Кавказан къаьмнашна Оьрсийчоьнан "Iазапера довлуш" гIо дан лерина йу Лакхарчу Радера керла комисси

Лакхара Рада, гайтаман сурт

Къаьмнийн боламашца, Оьрсийчуьра халкъашца, Къилбаседа Кавказехь а болх бийр болуш ханна комисси хаьржина Лакхарчу Радехь. Украинхойн Iедалхой лерина бу "Оьрсийчоьнан Iазапера довлуш" царна гIо дан а, Оьрсийчоь йохон а. Хаамбина цунах лаьцна украинхойн Свобода Радионо.

Комиссин декъехь хир ву 11 халкъан депутат. Цуьнан коьрте хIоьттина "Аз" партин векал Юрчишин Ярослав, ткъа цуьнан гIовс хир йу "Халкъан лайш" партин куьйгалхочун гIовс Мезенцева Мария.

Юрчишина дийцарехь, комиссино болх бийр бу шина агIор. Цкъа-делахь, зIенаш тосур йу "Оьрсийчоьно Iазапехь латточу латтанаш тIехь дехачу халкъийн къар ца беллачу векалшца".

"Белхан шолгIа агIо – дуьненайукъара. Оьрсийчоь вовшахйаккхарх хаттар ойбур ду, хIара хаамаш малхбузера партнерашка дIа а кхачор бу. Церан хьежамаш хийца беза, тоьшалла дан деза: дуьне кхерамзе а, маьрша а хир ду, цуьнан карти тIера йоккха террорхо дIайаккхахь бохучух. Цивилан дуьненна кхерар оьшуш дац, Оьрсийчоь йохо гIорта деза", - дIахьедина Юрчишина.

Цул совнах дIахьедо, шен балха тIехь комиссино пайдаоьцур бу кхечу пачхьалкхийн зеделлачух, иштта йукъарлонаш лелор ду Европан Кхеташонца а, ОБСЕца а.

Оьрсийчоьнан, йа Къилбаседа Кавказера республикийн Iедалхоша хIара хаам зорбане боккхучу заманчохь йуьйцу комисси кхолларх лаьцна йина комментарий йац.

  • Стохка гIадужу баттахь Лакхарчу Радехь сацам тIеийцира Нохчийчоь Оьрсийчоьно ханна дIалаьцна мохк бу аьлла, иштта йемалйира "нохчийн къоман геноцид". Делахь а карарчу хенахь Украино официалехь Ичкери йозуш йоцу пачхьалкх йу аьлла, тIелаьцна йац. Украинехь хIоттийначу керлачу карти тIехь Нохчийчоь билгалйаьккхина йу къаьстина пачхьалкх санна – Ичкери аьлла.
  • Хьалхо Украинера Лакхарчу Радера халкъан депутаташа хьийхира Оьрсийчоьнан империно йина чергазийн геноцид къобалйе аьлла. Кеп-кепарчу депутатийн тобанашкара мел кIезиг а 50 украинхойн парлментхочо тIеийцира инициатива, иштта "Халкъан лайш" урхаллин партино а цхьаьна.
  • 2022-чу шеран гIадужу-бутт бовш Iойрат-гIалмакхойн халкъан Конгрессо тIеийцира "Кхарачойн Республикан пачхьалкхан суверенитетах" деклараци. Юстицин министралло экстремистийн материалийн тептаре йаьккхина иза.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь Истамбулехь дIайаьхьира ГIалгIайчоьнан маршонехьа болчийн съезд, цигахь дIахьедира ГIалгIайчоьнан Йозуш цахиларан Комитет кхолларх. Цуьнан коьрта Iалашонаш йара: гIалгIайн йукъараллина консолидаци йар, йозуш йоцу пачхьалкх кхолла бух кечбар, иштта "къам йуха а Iеха ца дайтар а, царна тIехь Iазап ца латтадайтар а".
  • 2022-чу шеран товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Цуьнан декъехь вара юьхьанца урхалла дечу партин а, оппозицин партин а цIарах итт депутат. Стигалкъекъа-баттахь Гончаренкос хьйихира, чергазийн геноцид а, Ичкерин маршо а къобалйар.