Каспаров махках ваьлла, амма Путинца къийсам латтор ца дитина цо

Оьрсийчоь -- Москох Хамовницкийн суьдан хьалха Каспаров лоцуш бу полисхой,17Марс2012

Дуьннена а везвш волчу шахматех ловзархочо, Оьрсийчура опплзицин жигархочо Каспаров ХIаррис хIара бутт болалуш дIахьедар дира ша махкал арахьа виса дагахь ву аьлла. Цо далийна бахьана ду иза политикан бахьанаш долуш Iедалша хьийзо мегаш хилар.
Амма иза дац Каспаров Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна дуьхьал волчура дIавер ву бохург. Цунах лаьцна Маршо Радион Оьрсийн сервисан корреспонденто Барышников Валентина телефонехула къамел дира карарчу хенахь Нью-Йоркехь вехаш волчу Каспаров ХIаррица.

Каспаров ХIаррин цхьана ханна йита дезна Оьрсийчоь. Амма цигарачу политикан дахарна юьстаха виса дагахь вац иза.

Оппозицин кьугалхойх цхьаъ волчу шахматех ловзарехь лаккхара говзанча волчу цо дешнаш ца кхоадора Путин Владимиран режиман духах лаьцна дуьйцуш.

Каспаров ХIарри: «Тахана суьдхоша кхелаш еш цхьатерра сацамашна зорба детта. Полицин куьйгалхоша омраш до нахана етта, уьш лийца бохуш. Регионашкарчу губернаторша шайн а лууъург до, шайн меттигашкахь берриг а ницкъ болу дай шаьш долун дела».

Даханчу кIирнах дуьххьара ша еллачу шуьйра интервьюхь Каспаровс дIахьедар дира «оьрсийчу цIа ца воьдуш цхьана ханна саца дагахь ву ша политикан бахьана долуш ша Iедалша хьийзо мегаш хиларна» аьлла.

Маршо Радион Оьрсийн сервисана ша еллачу интервьюхь Каспаровс элира, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш йохош болчу лаккхарчу даржахошна дуьхьал Iамеркехь 2012-чу шарахь тIеэцна Магнитскийн акт санна Европерчу пачхьалкхашка санкциш кхайкхаяйтар Iалашонца къахьега дагахь ву ша аьлла.

Цхьаьнатоьхначу Штаташа тIеэцна долу низам ду, 2009-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша лелийна харцонаш гучуяьхна аьлла лаьцна волу набахтехь веллачу юристан Магнитский Сергейн цIарах.

Цу тайппа санкциш кхайкхийча цара Iаткъам бийра бара Оьрсийчохь Iедалехь йолчу элитана боху Каспаровс.

Каспаров ХIарри: «Шаьш деш дерг бахьана долуш Европе а бахана, цигахь шаьш лачкъийна рицкъ лело болу аьтто дIабоккхуш бекхам шайна хир буй хиича, тIаккха Оьрсийчохь урхалла деш йолу элита ларъеш волу стаг санна Путин оьшуш волчура дIаволу».

Каспаровс дийцарехь, цу тайпа гIулчаш эвсаре ца хуьлу Кремло шен ницкъ кхоош ца хиларна царна дуьхьало еш.

Каспаров ХIарри: «Путин дика кхеташ ву и кхерам хиларх. Цундела тахана оьрсийн дипломатийн а, церан махкал арахьа болчу лоббитсийн а ницкъаш тIебахийтина бу Магнитскийн актана дуьхьало ян».

"The New Times" газетана еллачу интевьюхь Каспаровс дийцира ша махках валале Талламан комитетан декъашхоша шозза шен нана тIекхайкхинера ша волу меттиг гучуяккха гIерташ аьлла.

Цо дийцарехь кхин болчу Оьрсийчура оппозицин Координацин кхеташонан дукъашхой а бу кхерамехь, хIунда аьлча цара Магнитскийн актан гIортор йина, ткъа санкциш хьакхалучу нехан цIейрзан юкъахь ву Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр.

Охан-баттахь 50 шо кхаьчна волчу Каспаровна хаа шена Москох дуьхьал санкциш тIеэцийта Европера пачхьалкхаш тешо хала хир дуй, Оьрсийчоь цу гIуллакхана реза хир йоцун дела. Оьрсийчоьно, Магнитский актана жоп луш, дихкира Iамеркерчу доьзалшна шайн махкара бобераш доьзалка эцар.

Делахь а Шахтатийн лакхара говзанчина хаа шаьш эшна ца хилар. Цундела тешаш ву иза ша юьхьаралаьцначух.

Каспаров ХIарри: «Суна хета, гергарчу кху цхьана шарахь Европерчу цхьана пачхьалкхао, я пачхьалкхийн тобано цIеэца дагахь дийцаре дан мегаш ду Магнитскийн акт».