунна кхел къастош.

Польшас нохчо дIавелла

Польшин Ӏедалша шайн пачхьалкхера араваьккхина нохчийн мухIажар Акиев Ӏаьлви. Цунах лаьцна тхан редакцига хаийтина бакъонашларъяран организацин а, диаспоран а анониман шина хьасто. Оьрсийчохь "терроран" артиклехь бехкаш дехкина цунна.

Тхан хьастийн хаамашца, Акиев Ӏаьлви Москва дIахьажийна хилла итт де хьалха, даймахкахь ницкъбан тарло цунна. Миграцин статус дIайахйархьама сих-сиха дозанхошна тIеваха везаш вара иза, рогӀера тIевахча лаьцна, Калининградан кӀоштаца долчу дозане дӀа а вигина, Оьрсийчоьнан дозанхошка дӀавелира иза.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн мухӀажар Акиев Ӏаьлви Польшо Оьрсийчоьне дӀавелла

Тхан редакцига 2022-чу шарахь Акиевс дийцарехь, Оьрсийчохь цунна дуьхьал айдина хилла бехкзуламан гIуллакх, Шемахь низам дохош вовшахтоьхначу тобанехь дакъалацарна.

Оцу йукъанна Мисарара схьа хьажийна 27 шо долу Оздоев Iалихан бехкево ГIалгIайчохь тIемалошан гIо дина бохуш, хаамбина "Розыск Ингушетия" телеграм-канало; официалан хьасташкахь и хаамаш бац.

Канало йаздарца, Оздоевх шеконаш йу, низамхошна тӀелетарш деш хилла, цу тийсадаларшкахь вийна бохучу Гуражев Iамирханна кхача латтийна цо аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Мисарара экстрадици йина ГӀалгӀайчуьра вахархо бехке веш ву тӀемалошна гӀо дарна

Оздоевна экстрадици йарх лаьцна хаам бира дозанал арахьа болчу нохчийн оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан авторша. Цара дийцарехь, Оьрсийчу дӀакхаьчна иза, ГӀалгӀайчу дӀавигина хиллера ФСБ-н белхахоша. 1АДАТ-о чӀагӀдо, Оздоев хьийзош ву, т1ехь ницкъ бина шайна оьшучу кехаташна куьг йаздайта хьийза, хIалалкбийр бу бохуш, доьзална кхерамаш а туьйсуш.

Поп-ММА-н спортхошца Кадыровн кIентан дов

Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀанта, 18 шо долчу спортан министро Кадыров Ахьмада бехкебина "оьзда доцчу леларца" болу нохчийн поп-ММА-н латархой.

Дуьххьара дац регионан Ӏедалша нохчийн дахарна а, церан леларна а тIехь терго латтон гIерта. Масала, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазна масийттаза кхерамаш тийсира "бехкалабахначу" бахархошна таIзар дийр ду бохуш.

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыровн кIанта кхерамаш туьйсу корматалла йоцчу ММА-н латархошна

Церан «бехк» хила тарло цхьаммо шайн дог-ойла нийса ца гайтинехь, бакъахьа ца леллехь, йа духар царна товш доцчу кепехь хиллехь. Цул тӀаьхьа камера хьалха а хIиттош, къурд олуьйту оцу нахе.

Кадыровс дӀахьедо, ша оцу кепашца "гIиллакхаш лардеш" ву бохуш. Ламасташца догIуш дац республикерчу Ӏедалхоша лелориг, боху нохчийн оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара:"Оьрсийчуьра адамийн маьршачу кепера латаршка цхьа чогIа сатесна хиларна, ларамза гучуйаьллачу поп-ММА субкультурица Кадыровн а, цуьнан доьзалан а йолу ойла хийцалора. Йуьхьанца дуьйна цхьа а йукъа ца гIерташ йара дара и гIуллакх, тIаккха и тайра царна, цул тIаьхьа цунах шайна са хила а лиира.

Оцу гIуллакхах информацин дивидендаш мукъна а кхочур йу шайна, цо шайх лаьцна хаамаш баржор бу, жимма шайн карма а цIанйийр йу аьлла, хетара царна. Шаьш Iаламат чIогIа ницкъ болчу спортхошна накъосталла деш ду алархьама. Амма поп-ММА-хь цхьа а ницкъе латархой ца бевлира царна, цундела цара сацам бира иза йехка. Исламан низамашца а, нохчийн Iадаташца а догIуш дац аьлла, хIунда аьлча, царна шаьш уггар а чIогIа и низамаш лардеш болу нах хета.

Суна хетарехь, шайна тIера буьйлабала беза уьш, Кадыров а, цуьнан кIентий а, йоьIарий а – шаьш хIун бизнес лелайо, хIун гIуллакхаш до, Iедале муха даьхкина шаьш, Нохчийчохь нахана тIехь тахана шаьш хIун леладо а хьожуш.

Цара жимма дийца деза, шаьш адамаш муха хьийзадо, бертаза уьш тӀаме муха хьийсабо. "Исламан канонашца а, нохчийн ламасташца а догӀуш дуй-те ас республикан урхалла дар" бохучу темина цхьа шатайпа руминаци йан йезара. Ткъа кхузахь, суна хетарехь, иза ву оцу Нохчийчохь уггаре а хьалхара бехкениг а, уггаре а хьалхара низамаш дохийнарг а".

КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн 18 шо долчу кIанта кхерамаш тийсина Нохчийчуьра латархошна поп-ММА-хь дакъалацарна

***

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: