Нохчийчохь бехктакхаман гӀуллакх долийна юьртарчу хьехархочунна Жабраилов Мансурна дуьхьал, шен телеграм-каналехь керста динах а, керста нахах а дина дӀахьедарш бахьана долуш. Де хьалха Жабраилов Мансуре камерана хьалха гечдар дехийтира.
Республикехула йолчу Талламан комитетан урхалло хаам бина и гӀуллакх долорах лаьцна; динехь болчу нехан синхаамаш сийсазбар хьокъехь йолчу артиклца, цхьана шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан тухуш таӀзар дар билгал а доккхуш. Жабраиловн фамили а, йа цунна дIасавалар доьхкуш бинчу сацмах а билгалдаьккхина дац хаамехь.
Жабраилов Мансур нохчийн Шовхал-Берд юьртахь физкультура а, хими а хьоьхуш вара, ишта цо лелош хилла телеграм-канал а, хӀинца иза дӀайаьккхина йу. Цигахь хьехархочо зорбане йаьхнера видеош а, шен кхетамехь Библин хьесап деш а, беламе комментареш а йеш. Цхьайолу видеош школехь дӀайазйина хилла цо.
Жабраиловс дина дӀахьедарех шуьйра дийца долийра гIадужу-беттан 6-чохь, пропагандисто Голованов Романа Нохчийчоьнан Ӏедалша цунна тидам ца барна критика йича. Цул тӀаьхьа регионан зорбанан министран Дудаев Ахьмадан дийзира Жабраилов лаьцна хиларх а, школера дӀаваккхарх а хаам бан. Голованов бехкевира Дудаевс, долу хьал ца хууш дIахьедарш дарна, иштта цо дӀахьедира, хьехархочунна дуьхьал таллам гезгамашин-бутт чекхболуш болийнера, аьлла.
Цу хьокъехь, Пачхьалкхан ЧГТРК "Грозный" йаьккхина сюжетехь, гойтуш дара Жабраилов учехула кхерамзаллин белхахочо дӀавуьгуш. Хетарехь, цигахь дӀайаздина цо къинтӀера довлар дехар– Жабраиловс жоьпалла тӀе а лаьцна, хиллачунна провокаторш бехке бира, царна жоп луш, и видеош зорбане йаха сацам бинера ша бохуш.
- Волгоградера Журавел Никитана 3,5 шо хан туьйхира КъорӀан дагорна. ГӀуллакх теллина Нохчийчохь – низамца а доцуш. Соьлжа-ГӀаларчу СИЗО-хь Журавелна йиттира хӀетахь 15 шо долчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кӀанта Кадыров Адама. Бакъонашларъйаран "Политикан тутмакхашна гӀо дар" Мемориалан проекто къобалвина Журавель политикан тутмакх санна. ГIадужу-баттахь хиира Журавельна кхел керлачу бехкаца йийр йуйла – пачхьалкхана йамартло йарна.
- Краснодарехь блогер Гнеев Борис (бусалба дин тӀеэцначул тӀаьхьа – Мансур) бехке вина, цабезам а, мостагӀалла а гӀаттийна аьлла. Иза лаьцначул тӀаьхьа, интернетехь гучайелира цо гечдар доьхуш видео; кӀира хьалха цо массарна а хьалха критика йира националистийн "Оьрсийн юкъаралла" организацин лидерна Ткачук Андрейна. Цабезам гӀатторах лаьцначу артиклца 15 эзар сом гӀуда тоьхна Гнеевна, ткъа полисхочунна муьтӀахь ца хиларх йолчу артиклца кхин а 14 денна административан кепехь лаьцна латто хан тоьхна цунна.
- 2024-чу шеран товбеца-баттахь Москвахь лаьцна Дагестанера стример Ярмагомедов Хавьер, динан нехан синхаамаш сийсазбарна шеко йолуш. Хьалхо иза лаьцна вара керстан жӀара тIе когаш бетташ гойтуш йолу видео бахьана.
- Кавказ.Реалии сайто йаздарехь, Кадыровга нахана хьалха бехк цабиллар дехар мел кӀезга а 2005-чу шарахь дуьйна лелаш ду, Нохчийчохь хилла ца Ӏаш. "Кавказский узел" зорбано Къилбаседа Кавказехь бехк ца биллар дехийтаран хронологи хIоттийна, 2016 шарахь уьш пхиъ йара, 2017 шарахь – 15, 20I9 шарахь – 33, 2020 шарахь – 70 гергга йара. Цу кепара, 2023-чу шеран товбеца-батте кхаччалц лаххара а 94 и тайпа видеош дIайазйина, тӀамна дуьхьал болчу жигархоша а.
- Дечкен-баттахь нацизм къобалйарна а, Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарна а бехкевечу иллиалархочо Шарлот Эдуарда шена гечдар дехнера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Цо бахарехь, "цхьана хIумана йуккъехула хьахош аьшнашвинера" цо иза, йаздо Свобода Радион оьрсийн сервисо. Самаран кIоштан кхелехь цунах лаьцна дIахьедина Шарлота, цигахь луьстуш йара апелляци, иза лаьцна вуьтуш бинчу сацамна.
- Чиллин-баттахь ГIебарта-Балкхаройчуьра кхаа кхиазхочуьнан йуьхьйаьхна КъорIан сийсазден къамелаш дарна – цхьахволчу дешархочо, шен дас а санна, массарна а гуш-хезаш къинтIера довлар дехнера. "Бакъонехь тIаьхье" хир йу аьлла цуьнга