Your browser doesn’t support HTML5
Ма-дарра аьлча, тIетоха а, дIадаккха а хьашто йоцуш, дукхахболчу бахархоша уггаре сирла, самукъане, безаме лоручех ду Керла шо даздар. Цуьнца доьзна адамаша сатуьйсу къаьхьаниг, вониг, маьттазниг чекхдолучу шарца а дуьсуш, тIедогIучу Керлачу шаро шайн дахаре ирс-аьтто, беркате хийцамаш баре.
МогIарерчу нахаца хеттаршка вийларо гойту церан сагатдийриг, цара сатуьйсург хIун ду. Массара а бохург санна,вовшашца уьш дагабийлина а моьттур долуш, билгалбохура юкъара кхетамаш. Масала, бахархоша сатуьйсу Керлачу шарахь ладегIам а боцуш, махкахь болх-некъ болуш синтеме дахар хиларе.
Гуттаренна а дIадаьллачу шарца дуьсийла лаьа нахана цхьангара цхьаъ даьлча, бехк-гуьнахь доцчу гергарчарна тIеIаткъам бар а. Керлачу шарца шайн йозаелла ойланаш йовзуьйтуш ю Соьлж–ГIалара Хадиштий, Яхиматтий.
Хадишат: «Хаза бан белхаш а болуш догIийла лаьара суна Керла шо. Мерза Iаш а долуш, могуш а долуш, вуьйш-воккхуш стаг а воцуш, ладегIам а боцуш,чуоьгуш кеманаш а доцуш…»
Яхимат: «Адамашна садоIийла а яьлла, тIаме кегийрхой дIа а ца хьежош, тхан белларш ишта тоьур бара. Цхьаммо цхьаъ дича гергарниш махках бохуш хьийзабойла а ца лаьар-кх тIедогIучу шарахь. Нехан хIинца – тIаккха хIун хуьлу те боху ладегIам дIабаьлла догIийла и Керла шо. Маьрша догIийла иза»
Керла шо вер-ваккхарш а, лецарш а доцуш, синтеме а маьрша а догIийла луъчех ю Соьлжа кIоштера йохкаэцархо Марха.
Марха: «Совнаха хIумнаш дIа а девлла, вер-ваккхарш а.лецарш а доцуш синтеме,маьрша догIийла лаьар-кх».
Мехалчех мехала лору Шелан кIоштерчу дубин эвларчу Саламбека къоначарна болх-некъ хилар. Цо сатуьйсу цу декъехь тIедогIучу шарахь бIаьрла хийцамаш хиларе.
Саламбек: «Баккхийнарш-м пенсехь а болуш, хала-атта хене бовлуш цхьа лол бетташ бохку. ХIинцца доьзал кхоьллинчу кегийчу нехан ду-кх къа. Царна болх хуьлуьйтур бар-кх ас сайн аьллар хилча тIедогIучу сарахь. Чохь доьзал бу,болх-некъ бац,цара хIун дан деза? Уьш бу-кх миска нах. Гуттар гIаддайча юьхьарлоцу хир бу-кх цара харц некъ. Хаац суна-м».
Керлачу шарахь Iедалхой а, могIарера нах а вовшашна муьтIахь, барт болуш гойла луъчех ю Теркйист кIоштара къано Секимат.
Секимат: «Сайн доьзал сайна муьтIахь а болуш, со доьзална муьтIахь а йолуш доуьйтур дар-кх ас Керла шо. ТIехIоьттина Iедал а муьтIахь а долуш. Дала бусалба динехь дойла вай. Бертахь хуьлийла лаьа-кх сунна. ТIом ца хилчахьана кхидергга-м лан хала дацара»
МогIарерчу бахархошна даггара лаьа шайн махкахь Керла шо, цу дешан шуьйрачу маьIнехь, шена хетарг дIаала а, ваха-ван а, бакълена а маьрша догIийла.