Москван Южное Бутово кIоштара бахархой дуьхьал бевлла Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан цIе тиллинчу урамехь маьждиг дайта. Iедалхоша чIагIдо, цкъачунна и хьаладан дагахь дац бохуш. Хьалхо Кадыров Рамзана дIахьедира, цигахь маьждиг дайта реза хилла Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир аьлла.
"Осторожно, Москва" телеграм-каналан хаамашца, меттигера бахархоша сагатдо, царна хетарехь, Южное Бутовехь маьждиг дахь машенийн раьгIнаш лаьттар йу цигахь. КIоштахь метро бен йац, транспортан маша хIинцале а буьзна бу.
Иштта жигархойн сагатдо, метро уллора паркехь маьждиг дахь, гIалин бахархой садоIучу меттигах бовлу бохуш. Цигахь нах чохь беха цIенош ду, маьждига чуьра схьахезачу аппаратуро новкъарло латтор йу бахархошна.
Жигархоша дахьийтинчу кехатна Москван гIалин архитектурин а, гIишлошйаран а комитетера а, префектурера а даьхкина жоьпаш зорбане доху канало. Оцу кехаташ тIехь йаздарца, Кадыровн урамехь маьждиг дарх кхин къаьстина цхьалха даьлла хIума дац, оцу кепара проектан документаци Iедалхошка хIинца а йа кхачна а йац.
MskI.ru гIирсо а хаамбо, Южное Бутово кIоштара бахархой реза цахиларх маьждиг дан дагахь хиларна – корреспондентана йеллачу комментарешкахь цара билгалдаьккхира кIоштахь транспортаца йоьзна проблемаш хила тарло аьлла.
- Москвахь керла маьждиг делларх йолу идей къобалйина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, аьлла дIахьедира Кадыров Рамзана гезгмашин-беттан чакхенгахь. Южное Бутово кIоштарчу шен ден Кадыровн Ахьмадан цIарх болчу урамехь доьллур ду иза, бохуш чIагIдора Нохчийчоьнан куьйгалхочо. И хаттар Кадыровс а, Путина а дийцаредира Москвахь хиллачу цхьаьнакхетарехь, аьлла дара Кадыровн телеграм-канале хIоттийначу публикацихь.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан Москварчу Къилбаседа Бутоверчу хIолламна улле хьакхин корта а, бекон а йиллинера вевзаш воцчу стаг гIадужу-баттахь. ЦхьамогIа телеграм-каналашкахь гучуйелира и деш йаьккхина видео, Барнаулера 19 шо долу жимстаг лецира цунна бехкевина. Москвахула йолчу ницкъаллин хьукматийн сайташкахь хиллачух дуьйцуш дацара.
- Кадыров Рамзана шога критика йо дозанал арахьа бусулбачу динан хьокъехь харцо лелийча, амма гуттара а тидамза дуьту цо Оьрсийчохь бусулба нах хьийзор. Нохчийчохь Iедало магийна йоцу динан кеп лелочу наханна тIехьабевлла хьийза ницкъахой.
- Нохчийчоьнан куьйгалхоша йемалйира кху шеран товбеца-баттахь Подмосковьехь полицино йина рейдаш. Полицино лелийнарг "питана" ду элира Кадыровс, адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура – "тIелатар", "варварийн рейд" йу и элира, ткъа Оьрсийчоьнан думин депутато Делимханов Адама "погонаш лелон боьха хIуманаш" элира царах. Москвахь цIеххьана вовшахтоьхна бусалбанийн марш хилира оцу рейдашна дуьхьал, Кадыровс йемалйира иза а, "цецвер вац" элира ша, къепедацарш хилийта акцин декъашхошна йукъахь "мах белла питанчаш" хиллехь.
- Охан-баттахь Москван мэро Собянин Сергейс дIахьедира, шахьаран Косино-Ухтомскан кIоштахь дан лерина хилла маьждиг кхечу меттигехь дийр ду аьлла. Хьалхо оцу протестхошна кхел йе, йа уьш тIамтIе хьийсабе аьлла, кхайкхам бинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан сацам "чIогIа дика бу" аьллера.
- Кавказ.Реалиин сайто масийттаза йаздира Кадыров Ахьмадан культ кхолларх. Эксперташна хетарехь, "динан билгалошнашца" лелайо иза, республикера арайолуш а йу и культ.