Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь Патрушев Николай ГIебарта-Балкхаройчохь хилира, цигахь Къилбаседа Кавказерчу кхерамзаллех дуьйцуш кхеташо дIайаьхьира цо. Оцу барамехь къамел дечу цо масех дIахьедар дира, шена хетарехь, регионехь лаьттачу кхерамех а, церан бахьанех а лаьцна.
Хьаькамо чIагIдо, стохка Къилбаседа Кавказехь экстремистийн зуламаш кхоазза алсамдевлла аьлла. Пачхьалкхан информацин ТАСС анеталло далийначу цуьнан дешнашца, дукха хьолахь дуьйцург ду Оьрсийчоьнан низамашдахерхь криминале дерзийна аларш: "бакъонна дуьхьал лелийначийн доккхаха долу дакъа информацин майданашкахь экстремистийн гIуллакхаш леладе бохуш, кхайкхамаш барна ду".
Хьал талхон гIортарна Малхбузе бехкейина Патрушевс. "Къепе йохайе, бакъонна дуьхьал зуламаш леладе, терроран тохарш де бохуш, кхайкхамаш бар", чIагIдо Патрушевс, "англосакийн а, царна тIаьхьа хIиттинчийн а координацица а, гIо латторца" ду.
Патрушевна хетарехь, "Къилбаседа Кавказехь дезинтеграцин процессашна питана дан хьийза Малхбузе, оцу Iалашонашна эмигрантийн а, националистийн а боламех а, иштта дозанал арахьа лечкъина лелачу зуламхойн вовшахтохараллех пайда а оьцуш".
Делахь а, хьаькамо дIахьедарца, кхерам цхьана эмигранташкара хилла ца Iа, къинхьегаман мигранташкара а бу. Юкъараллийн а, динан а организацешца цхьаьна дозанал арахьара Iедалшца йоьзна йоцчу юкъараллашца "националистийн а, сепаратистийн а ойланаш меттахйаха, динан а, социалан а гамо йаржон, Оьрсийчоьнан ламастин, оьздангаллин мехаллашна, культурина, историн иэсана зен дан" Iалашонца лелаш бу уьш боху Патрушевс.
Иштта Патрушев къера хилла, "экстремистийн идейш йаржаран бахьанашлахь бахархошлахь лаьтта къоьлла а, юкъараллехь мисканаш а, хьоладай а бекъабаларна а, эвсара доцу хьелаш а, коррупци а" хиларна ду аьлла.
Нальчикехь дIайаьхьначу СКФО-н кхерамзаллехула кхеташонехь дакъалецира президентан векало Чайка Юрийс а, регионийн куьйгалхоша а, федералан министраллийн а, урхаллийн а хьаькамаша а.
- Дечкен-баттахь хаамбира Кавказ.Реалии сайто 2022-чу шарахь "экстремизмаца" доьзна зуламаш алсамдовларх- Нохчийчохь ворхIазза, Ставропол-махкахь – шозза сов.
- ГIуран-бутт бовш Дагестанехула йолчу ФСБ-н талламхойн декъан хиллачу 39 шо долчу белхахочо, лакхара лейтенанта Наврузбеков Эмрана дийцира бакъонашларйархошка, республикехь "терроран гIуллакхаш" муха дуьхьал доху а, оцу тIехь ницкъахоша премеш дахарх а, даржашкахь лакхабовларх а.
- Къилбаседа Кавказан регионашкахь терроризмаца къийсам латтабо бохуш, бехктакхаман гIуллакхаш шайггара дуьхьал дахарх юристаша дIахьеден дуккха а зама ю. Украинан дуьхьал тIом боьдучу хьелашкахь мел бакъ бу ФСБ-но бен хаамаш, дийцира Кавказ.Реалиига бакъоларйархоша.
- Къилбаседа Кавказера мехкаша белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, хьехархойн алапаш лахара хилар тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, иштта кхин дIа а, нехан таронаш ледара хиларехь, пенсийн барамаш кегий хиларехь а тIаьххьара могIарш дIалоьцу дуккхаъчу шерашкахь. Эксперташа билгалдоккху, федералан баккхийчу барамашкахь хьежочу дотацеша Iаткъам беш цахилар мехкан токхона а, бахархойн оьшург эца таро йарна а.
- Свобода Радиона йеллачу интервьюхь антрополога, фольклористо Архипова Александрас дийцира, Путинан пропагандо шайна пайдаэцаран Iалашонашца конспиррологин теореш а, штампаш а кхуллуш, царех муха пайдаоьцу, царлахь ду "англосаксы" дош а. Консервативан идеологан Дугин Александран уггар а хьомечу кхетамех бу иза, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дуьххьара массарна а хазош хьахийра и дош стохка гезгамашин-баттахь.