Керла "кремлан ламанхо"? ХIун ду Кадыровга хьоьжуш Украинера тIом чекхбаьлча?

Путин а, Кадыров а, архивера сурт

Цхьана батта чохь шен телеграмера каналехь цхьаъ а, ах миллион язвалархо гулвинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах коьрта хедлайнерех, фронтера хаамаш кхехьуьйтучех цхьаъ хилла. Графоманан тексташ – наггахь моттаргIнашца, беламе, наггахь питане, сий доцуш а – зорбанаша (оьрсийн хилла а ца Iаш, украинхойнаш а) цитаташца дIасакхоьхьу, ткъа дIалецна нах бехачу меттигашкахь яьхна видеош Кадыровс тIеман министраллин гIирсел а сих-сиха арахоьцу.

Иштта, бахначу баттахь Кадыров Украинерчу тIеман тийсадаларшна тIехь публикера жигараллийца политикан баллаш яха гIертара, хета эксперташна. Цара бахарехь, Iедалан трансфер герга хIоьттинчу хьелашкахь цуьнан аьтто бу шен таронаш кхин а шоръяр деха, масала, ерриг оьрсийн Кавказера (цхьахболучара тIеэцначу Абхазин а, Къилба ХIиричоьнан а) куратор хIоттор, йа Iарбойн дуьненахь президентан лерина векала.

Цхьахболчу эксперташна хетарехь, чоьхьарчу ловзаршкахь кIезга Iилма долуш, билггала кIоршаме волчу Кадыровс тIаьххьаре тIаьхьакхийса мега европехьа лелар долуш, зIенаш йолу куьйгалхой, даймехкан исторехь нисса бIе шо хьалх ма-хиллара.

Кадыров Сталин вац?

Кадыровс масийттаза дIахьедира, федералан тIегIане вала догойла йолуш вац, Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржах тоам беш ву ша, аьлла.

"Хьалха а баьхнера аса, хIинца юха а боху, суна сой ца го федералан муьлххачу даржашкахь – президентан а, министран а, иштта кхин дIа а", - масала, яздора Кадыровс ши бутт хьалха. Амма Москвано а Чиллан-беттан 24-гIа де тIекхаччалц бохура "Iамораш бен дац уьш".

Оьрсийчуьра публикан роль – иза нах кхерор ю

Официалера даржаш, кхин а чIогIа дуьненаюкъарнаш, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна зуламе хир ду. Цуьнан Оьрсийчуьра публикера роль – иза нах кхерор ю, ткъа иза жимма бIостане нисло "коьмарша, кIеда-мерза" хила везачу дипломатин Iалашонна. Цул сов, вайна хIинца кхин башха гуш дац кадыровхойн тIеман хьуьнарш. Оцу тIе тидам бахийтина ур-атталла тIемалойн цхьахволчу куьйгалхочо Ходаковский Александра, дагадоуьйту Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь "Либеральная миссия" кхеташонан декъашхочо Жаворонков Сергейс.

"Иштта делахь а, ас Кадыров оьрсийн политикан чоьташкара дIавойъур вацара. Хьалх хилла волу кремлан ламанхочунна а кIезга хадабора мах. Туркменин а, Узбекистанан а зенделлачунга вай хьевсича, конституцица а догIуш президентан тIедахкарш кхочушдечунгхьа ца хила а тарло "транзит".

Политолога Калачев Константинна хетарехь, политик Нохчийчоьнан куьйгалхо вуьссар ву. Муьлххачу кхечу дарже иза дIа татта гIертар – иза гIелван лаарна тIера схьа ду, бахьана муьлхханиг далахь а.

"Цуьнан хIинц йолу тароне кхочуш, йа цулла тIехдаьлла федералан дарж цхьаъ ду – Оьрсийчоьнан президентан дарж. Амма вай 1920-чу шерашкахь дац, ткъа Кадыров Сталин а вац, амма цо таханалера цуьнан роль жима ца йо. Диснарг спекуляции санна тIелоцу аса", - билгалдаьккина Калачевс Кавказ.Реалиин еллачу комментарехь.

Карлваьккхина Рамзан


"Мысли Ислама" ютуберчу каналан автор, оппозицин блогер Белокиев Ислам шек ву Кадыровга муьлхха а федералан дарж кховдон реза хир бу бохучух, юхьанца Iилма ца хиларна иза шен корматаллийца вогIуш ца хиларана мукъане. Юккъера ца доккху, Кремло оцу тайпа перспективашца цуьнан шега болу безам кхиош лела, билгалдоккху блогеро.

Кадыров царна шен меттехь веза. Оцу гIуллакхна караIамийна ву иза

"Кхиъначу стага кхиазхочунна белша тIе доттагIаллин куьйг тохар санна гуш ду иза. Дика кIант ву, стаг хилла хьоьх, зуда ялон а мегар ду, бохуш санна. Амма вериг кхеташ ву иза хIинца а жима вуйла, цунна зуда ялон дагахь цхьа а воцийла, - кхин дIа дуьйцу къамелдечо. – ХIан-хIа, Кадыров царна шен меттехь веза. Оцу гIуллакхна караIамийна ву иза".

Амма Белокиевс юкъара ца доккху Нохчийчохь куьйгалхо хийцорг хилар, и цIе лелош волу тIевогIу стаг а хIоттош.

"Оцунна тIаьхьа кхиархьама вайн ваьшка хаттар дала деза «Ткъа стена оьшу иза Кремлана?». Хууш ду, из баккъала а нохчийн дахар тадархьама доцийла. Цул сов, Украинехь тIом болабелчхьана республикерчу бахархошна тIехь шога Iуналла латтош ду, тIаьххьарчу шерашкахь цкъа а ца латтийначу агIора", - боху Белокиевс.

Кадыров Рамзан лерина операции чекхяьлча кхин Кадыров Рамзан хир вуйла – факт ю, амма ур-атталла теорехь а СКФО-н полпредан дарже сатийса мегар ду баха ца оьшу, тешна ву политолог, журналист Гусий Андрей.

"Полпред – иза нейтрале, паргIат политикан васт ду. Кадыров оцу тайпа стаг ву ала йиш яц. Иштта, Кавказо иза хIоттор паргIат тIеоьцур ду мота а ца оьшу. Хетарехь, Кадыров муьлхха агIор хьал хийцалахь а, де-факто Нохчийчоьнан куьйгалхо вуьссар ву. Оцу метте кхинверг хIоттийча а, Кадыровх дагавала дезар ду", - билгалдоккху спикера.

Федералан урхаллера дарж цунна лур дац, полпредан дарж ца даларан бахьнаца. Кадыров Рамзан –нуьцкъалле персона ю, амма вац политик, урхалхо. Оцу факто жаIар хIоттайо цуьнан карьерина тIе, тIечIагIдо Гусийс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIантан керла формале хийцавалархо еккъа техническан роль лелош хир ву, цхьамогIа эксперташа респубоикан премьеран Хучиев Муслиман цIе йоккху, юххарчу гонера уггаре зенделларг долу системан урхалхочун санна. Цул сов Хучиев 2020-чу шеран Дечкен-баттахь хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочун декхарш кхочушдийриг, Кадыровн "цхьана ханна болх бан йиш йоцучу" юкъанна.

Путинан опричникаш

Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь лаьтта IADAT боламехь билгалдоккху: Кадыровн цхьана даржера вукху дарже валар, формале далахь а, чIогIа лазаме ду. Цунна ша паччахь хета, КадыровгIеран династин хьалханча хета, урхалла дIакхехьа хIинцале а кечлуш бу цуьнан кIентий. Оцу концепцина юкъа ца нисло дуьйцуш долу Хучиевца формале хийцавалар.

Путинна гуш ду, шен куьйгкIелахь, чIогIа Iилма доцуш, нисс дIа кIоршаме велахь а, шеца чакхенга кхачалц дIавогIун верг вуйла

"Украине чугIортарехь Путинна цхьа плюс билгалдаккха мегар ду – хIинцлерчу президентан Iедал диссийтархьама Кадыров муьлххачу хIуманна реза ву. Кадыровн кхета ша Путинах вихкина хилар, ткъа Путинна гуш ду шен куьйгкIелахь, чIогIа Iилма доцуш, нисс дIа кIоршаме велахь а, шеца чакхенга кхачалц дIавогIун верг вуйла. Иза деккъа цхьа плюс ду цунна, диссинарш дерриг минусаш ду", - тIе тидам бахийтина боламехь.

Иштта делахь а, IADAT-хь тешна бу, Кремлехь "Кадыровн пиар-тобанийн" тIеман кийча хилар а, эвсаралла баккъала дош хеташ нах хиларна – иштта сих-сиха цIе йоккху Украине хьежийначу нуьцкъахойх, церан махболу толамаш ца хиларна а, хIора денна Нохчийчоьнан телеграмехь арахоьцуш хьесторан посташ хиларна а.

"Иван Грозныйн хенахь хилла, луьрачу кепашкахь шайн къам кхерамехь а латтийна, тIаккха арахьара гIорадолу мостагI тIелетча дIасабевдда хилла опричникаш бу кадыровхой а", - кхин цхьаъ исторера параллель ялайо боламехь.

IADAT-хь боху, Кадыровн кхечу дарже трансфер Москвана цхьа а маьIна долуш яц.

"Iарбойн дуьненара президентан векала? Иза цунна сийсазе, аьшнашваран дарж хир ду, озза функциш цуьнга Нохчийчоьнан куьйгалхо волуш а яло. Ткъа Кадыровн таронаш йоллу Кавказехула шоръяр цунна интересе а, бакъ хила мегаш а ду. Иза хила тарло, Путино хIиттийнарш меттигера нах сецорца ларош ца хилахь, Кавказехь тийна хир дац. ТIаккха Путинан аьтто хир бу Кадыровх цуьнан дукхаезачу опричникан ролехь пайда эца", - билгалдоккху IADAT-хь.

Украинера хиламаш чекхдаьлча Кадыров, шеко йоцуш, Оьрсийчоьнна чоьхьара шен таронаш шоръян гIертара ву. Карара Iедал дIадалар валар санна ду цунна, цундела цуьнан юьхьанцара декхар и Iедал чIагIдарца доьзна ду, билгалдаьккхира боламехь.

  • Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа баьллачу баттахь тIамах лаьцна 250 гергга арахецар дина Кадыровс шен телеграм-каналехь. Царна юккъехь цо масийттаза кхерамаш тийсина Украинерчу тIемалошна а, мехкан куьйгаллина а. ТIеман тийсадаларшца йоьзна шортта цуьнан посташ хIиттийна фейкаш ю элира эксперташа. Политологаша бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо жигара лелаво оьрсийн пропагандо кхерамаш тийсаран дакъалг санна, ткъа ша Кадыров шена пиар еш хьийза.
  • Нохчийчоьнан хаамийн министра Дудаев Ахьмада дIахьедира, Зазадоккху-беттан 28-хь Кадыров Мариуполе кхечира бIаьхойн тIеман доьналла айдархьама, хаамбо ТАСС-о. Дудаевс бахарехь, меттигехь Кадыров цхьанакхийтира 8-чу эскаран куьйгалла дечунца, Нохчийн республикерчу леринчу тIеман тобанийн командирашца а, цаьрца кхеташо дIаяьхьира цо.
  • Хьалххо хаамбора Кадыровн кхечу Украине вахарх лаьцна – Зазадоккху-беттан 13-хь иза, дийцарехь, Гостомель гIалана йистехь хилла. Амма, Кадыровс лелочу телефонан геолокацина тIе а тевжаш Украинерчу хьостанаша бинчу хаамца, и дIахьедарш ца догIу бакъдолчу хьолаца. Кремло бакъ ца дина цуьнан цига вахар, ткъа Украинехь яьккхина ю бохуш юьйцу и видео нохчийн оппозиционераш фейк ю элира.