Кхечаьрга ца дайтий? Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а политикан тутмакхаш

Гайтаман сурт

Оьрсийчохь алсамдолуш ду политикан тутмакхийн терахь. 2024-чу шеран дечкен-баттахь, бакъонашларъяран "Мемориал" центран хьесапашца оцу статусехь 641 тутмакх хиллехь а, товбеца-беттан йуьххьехь уьш вара 776. Царех дукхахберш (431) динан бахьанашца хьийзош бу, бисинарш (355 )- политикан бахьанашца. Оьрсийчохь политикан хIора иттолгIа тутмакх бохург санна Къилбера, йа Къилбаседа Кавказера схьаваьлла ву (86 стаг). Низамца а доцуш бехкебечу нехан тептаран кӀорггера таллам бу - Кавказ.Реалии сайтан материалехь.

Дин а, тIаьхьабийлар а

Къилбера а, Кавказера а 86 политикан тутмакхех 46 ву динан бахьанашца гIаттийначу бехкзуламан гIуллакхашца лаьцна, 40 – политикаца доьзначу бахьанашца.

Оцу терахьна йукъа ца вогӀу Ростов-кӀоштахь политикан тутмакхаш лерина Украинан 47 вахархо. Фильтрацин пунктехь эвакуаци йеш лаьцна царех Мариуполера вахархо; шиъ тӀеман йийсархо ву; Украинин ВСУ-н хилла виъ эскархо; 18 бехкево "Айдар" батальонехь гӀуллакх дарна, 22 "Азов" полкехь гӀуллакх дарна.

Динан билгалонашца лаьцна дукхахберш (38 стаг) – бу уьш Иеговн Тешаш, царна таIзар дина экстремистийн йукъаралла вовшахтохарна а, цу йукъахь дакъалацарна а. Царах доккхаха долу дакъа Ростовн кIоштахь а, Краснодаран махкахь а дехаш дара.

Кавказерчу республикашна юкъахь дин бахьана долуш нах дукха хьийзош хиларца хьалхарчу меттехь йара Дагестан – политикан тутмакхийн тептаре ваьккхира регионан 8 векал. Царах йалх стаг бехкевинера 2014-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Москвана гена йоццучу Одинцово гӀалахь теракт кечъйарх долийначу гIуллакхца. И теракт йан лерина хилла, йа ца хилла бохучун тоьшаллаш дина дац, дIахьедира бакъонашларъяран "Мемориал" центро. Бехкбиллархоша пайдаэцнера къайлахчу тешийн шеконе тоьшаллех а, бехкебинчу нахаца доьзна доцу "материалийн фактех" а.

Кхин а шиъ – программист Тамбиев Кемал а, "Ансар" цӀе йолчу гIоьналлин фондан куьйгалхо Ризванов Абубакар а – стохка 17,5 а, 18 а шераш туьйхира царна шогачу хьелашкара набахтехь даккха. Уьш бехкебинера терроризмна ахча латторна. Бехккъасторхоша бахарехь, Тамбиевс а, Ризвановс а, сагӀадоккху а бохуш, гулдинераа шаьш Шемарчу террорхойн тобанашна дахьийтина ахча. Иштта Ризванов бехкевора Хьафизийн динан школа кхолларна а, цигахь, талламхоша дийцарехь, цара радикалан идеологи кхайкхош хилла бохуш.

Оцу гӀуллакхехь кхоалгӀа бехкевеш вара Дагестанера "Черновик" газетан журналист Гаджиев Ӏабдулмумин – Къилбаседа Кавказехь хаамийн гӀирсийн белхахошна тIаьхьабийларехь, цунах лаьцна истори уггаре гIарадаьллачех ду. 2019-чу шеран аьхка иза лаца бахьана дара, тӀаьхьо терроризм лелорна шеконаш кхоллайеллачу хьехамчех Саситлинский Абу Ӏумарх лаьцна журналисто язйина тексташ. Талламхошна хетарехь, цу кепара журналиста гӀо дина хьехамчана Шемарчу тӀемалошна гӀо дан ахча гулдан. Шогачу хьелашкахь латточу колонихь даккха Гаджиевна 17 шо хан туьйхира, цу гӀуллакхехь а, кхелехь а дуккхаза а низамаш дохийна хиллехь а.

Оцу гӀуллакхехула хиллачу кхаа суьдхочух цхьаъ Зубаиров Ризван, шен белхан накъосташна дуьхьал вистхилира: бехке вердикт бух болуш долчу тоьшаллашца дина дац аьлла хета цунна. Адвокаташа цуьнан официалехь динчу дӀахьедарх "бехктакхаман процессашкахь шатайпа прецедент" элира.

КХИН А ХЬАЖА: "Со хьалакхиъча набахте вуллур ву? Терроризмна ахчанаш латтийна аьлла бехкебинчийн хIусамнанойн дийцарш

ГIалгIайчоь а, протесташ а

ГIалгIайчоь – лидер йу Къилбаседа Кавказехь политикан тутмакхийн терахь лакхара хиларца. Уггаре резонанс йиначарех дара 2019-чу шарахь Нохчийчоьнца дозанаш хийцарна дуьхьал протесташ йарх гIууллакх. БархӀ стаг - Погоров Ахьмад, репрессеш лайначарна лерина йолчу Мемориалан комплексан белхахо Саутиева Зарифа а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, тайпийн кхеташонан куьйгалхо Ужахов Малсаг а, Нальгиев ИсмаьӀал а, Мальсагов Муса а, Мальсагов Муса а, къано Юарахоев Ахьмад, уьш гIалгIайн оппозицин хьалханчаш лерира. 7,5 шарна тIера 9,5 шарна тIекхаччалц колонихь такха хенаш йиттира царна. Уьш бехкебеш бара Ӏедалан белхахошна дуьхьал ницкъ вовшахтохарна.

"Мемориалан" бакъонашларъярхоша гӀалгӀайн гӀуллакх Оьрсийчоьнан исторехь уггар даьржина а, цкъа а хилла доцу а политикан гӀуллакх лору – церан лараршца, 8 оппозицин лидерал совнаха кхин а 41 ГӀалгӀайчоьнан вахархо бехкевира ницкъаллин структурийн белхахошна дуьхьал ницкъ баккхарна.

ГIалгIайчохь протесте бевлларш. 2019 шо

ГӀалгӀайчохь дӀайаьхьна протесташ совцийра, кхечу регионашна цара кхерам бохьуш хиларна, аьлла хета, бакъонашларъяран "Мемориал" центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна.

"Кхиаме тIехь беш ницкъ боцу протест, цул тӀаьхьа дозанаш дехьа-сехьа дахарх хаттар Конституцин кхелехь тидаме эца хьалаайдира - прецедент йу и. Цундела 2019-чу шарахь шайн ма-хуьллу дӀайохийра дуьхьало, кхечаьрга ца дайта тIаьхьа", - боху Черкасовс.

"Къаьстина регион"

Уггаре а чолхе дерг ду бакъонашларъяран организацешна Нохчийчохь болх бар. Дина зулам таӀзар доцуш дитарна, иштта нохчийн Ӏедалхоша йукъараллехь кхерамаш тийсарна а ду и. "Нохчийчохь нах кхоьру Ӏедалша дина зуламаш официалехь дӀахаийта, йа тоьшаллаш дан. Уьш кхоьру хилларг нахаладаккха. Ишттачу хьолехь адамийн бакъонаш йохош хиларан тоьшаллаш гулдан хала а ду, дан аьтто боцург а ду", - билгалдаьккхира ницкъахоша хьийзочу нахана гӀо деш йолчу "Ӏазапна дуьхьал Командо" шайн сайта тӀехь.

Your browser doesn’t support HTML5

Питанчаш, къайлаха сервисаш йа кадыровхой - муьлш бу Милашинина а, Немовна а тIелеттарш

Нохчийчуьрчу бакъонашларъяран "Мемориал" центран политикан тутмакхийн йукъарчу тептарехь 2024-чу шеран товбеца-баттахь пхи стаг бен вац: Мусаева Зарема а, Магамадов Салехь а, Исаев ИсмаьӀал а, Халидов Ясин а, Журавель Никита а.

Нохчийчуьрчу оппозицин жигархойн Янгулбаев ИбрехӀиман а, Абубакаран а нана Мусаева Зарема лачкъийра Кадыровн наха 2022-чу шарахь дечкен-баттахь. Мусаевана дуьхьал айдина гӀуллакх Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен кӀенташа оппозицин жигаралла лелор бахьана долуш шеггара бина бекхам бу, аьлла хета бакъонашларъярхошна. Иза бертаза дӀайигира Нохчийчу, цигахь бехктакхаман гӀуллакх долийра меттигерчу полисхочунна тӀелатар дина аьлла. ТӀаьхьо Мусаеве бехк кховдийра курхаллаш лелорна.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийн политикан тутмакхан Мусаева Заремин могушалла эшна йогIу де-дийне

2023-чу шеран товбеца-баттахь Мусаевна 5,5 шо хан туьйхира набахтехь даккха; Мусаева дарба ца хуьлу лазарш шен дегIаца долуш йу, шайна юкъахь инсулинах йозуш йолу диабет а йолуш. Нохчийчуьрчу кхело шозза дуьхьало йира цунна могашаллица доьзначу бахьанашца набахтера хенал а хьалха иза арайалийта.

Вежарий Магомедов Салехь а, Исаев ИсмаьӀал а бехке лерира тӀемалошна гӀо дарна, набахтехь даккха 8 а, 6 а шераш кхачийра цу шинна. И шиъ а, Мусаева Зарема а санна, лачкъийна хиллера Лахарчу Новгородехь. Вежарий ЛГБТК+ юкъараллехь хиларца а, нохчийн Ӏедалшна критика йарца а дузу царна тIаьхьабовлар "Мемориало. Адвокаташа чӀагӀдора, уьш бехке ца хиларх, царна дуьхьал долийна гIуллакх а Iедалхоша шайггара кхьоллина хета.

Нохчийчоьнан полицин белхахо хилла Халидов Ясин 2023-чу шеран аьхка Казахстанан дозанехь махкара аравала гӀертачу заманчохь тӀепаза вайра. Цул хьалха цо дийцира бехктакхаман гӀуллакхаш кхоьллина хиларх а, Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалацарх а, дарж дита гӀоьртинчул тӀаьхьа ша лайначу Ӏазапах а лаьцна. Бакъонашларъярхошна хетарехь, 20 шо долу Халидов лачкъийна нохчийн ницкъаллин структурийн белхахоша, цо Кадыров Рамзанан режим йемал йарна.

КХИН А ХЬАЖА: Чалтачашна дIавелла? 1ADAT-н а,  Нохчийчуьра веддачу ницкъахочун а дов

19 шо долчу Журавель Никитин гӀуллакх 2023-чу шарахь уггаре а гучудоккхуш долу гӀело йина истори хилла дӀахӀоьттира, боху бакъонашларъярхочо Локшина Таняс. КъорӀан дагорна шеко йолуш лаьцнера Волгоградехь Журавель. Жима стаг цу гӀуллакхна юкъагӀертаран тоьшалла – цо мукӀарло дар бен дацара.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра и гӀуллакх Нохчийчу дехьадаьккхира, дийцарехь, цу республикера бахархоша шаьш волайнарш хилар къобалдар доьхуш дина "дуккха а дехарш" хиларна. Соьлжа-гӀаларчу СИЗО-хь Журавельна йиттира хӀетахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Адаман 15 шо долчу кӀанта. Цуьнан дас йиттина видео зорбане йаьккхина ца Ӏаш, шен кӀантах дозалла до ша аьлла дӀахьедира.

2024-чу шеран чиллан-баттахь 3,5 шо хан туьйхира Журавель Никитина, делах тешачу нехан синхаамаш сийсазбарна.

ТӀамна дуьхьал бахьанаш а, кхиазхочун йамартло а

Украинина буьззинчу барамехь тӀелатар долийча, Оьрсийчоьнан Федерацин Бехктакхаман кодексехь гучуйелира Оьрсийчоьнан эскарх лаьцна "фейкаш" аьлла артикл. Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан версина дуьхьал йолу муьлхха а хаамаш лору кхелаша харц. Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а итт стагана кхел йина хIинцале а. Царех цхьаъ, Дагестанера схьаваьлла Магдиев Шамиль, бертаза дарба дан хьажийра– бахьана дара ГӀирман муфтийца Рустемов Айдерца арахецна публикаци, цо кхайкхам бора Оьрсийчоьнан бусулбанашка тӀамехь дакъа ма лаца бохуш.

Колонихь даккха пхи шой ахшой туьйхира Ростов-махкарчу 72 шо долчу пенсхочунна Майборода Евгенияна "ВКонтактехь" ши пост хIоттийнера аьлла.

Бехктакхаман гIуллакхех лаьцначу хаамашна Нохчийчохь къаьсттина хала ду тIекхача, пачхьалкхан кхечу регитонехьчул а

Оьрсийчохь пачхьалкхана йамарт ваьлла аьлла кхел йина уггаре а жима стаг Адыгейра Лик Кевин ву. Политикан тутмакх лерира иза бакъонашларъяран "Мемориал" центро. Ша лоцучу хенахь Ликан 17 шо дара. Бехккъасторхоша бахарехь, цу кхиазхочо Майкопехь Оьрсийчоьнан эскаран дакъа "дӀахӀоттийначу меттигашкара" суьрташ даьхна, немцойн къайлахчу сервисашка дахьийтина хилла уьш. Цунна 4 шо хан туьйхира набахтехь даккха.

"Политикан тутмакхашна гӀо дар. Мемориал" цӀе йолчу йозуш йоцчу проектан куьйгалхочо Давиди Сергейс Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу комментарехь билгалдоккху Къилбаседа Кавказехь политикан репрессеш доккхачу декъанна могӀарерчу бехктакхаман бехкаш харцдаран кепехь хилар, ткъа 2018-чу шарахь. Нохчийчохь уьш дукха хьолахь низамашкахь ца хуьлу.

"Оццу хенахь, бехктакхаман гIуллакхех лаьцначу хаамашна тIекхача Нохчийчохь къаьсттина хала ду, пачхьалкхан кхечу регитонехьчул а. И бахьана долуш дуккха а гӀуллакхаш тидамза дуьсу. Цо халчу доккху хьесап дар, репрессийн барамаш бустар а", - элира Давидис.

***

Политикан тутмакхашна психологин гӀо даран мехала дакъа ду кехаташ, билгалдоккху бакъонашларъярхоша. Цундела "Политикан тутмакхашна гӀо дар.Мемориал" проектан сайта тӀехь низамехь а доцуш кхел йинчу стеган адрес хаа таро йу, цул тӀаьхьа Оьрсийчоьнан а, Европерчу а банкийн картанийн долахошна сервисашкахула кехат дахьийта аьтто болуш.

Политикан тутмакхаш. Къилбаседа Кавказ.

Гочйечу хенахь цIераш йитина оха шаьш ма-хиллара оьрсийн кепехь.

Политикан тутмакхаш. Оьрсийчоьнан Къилба