Махка Кремло охьахаийначу Iедална зурманаш лекхар - иза массеран а амалехь долучух тера ду. Ца лекхнарш эхартахь бу. Я - Малхбалехь, Малхбузехь - Декъастана генна юьстах. Къар ца беллачу нохчех ю, протестан эшарш а йохуш, Канадехь еха илланча Рамзаева Бирлант. Цуьнца къамел хилира Маршо Радион.
Махкахь Хьалхара тIом бирзича дара иза. Нохчийн театран хIусамехь, шайн керла иллеш довзуьйтучу кхечу артисташа а санна, къоман маршонца ехачу Рамзаева Бирланта дуьххьара лекхира «Яхь йолу нохчо» йиш. Массо а чо ирахIоттош яра иза. Цо велхийра гулбеллачех хийланиг…
15 шо даьлла цул тIаьхьа. Дуккха а хийцабелла нохчийн артисташ. Хьалха, халкъо турпалхой а лоруш, шаьш эшаршкахь хестийна къонахий - емалбеш, селхана халкъо къиллой лоруш хилларш - базбеш ду тахана церан иллеш. Ткъа Рамзаева Бирлант-м яц хийцалуш.
Шен цIийнда-поэт, Ичкерин синбахамаллин министран гIовс Сабдулаев Маккхал мохк дIалаьцначу оьрсийн Iедало доьза вайъича, иза лехар эрна дуйла кхетча, цу тIе ша а оцу Iедална резаяцарна шен даймохк бита дийзира цуьнан.
Канадехь еха иза хIинца. Цигарчу композиторийн юкъаралло шен декъа а эцна. Амма дог-м дац Бирлантан Декъастах дIакъаьсташ – цо дийнахь а, буса а сагатдо даймахкана, цуьнан исбаьхьаллах а, иштта сакхтех а лаьцна доху шен иллеш а.
Тхан дуьненах а, дахарх а, иллех а лаьцна хилира къамел.
Your browser doesn’t support HTML5
Маршо Радио: Шина декъе декъаделла дахар – «селханлераниг», «таханлераниг» аьлла. Хьайн дахар хьуна гой шина декъе декъаделла?
Рамзаева: «Сайна хеттарг ца аьлча ца йолу, харцдерг дуьйцу хан а яц сан хIинца. Йисина хан мел ю а хаац. Бакъдерг дIааьлча, нах реза ца хуьлу, нийса а ца хета! …Шина декъе декъадалар. Бекъабелларш – уьш шортта ахча а долуш, цхьана а тайпа хьожа а ца йогIуш, галбоху оцу ахчано. Со саннарш…со Дала кхуллушехь, хIара дог дуй, иза чIогIа долуш, ахча-бохчанах Iехалур доцуш, кура кхоьллина ю.
Со саннарш дукха бу. Муьлхха а мах ахь хIоттийча а, суна иза мах ца хета. ХIунда аьлча, со сайн махкахь а яц, суна со цIаяха езийла а хаьа, сайн цIахь со дIаюллийла а лаьа суна.
…Со жима йолчу хенахь дуьйна суна хезна баккхийчара дуьйцуш, эвлаяо аьлла бохуш, нускал санна хаз а лур ю ГIала, РегIа кхаччалц хин буха а гIур ю, Доккас аьлла бохуш. Оцу эвлаяо аьлларг а цара тидаме оьцуш ца хилча, суна-м ца хаьа и нах хьанах теша беза.
Бохка цабелларш, Iеха цабелларш – уьш дуккха а бу. ВаллахIи, и миллионаш дуй, ...со царех яша а-м ца еша, ахь суна и гали охьадиллахь а! Гарзанаш хIун ю?! Гарзанаш - гарзанаш ю-кх!
Со Дала кхуллушехь, кура кхоьллина ю. …Сайн ненах тера ю со. СагIа ца доьхуш, ша лай бухара Iежаш лахьо йоьдура, олура нанас, ша иза цIера арадаьхча а ца дехна, олий. Иштта Iаш юкх со а. Со юхьдуьххьал дIахьажа йиш йолуш ю-кх хьанна а. Со чIогIа маьрша ю-кх! Сайна луъург дIаала йиш ю сан. Со цIахь яц. Цигахь Iаьржа бода бу, иза бу-кх сан бала. Кхин кху дуьнентIехь сан бала болуш дисина хIума дац…
Your browser doesn’t support HTML5
Маршо Радио: «Тахана а «яхь йолу кIентий» хестош лоькху. Амма… «яхь йолу кIентий» селхана цхьана тобанах бара, тахана «яхь йолу кIентий» кхечу тобанах бу. «Къонахий» а хийцабелла – селханлеранаш цхьаъ бара, тахана – кхин бу. Къонахийн васт а, гар а хийцало нохчийн артисташка, хьоьга стенна ца хийцало?
Рамзаева: «И ахь буйцурш, уьш пхи сом дел-деллачохь локхурш бу! Хьажал, меташка йоллушехь, Антоненко бохуш яра, вайн Нохчийчохь Iийна яра иза. Димаев Сайд-Эмина Ельцине сийлахь цIе шена тиллар доьхуш, яздина – айса дешна-хьуна ас, Ельцина даийтина «хIан-хIа» - ткъа Антоненкос, сийлахь еш шена тиллина цIе, ша дина хIумма а дац, ца оьшу шена, аьлла, юхаяхьийтина! … Ткъа хIорш? Мецхалгаш ю-кх хIорш!
Артист, цо политика а ма йо. Эсамбаев Махьмуда олур-кха: «Сан иллиалархо хьелийъозархо яц», олий. Шен дешна а, цхьа некъ а болуш волучо ойла ма йо! Сайн дахарехь цкъа а синкъерамашкахь, ловзаргашкахь, ара а яьлла, пондар лекхна яц со, чубаьхкинчу гергарчарна доцург…
Your browser doesn’t support HTML5
Маршо Радио: «»Хьо даймахках яьллачул тIаьхьа, кхузарчу иллиалархошлахь а, композиторшлахь а хьайн дог-ойланца бехарш карийний хьуна, цаьрца уьйраш юй хьан?
Рамзаева: «И гергарлонаш сан дуккха а ду. Найвл Озборн бохуш композитор ву суна вевзаш, Лондонехь Iаш ву иза, университетан хьехархо а волуш. Хорватехь цуьнца цхьана театрехь деа шарахь болх бина ас. Цигахь 27 пачхьалкхера артисташ бара. Уьш тайп-тайпана, бес-бесара къаьмнех бара.
Валлай, дIататта йиш йоцуш, дика адамаш ма дара уьш! Цкъа Гуьржийчохь вайн тIемалойн тоба йийра-кх, уьш байича, со йоьлхуш Iара. «Хьо хIунда йоьлху?» - хаьттира соьга. Саца ца луш, йоьлхуш яра со. Ас дийцира хилларг. 67 вара уьш, 13 бен дийна а ца висина, аьлла.
И юьззина йолу зал, хьала а гIаьттина, тезетан минот хIоттийна лаьттира. ХIордаца балха доьлхура тхо, театр хIордал дехьа яра. Вайн байракх шайнчунна улле дIа а тухий, новкъабовлура. …Цара вуно чIогIа лара ма лерина.
Вайн музыка а ма товра, аьлча а, сайниг яра массанхьа а локхуьйтуш. Нохчийн музыка Европехула яржайо, бохуш. Вайн къомехьа протесташ кхайкхош, вуно чIогIа вай лоруш бара уьш.
Вайна ца хаьа вешан мах. Лара ма лерина цара. Дуккха а бу сан и тайпа накъостий. ХIинца кху Квебекехь кхеран режиссераша шиъ филм а яьккхина. ТIаьххьара яьккхина филм ю нохчех лаьцна, цу чохь сан эшарш а ю. Массанхьа а хьалхахара меттигаш йохуш ю и филм, ерриг а Iамеркахь гайтина.
…Вайн йоккха потенциал ю, вайна вешан мах ца хаьа. Вай оцу Кремлан бага а хьоьжуш, цо аьларг а деш деха. ОстопираллахI, со цецйийлина а ца йолу оцу вайн артистех!..
Your browser doesn’t support HTML5
Тахана маьрша йоцчу Нохчийчохь кхераме ду, нах боцчу нахах дог кхаьрдаш, Рамзаева Бирланта лоькхучу эшаршка ладогIа а, уьш арахь, хезаш, лекхийта а. Амма шеко яц Бирлантан ша къомана оьшуш хиларх а, тIекхуьучу нохчаша ша йицйийриг цахиларх а. Цундела курра лоькху цо шен керла эшарш а…