Кеннеди: Хеназа хадийна дахар
Кеннедин да, Джозеф (2-гIа аьрр), цуьнан нана Роуз (3-гIа аьрр), 1938-чу шарахь Лондонехь Джонан йижаршца-вежаршца (аьрру агIора) Кэтлинца, Эдвардца, Патрицица, Джинца, Робертаца.
Кеннеди (аьтт), цуьнан воккхахволу ваша Джозеф жиманиг (аьрр) шаьшшиннан деца ДжозефцаИнгалсан махкахь. Джозеф Дуьненан 2-чу тIамехь вуьйр ву 1944-чу шарахь.
Кеннедис (аьтт) тIеман гIуллакх дира лейтенантан даржехь хIордан флотехь.
Кеннеди Демократийн партино хьалхатеттинера президентан харжамашкахь. Нью-Йорк, 1960.
Кенннедина дуьхьал лаьтташ республиканхо Никсон Ричард вара.
Кеннеди хаьржира Цхьаьнатоьхначу Штатийн 35-гIа президент. Дарже хIуттуш, дуй биира 1961-чу шеран Дечкен-беттан 20 чохь.
1961 шеран Стигалкъекъа-беттан 26 чохь Кеннедис конгрессе ахча дийхира, 1970-гIа шо тIекхачале, стаг Бутт тIе вахийта.
Кеннеди а, Советан куьйгалхо Хрущев Никитий вовшахкхийтира дуьххьара Венехь 1961-чу шарахь.
Кеннеди шен йоIаца Кэролайнций, кIантаца Джонций КIайнчу ЦIийнахь. 1962.
Кеннеди КIайнчу ЦIийнахь. 1962.
Президент Кеннеди къамел деш ву Берлинехь 1963-чу шеран Мангал-беттан 26 чохь. Кхузахь аьллера цуо "Ich bin ein Berliner" (Со берлинхо ву), Малхбузерчу Германина гIортор ешший, екъаеллачу Берлинехь Iаш болчу нахах ша кхеташ хилар гойтушший.
Кеннеди а, цуьнан зуда Жаклин а Далласехь. Масех секондехь топ тухур ю президентана.
Кеннеди дIаволла вуьгуш Вашингтонехь. Лахьан-беттан 25-гIа, 1963.
Йисина йолу Жаклин шен шина бераций, мар-вежаршца Эдвардций (тIехьа аьрр), Робертций (тIехьа аьтт) тезетахь.