Керла совгIат делла Кадыров Адамна – хIинца цуьнан вежаршна а цхьаьна

Кадыров Адам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIаршна КадыровгIеран Ахьмадна а, Элина а, Адамна а керла совгIаташ дина - республикерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада орденаш йелла царна "Даймехкан Сий" аьлла.

"Ахьмад, Эли, Адам къеггина масал ду тIекхуьучу тIаьхьенна! Дукха жимчохь дуьйна динан низамаш толлуш, дезачу КъорIанан Хьафизаш бу уьш, цара дешарца а, спортехь а, йукъараллин дахарехь а кхиамаш боху!"- комментарий йина совгIат даларх лаьцна Нохчийчуьра къоман политикан, информацин министро Дудаев Ахьмада.

18 шо долу Кадыров Ахьмад – мехкан урхалхочун гIоьнча а, регионалан Кремлехьа йолчу кхиазхойн декъан кхеташонан куьйгалхо а ву; 15 шо долу Адам Кадыров дукха хан йоццуш щен дена кхерамзалла латточу декъан хьаькам хIоттийна; 16 шо долу Эли Нохчийчохь пачхьалкхан даржехь вац, иза латаршкахь дакъалоцуш ву.

"Даймехкан Сий" орден – Нохчийчоьнан парламентан лаккхара совгIат ду.

  • Кадыров Адама кху аьхка йиттира КъорIан дагорна лаьцна латточу Журавель Никитина. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана масех совгIат дира: дуьххьара республикин "турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакъаш дарна" I-чу бараман орденца а.
  • Кху аьхка Кадыров Ахьмада бехк баьккхира кхиазхочуьнгара, карахь бакъо йоцуш машен хоьхкуш хилла аьлла, полисхчоша лаьцнера иза. Оцу йукъанна иза ша а гинера жимачу машенан урхалла деш, оцу категорихь бакъонаш йаха йиш йу Оьрсийчоьнан низамашца 18 шо кхаьчначул тIаьхьа. ТIаьххьарчу заманчохь, Кадыров Рамзана чIагIдарехь, цуьнан 18 шо долу кIант гуманитаран гIо латтош ву Палестинина.
  • БIаьста Нохчийчоьнан урхалхочун шина кIантана Ахьмадна а, Адамна а некха тIехь лело билгалонаш йелира "Терроризмаца къийсамехь кхиамаш бахарна" аьлла. И шиъ "даймехкан патриот" ву, шайн деден некъа тIехь вовьдуш аьлла, кхетийра Соьлжа-ГIалахь совгIаташ дарх.