Керлачу шеран буса Украианана тIе бомбанаш етта аьлла, кхайкхамбина Жириновскийс

Жириновский Владимир

Пачхьалкхан думан депутато, ЛДПР партин лидеро Жириновский Владимира Хьалхарчу каналан эфирехь кхайкхамбина, Керлачу шеран ГIуран-беттан 31-чу буса Украинана тIе бомбанаш етта аьлла. Нагахь санна, ша пачхьалкхан президент хилча, шеко а йоцуш, оцу тайпа омра дийр дара ша аьлла, билгалдаьккхина оьрсийн политико.

"Сатосуш 4 сахьт долучу хенахь, массо а кеп хилла Iачу хенахь", - аьлла, тIетоьхна цо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кху беттан 26-чохь йоьдучу пресс-конференцехь дIахьедира, Украина Оьрсийчоьнах йа Нохчийчоьнах схьатухуш "хаттаран йист яккха" кийча ву ша аьлла.

"Украина вайн пачхьалкхех схьатоха езаш ю, и вайн территори ю", - аьлла Кадыровс, нагахь санна, оцу хаттарх йист яккхар шена тIедиллинехь, ша тоххара дерзийна хир дара аьлла, тIе а тухуш. Цо бахарехь, новкъарло йо цунна "пачхьалкхашна юкъарчу берташа".

"Йа Украинех дIатухур яра Нохчийчоь, йа тоххара схьаяьккхина хир яра, циггахь и хаттар чекхдаьккхина а хир дара", - дIахьедина Кадыровс.

И дешнаш хазийна цо Оьрсийчоьнан а, Украинан а дозанашкахь хьал телхина догIучу юкъанна. Малхбузен къайлахчу сервисаша дIахьедо, луларчу пачхьалкхана чугIорта Москва кечам беш ю аьлла. ТIамна кечлуш хилар бакъ ца до Кремло.