Тайп-тайпанчу хааршца, Малхбузерчу пачхьалкашкахь беха нохчий 150 эзарна тIера 250 эзаре кхаччалц бу. Дуккха бу царна юкъахь шаьш бечу белхашкахь кхиамаш а болуш, шаьш бехачу мехкашкахь шуьйра бевзаш болу говзанчаш. Венехь веха каратен говзанча Бисаев Хаважи ву царех цхьаъ.
„ Валар-висарна майра бIаьрахьоьжуш ваха луучунна уггаре а тоьлла некъ – иза цхьа Iалашо хилар, и Iалашо кхабар, хIора а дийнахь ма хуьллу доггах, ма хуьллу шуьйра и Iалашо кхочушъеш вахар ду. Ша схьалаьцна некъ дIакхехьа беза стаго, ша стенгга а кхачахь а, стенггахь а вахахь а“.
И дешнаш каратен Кёкусинкай ишкол йиллинчу Оама Масутацус аьлла ду даханчу бIешарахь. Вайн деношкахь Венерчу берашна а, баккхийчарна а каратен говзалла Iамош волчу Бисаев Хаважих аьлча санна ду уьш. Масех шо хьалха Европе ваха схьавеана волу иза, мацах цкъа вайн махкахь уггаре а хьалха карате Iамо а, юха цул тIаьхьа иза кхечарна юкъехь яржо а волавелларг вара.
Ткъа ши эзарлагIа шераш дуьйладелча, Австре ша кхаьчча, цо ша дIаболийна некъ охьа ца тоссуш, каратех долу хаарш кхидIа а даржон долийра. ХIетахь дуьйна Венин тайп-тайпанарчу кIошташкахь болх беш ю Бисаевс кхоьллина каратен клубаш, ткъа цо Iамочу берийн а, кегирхойн а кхиамаш тоххарехь йоллучу Европехь а бевзаш бу.
Карате, къаьстина Бисаевс Iамийна долу цуьнан гара кёкусинкай, - иза киношкара эффекталле суьрташ хилла ца Iа. Иза дийнна цхьа философи ю, адаман дегI а, са а кхиош болу некъ. Иза гуш хуьлу, Хаважис куьйгалла дечу карате клубашкахь къахоьгуш долчу берашка хьаьжча.
Бисаевс Хаважис ша а билгалдоккху, карате Iамочу берашца йоццачу хенахь хуьлуш болу хийцамаш мел сиха гуш хуьлу.
Бисаев Хаважи: "Ша спорт чIогIа мехала хIума ю, цIахь хилча а, кхузахь хилча а. Ас, сайга хаьттича, карате цу юккъехь къастор яра, хIунда аьлча, цу къовсамийн исбаьхьаллашна юкъадогIуш, муьлххачу а спортех санна, могашаллла хилла ца Iаш, амал кхиор а, са чIагIдар а ду, дахарехь халонашна кийча хилар а - иштта и амал цу юккъе йогIуш йолун дела, къастор яра ас карате.
Карате лелаш долчу берашна тIехь дика гуш а хуьлу иза. Вайн-м жимма амалш шога а ю, ткъа кхеран, меттигерачеран, амалш кIедо йоллушехь, карате схьадеана бер, хьан бIаьргашна а гуш, дукха хан ялале, хийцало. Низамца марзло, аьлларг дан марзло. Цу кепара, оцу белхан шортта асар хаало-кх хьуна берашна тIехь.
Цул совнаха, хIара Европа мелла а паргIат меттиг ю, бераш цхьана хIуманца дIалаьцна ца хилча, цхьана хIуманна тIехь къахоьгуш ца хилча, цхьа а шеко а йоцуш, цхьана харцхьачу агIор уьш дIа ца боьрзуш Iийр бац. Цу тIехь а боккха пайда го суна.
Вайн чуьра бераш а ас кхуза схьалоьлуьйтуш ду. Церан масаллина тIехь а дукха пайданаш го суна, могашаллина тIера дIа шайн дегIан доладарна тIекхаччалц, диканна -вонна оьшуш ма ду иза а. Ткъа ша карате, бераш аьлла вай хьахийнехь а, массеран а дахарехь могашалла а, са а, дегI а гуттар а дикачу кепехь латтон цхьа универсалан система ю. Цундела, хIара бераш хIинца кхуьнга марзалахь, тIаьхьалонна а дахарехь дуккха а пайданаш оьцур бу-кх кхара цунах".
Бисаев ша карате 1980-чу шерашкахь волавелла. ХIетахь дукха бацара, бохуш дуьйцу цо Нохчийчохь карате я кхийолу Малхбалера латаран говзаллаш Iамон аьттонаш. Йоллучу Нохчийчохь шиъ бен клуб а яцара. Ткъа уьш а кестта, советан Iедалша карате Iамор дехка а дихкина, дIакъевлира. Карате езачеран къайлаха кхион дийзира шайн говзаллаш. Бакъду, советийн диктате ца хьоьжуш, карате кхин а дIа Iамийначарна цунах дахарехь кхиамаш хилла ца Iаш, доллучу Iер-вахаран некъа тIехь а боккха пайда а, толам а, тоам а хуьлуш хилар Хаважина дукха хан ялале шена а гира. Иза 1989-чу шарахь дIаяьхьначу Советийн куьйгалатарийн къийсамашкахь чемпион велира. Ткъа Оьрсийчоьнан кёкушинкай -каратен чемпионатехь дато мидал а яьккхира цо. Карарчу хенахь Бисаев Хаважи Iаьржачу доьхкан долахо ву, 2009-чу шарахь цо Японехь 3-гIа дан а яьккхира.
Венехь Бисаев Хаважис бечу белхан барам хуур бац, цо кхиочу берийн яххьаш ца гича, церан хIора а тренингехь лепа бIаьргаш а, церан корматалла а, и корматалла лакхаяккха лаар а шен бIаьргашца тергал дан йиш ца хилча. Уьш тайп-тайпана ду, и бераш, тайп-тайпана орамаш а, меттанаш а долуш. Дукха ду царна юккъахь нохчийн бераш а. Уггаре а жиманиг диъ шо долу Iусман ву. Дукха хан йоццуш дIаяьхьанчу турнирехь, шел шо сов воккхачуьнца къовса а велла, цо шен дуьхьарлера – оранжан бос болу- доьхка даьккхира.
Къаьстина шена тIе тидам бохуьйтуш ду, Бисаевс Iамочарна юккъехь дуккха а зудабераш хилар. Ялх-ворхI шарера дейтта-пхийтта шерашка кхаччалц хенаш йолчу цу вайнехан зудаберашна юккъехь коьртахь хиджабаш ерш а, нохчийн Iедалехь йовлакх техкинарш а бу. Дуьххьара и бераш Iамалучу клубе яханчохь сайна гина тамашена сурт диц ца ло суна - маьркIаж-ламазан хенахь дара иза. Iаморан хан дIа а йолаелла, бераш, хIора а чу ваьл-ваьллачо каратен Iадатехь ала дезаш ма-хиллара, „Осс“ аьлла, дIахIиттинера тренерна хьалхахь. Ткъа цу юкъана, кхойтта шо долу Фатима, зудаберийн тIера бедар хуьйцучу чоьнахь, сихонца шен жима ламазан куз охьа а тесна, ламаз деш йоллура. Далла Iамал дIаерзийначул тIаьхьа, Фатима а „Осс“, аьлла, вукху берех дIаийра. Цу масало гойту, Бисаевс Iамош долу бераш каратена говза хилла ца Iаш, иштта иманца а хилар.
Цкъа хьалха, Бисаевн куьйгаллерчу берашна юккъехь сел дукха вайнехан зудбераш гича, мелла а цецъяллера со, ткъа царна юккъехь, бусулба духарш дерш гича-м муххале а. Иза иштта муха нисделла, сел дукха нохчийн зудаберийн каратеца бала кхачар, бохучу хаттарна жоп луш, Хаважис кхидIа а дийцира.
Бисаев: "Иза чIогIа экам хаттар ду, дахарехь а, Европехь а, зудаберашца дерг. И экам долун дела, суна цу хIуман лакхара мах а хета. ХIунда аьлча, вайн цIахь хилча-м беш, ков-керт, бежан, йилар-йиттар а хуьлу. Кхузахь иза дац, дерриге а аттачу кепара дIанисдина ду, цундела маьрша хан а дукха хуьлу. Ткъа бусулба стеган гIиллакх, зудчуьн а, боршачу стеган - иза шен дегIах дерг, сица дерг уггаре а дикачу агIор кхиор ду, аьлла хета суна.
Ткъа спорт, къаьсттина карате, шен хан дIаерзон чIогIа дика хIума ду. Зудабераш кхузахь хилар суна къаьсттина мехала хIунда хета-хьуна аьлча, уьш жимма баккхий хилча, уьш шайн доьзалш кхиош, дахарехь дIабаха безаш а бу, оцу хенахь церан карате лелор хир ду аьлла ца хета суна.
Цундела хIокху хеначохь, жимма шайн могашалийна а, шайн дегIан доладарна а, шайн са чIагIдарна а бух буьллур бу цара, хIунда аьлча, дахаран тайп-тайпана агIонаш ма хуьлий, халонаш тIеIитталуш а хуьлу, мелла а ницкъ хуьлуш а хуьлу. Цу хIуманашна тIехь чекхвала, синчIагIалла хилийта а, вочу агIонашка ойланаш дIаса а ца йоьрзуьйтуш, цхьана некъа тIехь шайн ойла йолуш хилар а - суна цу хIуман чIогIа лакхара мах хета".
Бисаев Хаважис дийцарехь, каратен Iалашонашна юккъехь коьртаниг толамаш бахар дац, шен синан а, дегIан а таронаш йовзар, уьш кхиор, шен дегIан а, синан а дозанаш шордар ю. Бакъду, нагахь санна цхьаъ профессионалан некъа ваха лууш велахь, я чемпионатийн лакхенашка кхийдаш велахь, карате лелочеран аьтто бу и Iалашо а кхочушъян.
Къаьсттина, Бисаевс Iамош йолу кёкошинкай универсалан кеп ларалуш. Иза хуучу спортахочунна, кхин башха сов ницкъ а ца хуьлуш, таро кхочу, жимма Iамийчхьана, кхийолу малхбалера латарийн башхаллаш Iамон а, кикбоксинг хуьлда иза я тайквондо.
Масала, Хаважица кёкушинкай Iамош хиллачу вайн шина махкахочо дукха хан йоццуш кикбоксингехь Австрин чемпионат схьаяьккхина. И санна болу кхиамаш кIезиг бац Бисаев Iамочу берийн дозалла дан йиш йолуш. Цара Францехь а, Германехь а, Бельгехь а, Испанехь а, дукхаъчу кхечу пачхьалкашкахь толамийн меттигаш яьхна. ХIетте а, толам баккхар яц тхан Iалашо, олу Хаважис, Iалашо - иза хIокху вайн берашна нийса некъ гайтар ю, олий.
Бисаевс, каратен говзаллаш а Iамош, кхиочу берийн амалшка хьаьжча, уьш генарчу Австрехь, даймахкана эзарнаш километраш генахь кхуьуш хилар диц ло. Де дика-Iуьйра дика, хьалагIовтар-охьаховшар, гIиллакх а, лерамаш а - вайнехан тоьлла амалш ю цаьрца. Цундела кхеташ ду, Хаважис каратен чемпионаташкахь лакхенаш яхар яц шен Iалашо, и бераш кхетамехь кхиор а, цаьрца болх бар а ю бохург. ХIунда аьлча, цо куьйгалла деш йолу карате клубаш – уьш еккъа цхьа каратен говзалла Iамоен кхерчаш хилла ца Iа, уьш дахаран ишколаш санна ю, гIиллакх-гIуллакхан, иманан, даймахке а, шайн орамашка а йолчу марзонан а ишколаш. Цундела гIерта Венехь беха вайнах, цу гIалахь кхин а иттаннаш каратен клубаш йоллушехь, мел генара схьакхийла дезарх а, шайн-шайн бераш иза волчу кхачадан. Ткъа шаьш бераш, цара хIун дуьйцу шайх а, каратех а лаьцна? Уггаре а гIолехь дерг ду цаьрга шайга ладогIар.
Берийн аьзнаш: "Сан цIе Фирдовз ю, сан кхойтта шо ду. Кхо шо ду ас карате Iамош йолу. ХIинца сийна доьхка ду сан, амма кеста можаниг доккхур долуш ду ас...". "Сан цIе Мадина ю. Сан пхийтта шо ду. Суна чIогIа хазахета карате Iамош, иза спорт а ю, дика гимнастика а ю...".
Бисаев Хаважис карате Iамош долу бераш турнире а, къийсамашка а гулбелча, инзаре дукха вайнах вовшахкхета цигахь, къовсалучарна белшаш гIорто а, вовшашка дистхила а, толаме сатаса а. Ткъа иштта тренерца вистхила а, цунна баркалла ала а. Харц хир ду, вайнах бен цигахь ца гулло аьлча. Меттигера австрихой а, Австрехь беха тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш а бу цуьнан берашна юкъахь. Амма Нохчийчоьнах къаьстина кхууьш долу нохчийн бераш Бисаев Хаважис кхоьллинарг санначу кхерчахь гулбала таро йолуш хилар тахана, вайн махкахой дуьне мел ду баьржина а, боьхна а леларца дуьстича, мах бина ца валлал хIума хетало.