Украинан эскаран Интернационалан легионера нохчийн лаамхоша дIакхайкхийна Белгородан кIоштара йуьртан администраци дIалаьцна аьлла – и нисделира Оьрсийчоьнан дозанашкахь йолчу регионашкахь лаьттахула операци дIахьочу йалхолгIачу дийнахь. Кавказ.Реалии сайто листира, йозуш йоцчу Ичкерин агIончаша хIун дакъа лоцу тIемашкахь.
Диверсин тобанаш Оьрсийчу чекхйийларх хаамаш баржийра дуьххьара зазадокху-беттан 12-чохь. Белгородан а, Курскан а кIоштара дозанаш хадорах дIахьедира "Оьрсийчоьнна маршо" легионехь а, иштта "Сибиран батальоно" а, "Оьрсийн лаамхойн корпусо" а. Легионо дIахаийтира Курскан кIоштара Теткино эвла "Оьрсийчоьнан маьршадаккхаран ницкъаша йерриг а шайн куьйгакIел йерзорах", кхечу дакъоша кхин хIуммаъ ца хаийтира цунах лаьцна.
Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедира, "ВСУ-н доллу тIелетарш йухатохарх" – Теткина агIор диъ, иштта Белгородан Нехотеевка, Сподарюшино, украинхойн Одноробовка эвланийн дозанашкахула буса чекхбовла гIортарх а.
Са довчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, Белгородан кIошт Iалашйан хьовсийначу "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша "Харьковн агIорара" БПЛА операторш болу меттиг йохийна аьлла, амма доза хадош лаьттахула йолийначу операцих цхьана а агIор ца хьахийра цо.
Зазадокху-беттан 13-чохь "Сибиран батальоно" видео йаржийра Оьрсийчоьнан пехотин гIагI диллина машен йохош йаьккхина хилла. "Пепел" гIирсан аьтто хилира видео стенгахь йазйина къастон – Белгородан кIоштара Горьковский эвлайистехь дIайазйина хиллера иза. ТIеман министралло йуха а дIахьедира чекхбовла гIертар шаьш йукъахдаьккхина аьлла, амма билгал ца даьккхира тIелатарш стенгара дара.
Танк йохош йаьккхина видео зорбане хIоттийна Кадыровс – цо дIахьедина, "Запад-Ахмат" батальоно Оьрсийчоьнан эскаран кхечу дакъошца цхьаьна Харьковн кIоштаца дозанехь "низам доцуш дина тIелатар" эшийра аьлла. Де хьалха Нехотеевкин кIоштара дозанхойн дехьабовларехь йаьккхина ролик йара и - тIеман министралло зорбане хIоттийнера иза, оцу гIуллакхехь "Ахмата" дакъалацар а ца хьахош.
ШолгIачу дийнахь, зазадокху-беттан 14-чохь, "диверсин операцеш" йолорах хаамбира Украинехьа тIемаш бечу нохчийн лаамхоша. Ичкерин ша тайпа Iалашонаш кхочушйечу Къаьстинчу батальонан (ОБОН) командиро Ажиев Рустама видеохаамехь дIахьедира, шен тоба Оьрсийчоьнан дозана тIе кхачарх а, "АллахIан пурбанца кеста Кавказе а кхочур йу" аьлла.
Президентан харжамашца йуьйзира Ажиевс диверси – оцу кепарчу дIахьедарца хьалхо бистхилира "Оьрсийчоьнна маршо" легионехь берш а.
Цхьаъ бен доцу тоьшалла
Оьрсийчоьнан дозана тIехь динчу тIелатарехь нохчийн лаамхоша дакъалацарх дуьххьара тIечIагIдира зазадокху-беттан 17-чохь – ОБОН-н командиро кхайкхам бина кхо де даьлча. Ичкерин батальонийн билгалонаш барзакъ тIехь йолчу тIемалойн "Оьрсийчоьнна маршо" легионаца йукъахь ка йелира Горьковский эвлан дозана чубаха.
Горьковскера йуккъера школин гIишло и хилар билгалдаккха аьтто хилла йаржийначу видеохула, цу чохь йу ишта меттигера администраци а. Украинаца долчу дозана ши километар генахь йу и эвла. Видео тIехь тоба йу дIасалелаш, амма тIеман техника гуш йац цу тIехь.
Горьковскера видео йаржийра зазадокху-беттан 17-чохь, амма дIайазйина и де хьалха – оцу дийнахь "Сибиран легионо" Ичкерин агIончашца цхьаьна даьккхина сурт хIоттийра. Хьуьнан асана хьалха лаьтта уьш, эвлан администрацина тIетоьхна хилла у схьа а даьккхина, эвлахь дIайазйинчу видео тIехь де дара.
Iалашо цхьаъ йу – Путинан зуламе рожах Оьрсийчоь маьршайаккхар
Оьрсийчоьнан тIеман министралло зазадокху-беттан 16-чохь гуттар а шаьш ма-дарра, дIакхайкхийра "мостагIчун техника а, дийна ницкъ а цIе тоьхна эшорах" Белгородан а, Курскан а кIошташкара дозанашкахь йолчу меттигашкахь. Амма шолгIачу дийнахь дIахьедира Козинка эвлара кIошта чугIортар массо а агIор йукъахдаьккхира шаьш аьлла. Диверсанташ Горьковскийн хьукмате чубоьлхуш йаьккхинчу видеох лаьцна комментарий ца йира цара.
Эвлахь рейд хилла бохучу дийнахь Нохчийчоьнан урхалхочо дIакхайкхийра "Запад-Ахматан" кхиамех – делахь а, Белгородан кIоштахь дацара и, оккупаци йинчу Донецкана гена доццучохь дара. Горьковскийхь хилларг а тергамза дитира цо.
МостагIчун эшамех лаьцна дIахьедина шина а агIоно. "Оьрсийчоьнна маршо" легионехь дIахаийтира 77 техника хIаллакйарх, цхьа эзар ахэзар гергга эскархочунна зен дарх а. Оьрсийчоьнан тIеман министралло хIокху кIиранчохь дIахьедина мостагIчун агIор 720 стаг верах а, 63 техника хIаллакйарх а, йу царлахь танкаш, ракетийн системаш, бронетранспортераш, артиллери а. Белгородан кIоштарчу тIамах Украинан тIеман министралло комментарий йина йац.
Шина а агIоно дIахьединчу зерех жимахдолу дакъа бен тIечIагIдан аьтто ца кхьачна бозуш боцчу аналитикийн – Украинан агIор тIелеттачу дакъойн зазадокху-беттан 12-чуьра зазадокху-беттан 18-чу дийне кхаччалц мел лахара а 10 техника хIаллакйина, шайлахь йиъ танк, инженерийн кхо машен, тохарш ден беракема, наггахь бен ца хуьлу инженеран танк а йолуш. Мел кIезиг а йеа техникех йаьлла Оьрсийчоь – йу царлахь доккхачу декъанна бронетранспортераш а, пехотин машенаш а.
Уггар чIогIа зенаш хилар къаьстина Козинкехь а, Сподарюшинехь а. Гоьрьковскийна гергахь, цигахь гойтуш бара Ичкерин лаамхой, аналитикийн ницкъ кхаьчна йезачух кхин а цхьа техника хIаллакйина хилар билгалдаккха – Оьрсийчоьнан БМП йу и. "Сибиран батальонан" тIемалоша цуьнан тIечIагIдар зорбанедаьккхина зазадокху-беттан 13-чохь, Ажиевс кхайкхам а бале.
"ТIом цIабар"
"Диверсин операцеш" дIакхайкхийначул тIаьхьа Ичкерин лаамхоша хIиттийна Iалашонаш тIамаца йоьзна йацара, политикаца йоьзна йара ала тарло. Масала, "Ансар" цIе лелочу "Борз" декъан командиро шен видеокхайкхамехь дуьххьал дIахьедира, Оьрсийчохь операцеш саццанза дIахьуриг хиларх "йозуш йоцчу Нохчийн Ичкерия республикан дозанаш" а, "Оьрсийчоьнан набахтешкахь латтош болу боллу нохчий а" маьршабаххалц.
Тахана, ши танк бен и йацахь а, Iаламат доккха зен хуьлу уьш йохийча
Ичкерин арахьарчу Iедалан вице-премьеро Солтыханов Алим-Пашас Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь чIагIдора, Ажиевн а, "Ансаран" а тобанаша шаьш тIелетачу заманчохь Интернационалан легионан кхечу дакъошца, иштта ВСУ-ца а, дагабевлира аьлла.
"РДК-н а, "Сибиран батальонан" а тIемалоша "къаьсташ, кхетош билгалйаьхна Iалашонаш: церан лаам цхьаъ бу – Путинан зуламан рожах Оьрсийчоь маьршайаккхаран мисси йу и, оцу тайпа герзаш карахь йолчу кепашца дакъалоцуш ду Оьрсийчоьнан президент хоржучу кампанихь а. Шаьш лелориг диверсин операци йу ма ала боху цара, маьршадаккхаран йу ала боху", - дийцира цо.
Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада билгалдоккху, Белгородан кIошта чубахаран коьрта Iалашо – "тIом болийначу меттиге и йухахьор" ду аьлла. Оьрсийчоьнна трансформаци йинчул тIаьхьа бен Нохчийчоьнна деоккупаци йойла дац – импери-пачхьалкх санна йолчуьра йаккха йеза и, тешна ву къамледийриг.
"ТIейогIучу заманчохь мостагIчун дозана тIехь тIеман операцеш йан цхьа кечам бийр белахь, оха цу йукъахь дакъалоцур ду. ТIом шайн хIусамашкахь беш хиларх а, луларчу пачхьалкхаца тIамехь шаьш хиларх а оьрсий кхетталц, кхуьнан йист йер йац. Сан ойланца, оцу агIор хIара хьал кхин дIа а дебар долуш ду, суна гуш хиларца", - тIетуьйхира Закаевс.
Горьковскера административан гIишло дIалацар доцург а, муьлхачу операцешкахь дакъалаьцна Ичкерин тIемалоша хаьттича, жоп дала ца хIоьттира иза. Амма къамелдечо чIагIдо, Белгородан кIоштахь тIемалой "Оьрсийчоьнна маршо" легионаца а, РДК-ца а, Интернационалан легионан кхечу векалшца а бу бохуш.
"Ког хецна" тIелатар
"ЧIогIа тамашен акци йу" – тIеман агIор аьлча – бохура Белгородан кIоштахь динчу тIелетарех талламчийн Conflict Intelligence Team тоба вовшахтоьхначу Левиев Руслана.
"Вайна цкъачунна гуш дац Оьрсийчоьнан эскарш [Украинера тIемаш бечу меттигашкара] Курскан а, Белгородан а кIошташка ийзош. ХIун нисдина цара [тIелеттачара]? Йезачу шайн техникех а бевлла уьш, кхин дIоггара ког хецна Iаш ма бац уьш, гIоьналлин тIоьрмигаш а халла дIакхачадо царна. Тахана, ши танк а, инженерийн машенаш а бен уьш йацахь а, - Iаламат доккха зен ду и", - билгалдаьккхира Левиевс.
Белгородан кIоштахь дIахьочу диверсийн операцийно мел зенаш дина аьлла, мах хадабойла дац йиллинчу хьасташкара хаамашца, элира Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь возуш воцчу тIеман аналитико Михайлов Кирилла.
"Хьолах лаьцна дукха кIезиг информаци ло шина а агIоно. Билгалдоккхур ду, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша нах бехачу меттигашна тIехь контроль латтош хиларх, Интернационалан легионан тIемалоша хаамаш ма-барра, видео зорбане ца йаьккхира", - тергалдо къамелдечо.
ТIекхача аьтто болчу информацица, Оьрсийчоь шуьйрачу тIамаца Украинана тIелеттачул тIаьхьа, дозана тIехь дIайаьхьна операци уггар а йаккхийчех йара, билгалдоккху тIеман аналитико Матвеев Яна. Цо билгалдоккху, мел кIезиг а, кхо агIо йу билгалйаьлла, лаамхойн дозанехула чекхбевла чубаха аьтто хилла. Цул совнах, цуьнан жамIашца, оцу тIелатарехь Украино баккхий ницкъаш йукъабалийнера.
"Горьковскийх дерг аьлча, суьрташ ду, цара а гойту, "Оьрсийчоьнна Маршо" легионан а, кхечу дакъойн а тIемалой эвлахь цахилар, йа йоллу территорина тIехь контроль латтош цахилар", - билгалдаьккхира Матвеевс.
Цуьнан дешнашца, хьал хIинца а хийцалуш схьадогIуш ду, цундела изза нах бехачу меттигашкахь тахана оцу, йа вукху агIонан салтий гучубовла тарло - оперативехь цунна тIехь контроль латтайойла дац.
КХИН А ХЬАЖА: ТIом тергал цабар: Кавказан а, къилбан а регионийн куьйгалхошна Белгородана динчу тохарх хетарг- Бахначу стигалкъекъа-баттахь Украинехьа тIемаш бечу диверсин-таламхойн тобанхой Белгородан кIошта кхаьчнера. Цул тIаьхьа ЧВК "Вагнеран" долахочо Пригожин Евгенийс а, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а хьийхира шайн дакъош дозанаш Iалашдан хьийсаде аьлла.
- Белгородан кIошта дехьадехира мангал-баттахь нохчийн "Запад-Ахмат" дакъа. Кадыровхоша дIалаьцнера "мел дика хиллехь а кхоалгIа-пхоьалгIа дуьхьалойаран эшелонаш", тIеман гонашкара хьасташна тIетевжина хаамбира "Пепел" телеграм-канало. ТIаьхьо цунах лаьцна дийца даьккхира кхечу гIирсаша а.
- Белгородан кIошт "Iалашйан" кадыровхой баьхкина бутт баьллачу хенахь Украинан агIор тIемаш бечу Ичкерин агIончийн дакъоша керла рейд йира Белгородан кIошта. Цара дийцарехь, кадыровхой цигахь духьалкхетта бац царна.