Белгородан мохк Iалашбан хьовсийначу нохчийн "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша лаьцна украинхойн бахархошна цIа берза гIо деш хилла волонтер Демиденко Александр. Довзийтазчу бахьанаца кхаа дийнахь лаьцна латтийначул тIаьхьа цуьнан хIусамах хьоьвсира, цул тIаьхьа къаьркъа меллера цо аьлла, чохь даккха 10 дей-буьйсий туьйхира цунна. Карарчу хенахь хууш хIума дац Демиденкех, цунна тIе ца вуьту адвокат, йа зудчуна бакъо ца ло цуьнца зIене йала. Бакъоларйархой саготта бу лаьцначунна дуьхьал шайггара бехкзуламан гIуллакх даккхарна, иштта цунна тIехь гIело латтийна а.
Диверсантех ларбар
Дозанца болу Белгород-мохк - цхьаъ бен йоцу Оьрсийчоьнан регион йу, кху шеран стигалкъекъа-баттахь Украинехьа тIемаш беш хилла диверси-талламчийн тобанаш чугIоьртина. Уьш Новая Таволжанка эвла чубаьхкинчул тIаьхьа ЧВК "Вагнер" тобанан долахочо Пригожин Евгенийс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а хьийхира, шайн дакъош цигара доза Iалашдан дахийта аьлла.
"Маьршачу нахана а, инфраструктурина а зене ца дерзош, зуламхойн тоба хIаллакйан шатайпа хаарш а, кечам а оьшу. Кхузахь тIеман зеделларг хилла ца Iаш, антитерроран зеделларг а хила оьшу. Оцу агIор кечам болуш бу нохчийн эскархой, церан зеделларг ду республика хьаннашкара а, гIаланашкара а талорхойх цIанйар", - йаздинера Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIетахь.
Эххар а Белгород-махка дехьадаьккхира "Запад-Ахмат" дакъа. Кадыровхоша "кхоалгIа-пхоьалгIа тIеман эшелонаш" дIалецарх, тIемалошлахь йолчу шайн хьасташна тIетевжина йаздора "Пепел" телеграм-канало. ТIаьхьо цунах лаьцна йаздан буьйлабелира кхинболу гIирсаш а.
"Салташца цхьаьна нохчийн дакъоша дIалийцира шолгIачу могIарера дозанхошна тIехьара позицеш. Къаьстина позицеш дIалеца нохчийн дакъой дуьхьал хилира бохура – Оьрсийчоьнан тIеман министраллин дакъошца хила бен реза бацара уьш", - дIахьедира тIаьхьо "ДНР" аьлла, ша дIакхайкхийначу республикин "тIеман министр" хиллачу эпсаро Гиркин (Стрелков) Игоря.
Товбеца-баттахь, кадыровхой Белгород-мохк "Iалашбан" баьхкина бутт баьллачу хенахь, Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин маршонан агIончийн дакъоша рейд йира Белгород-махка. Цара бахарехь, кадыровхой цигахь царна дуьхьал ца кхийтира – цуьнан тоьшалалина видео а йаьккхинера цара.
Нохчийчоьнан куьйгалочо кхин дуьйцура. Цуьнан дийцарехь, диверсанташ "сиха бевддера" нохчийн дакъойх бIаьрг кхеттачул тIаьхьа. ТIаьхьо иштта Кадыровс дIакхайкхийра Украинан Харьковн кIоштахь шена муьтIахь болу эскархой дуьхьал жоп луш тIелеттера аьлла.
Кавказ.Реалиин сайтан аьтто хилира видео йаьккхинчу меттиган геолокаци йан, видео тIера суьрташца эскархой тIелеттера Оьрсийчоьнан дозана тIера коьллашна, 350 метар дехьа долчу цIенна а, дозана 7 чакхарма дехьа йолчу биъ некъ къаьстачу меттигна а. Цара цигахь хIун Iалашонаш хIаллакйинера – хууш дац.
Бух боцуш гIуллакх доло кхерам
Кадыровн дIахьедаршца, нохчийн ницкъахоша гIо до Украинаца дозанехь куп тоьхна белгородхойн Колотиловка эвлара КПП пост Iалашйеш. Кхузахь гIадужу-беттан 17-чохь кадыровхоша лецира Демиденко Александр, Украинера йахархо дIакхето веанера иза.
"Колотиловка" – Оьрсийчоьнна а, Украинана а йуккъера цхьаъ бен йоцу дехьаволийла йу, шуьйра тIом болийначул тIаьхьа а болх беш йу и. И кхоьллира тIеман йийсархой а, беллачийн декъий а дIасахийца, иштта цигахула Украине йухабогIу Оьрсийчоьно дIалецначу дозанаш тIера украинхой. Цхьаберш шайн гергарчарна тIебогIуш хуьлу, вуьйш кехаташ йухаметтахIиттон, цхьаверг гуттаренна а даймахка вогIуш хуьлу. Оцу нахана дозанехула дехьабовлуш гIо деш вара Демиденко.
Эскархошца "къамел дан" ваха реза хиллера волонтер, иштта дIавайра иза кхаа денна.
Демиденко лачкъорах дийцаро Iадийнера меттигера бахархой, дийцира Кавказ.Реалиин редакцига бозуш боцчу "Пепел" гIирсан коьртачу редкаторо Парменов Никитас. Иза вара дуьххьара белгородхо лачкъийна аьлла хаамбинарг а. ГIадужу-беттан 20-чохь, Демиденкон хIусамнана Вишенкова Наталья шен цIийнда вайна аьлла, массо а инстанцешка дIахьедеш арайаьлча, иза цIа валийра – хIусамах хьовса.
"Тамашен хIун дай - Александр лаьцна Краснояружскан кIоштахь, ткъа хIусамах талламбина, "Запад-Ахмат" батальонан эскархошца цхьаьна баьхкинчу Шебекино эвлара полисхоша. И бохург хIун ду, кхаа дийнахь цхьана а кепара бехкаш ца дохкуш, иза лацарах кехаташ ца хIиттош латтийна цигахь Александр. Ракетницех тера герз карийна цуьнан цIахь таллам беш, схьахетарехь, билггал цуьнан хилла и", - тидам тIеузу Парменовс.
Таллам бинчул тIаьхьа Демиденко лецира 10 денна, нахана йукъахь къаьркъа мелла аьлла, административан артиклехула – Белгород-махкара машаре кхелийн картотекехь аьтто ца хилира и гIуллакх карон. Волонтер чохь латтош ву, амма цунна ца магадо адвокатца цхьанакхетар. ХIоразза а, адвокат изоляторе веача, лаьцнарг талламан барамашка дIавигина олу цуьнга.
Адвокат тIе цавитаро тоьшалла дан тарло, цунна дуьхьал йоккхачу артиклехула бехкзуламан гIуллакх даккха тарлуш хиларан, аьлла хета Парменовна. Цунах лаьцна йаздира ASTRА телеграм-канало: церан хаамашца, Демиденко бехкево бакъо йоцуш герз лелорна. Официалехь цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдарх а, цунна бехкаш дахкарх а хууш дац волонтеран гергарчарна.
ТIехь ницкъбина лараш
Лачкъийначун хIусамнанас Вишенкова Натальяс Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь дийцира, Александр совдегар вара, цо йухкуш хиллера дешархошна а, студенташна а кхечу меттанийн дешаран литература. Дукха хьолахь ингалсан маттахь, йара иштта китайхойн, немцойн, францхойн, испанхойн меттанашкахь жайнаш.
"Шебекинан кIоштара Гремячий кIотарахь цIа эцнера оха, ткъа СВО йолайелча (иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Украинана дуьхьал бечу тIамах официалехь. – Билгалдаккхар), мухIажаршна гIо дан сацам бира оха, тхан цIахь уьш дIа а тарбеш. ГIадужу-беттан 17-чохь Саше телефон туьйхира гIудалкх чохь йолчу цхьана зудчунна дозанера "Колотиловка" постах чекхйолуш гIо дахьара аьлла. ГIаш вахча ши чакхарма бен некъ бац цига, иза гIудалкх чохь теттина йига йезаш йара, йа экханаш тIехь йига йезара", - дуьйцу Натальяс.
Украинан йахархо дозанхойн посте кхаччалц дIайигира Александра, кхечу дехьабовлчу нахе цунна кхин дIа гIо дайта барт а бинера цо. Колотиловкехь мобилан зIе башха хила а ца хуьлу, цундела Натальяс тидаме ца ийцира, шен хIусамден телефон дийно сарралц болх беш цахиларан.
Жимма къамел дайтира тхоьга, хьуо чохь ма Iе, хьайна уллохь ца хуьлчу далахь а доттагIий хилийта эла ларийра иза
"Суьйранна телефон туьйхира, оцу мухIажарх Саша дIатоьхначу зудчо, цо хаамбира, цуьнга телефон дIа ца кхета шен аьлла. ТIаккха, Гремячий эвлара тхайн хIусамехь волчу мухIажарца зIене йелира со, - цо дийцира, сан майра цIа веана вац аьлла. ГIадужу-беттан 18-чохь Iуьйранна аса дIахаийтира Краснояружскан кIоштан полицига стаг вайна аьлла", - кхин дIа а дийцира Натальяс.
Кхечу волонтерашкара а, меттигерчу таксхошкара а цунна хиира, КПП-хь къамел дан аьлла Александр "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша сацорах а, цул тIаьхьа иза церан машенашна тIаьххье дIавахарх а. Кадыровхоша иза лацарах информаци тIечIагIйира иштта, дIахьедар чуэцначу полицин капитано а.
Кхаа дийнахь хIусамдех кост дацара цхьана а кепара. ГIадужу-беттан 20-чохь Вишенкова дозанера кIотарахь долчу шайн цIа йеара, цигахь талламаш бара беш.
"Гонах дуккха а нах бара, иштта – тIехьаьжна- кадыровхой а. Цхьаммо а ша вовза а ца вовзийтира. Ша йухайина тапча сан хIусамдас шен лаамехь шайга схьайелла элира цара, суна и гина дац. Тхан цIа чохь Iачу мухIажарна гина хиллера, цо бедар хуьйцуш, дуккха а дегIа тIехь гематомаш, тIехь ницкъбина хила тарлора цунна. Жимма дистхилийтра тхойша, хьуо цIахь ма Iе, ца хуьлчу далахь а, хьайна уллохь доттагIий хилийта элира цо. И стенга вуьгуш ву, муьлхачу статусехь ву, бохуш хеттарш дан со йоьлча, шога элира соьга: и хеттарш ахьа дахь, хьоьца къамел данне а дийр дац. ЦIийнах хьоьвсина хиларх протокол а ца гира тхуна", - бохуш дуьйцу хиллачух белгородхочун хIусамнанас.
"ГIоьналла дарна" шеконаш
Адамийн бакъонаш Iалашйечу Центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу интервьюхь дагадаийтира, Украинана дуьхьал шьуйрачу барамашкахь тIом болийчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIдеш хилар, шен эскархой тIемаш боьлхучу хьалхарчу позицешкахь а бу, украинхойн гIаланаш а цара схьайохуш санна дуьйцура. Бакъду, тIаьхьо информаци гучуйелира, кадыровхоша дIалецначу дозанаш тIехь "зачисткаш" йо, "заградотрядех" санна царах пайда а оьцу аьлла.
"Росгвардин Нохчийчуьра дакъоша кеп-кепара Iалашонаш кхочушйеш хиллехь а, 2000-гIа шераш карадаьхкичхьана контрпартизанийн къийсам латтийна цара, оперативан-тIеман гIуллакхаш а лелийна. Йуьхьанца герзашца арабевлла гIаттамхой лечкъош, царна тIехь къизаллаш лело марзбелира, цул тIаьхьа ЛГБТ-йукъараллашна, наркотикаш лелочарна, оппозицин комментареш йазйечарна, бакъоларйархошна тIебирзира. ХIокху доллу шерашкахь и ду цара Нохчийчохь лелориг. Белгород-махкахь а оцу Нохчийчохь леллийнарг ду цара лелош. Царна бен-башха дац милла лаьцча а", - тидам бира бакъоларйархочо.
Iедалхошна хетарехь, украинхойн диверсин тобанаш йелахь, хила беза царна гIо деш берш а
Черкасовс оцу йукъанна билгалдоккху: иштта харцонца методаш а лелош, нах лечкъош, царна тIехь гIело хьоьгуйтурш меттигера ницкъахой хилча, иштта реакци хир йацара тIаккха, кадырохоша лелочунна йийриг санна. Оьрсийн кIоштахь цара лелочо чIагI ца йо къаьмнийн йукъаметтигаш а, пачхьалкхан цхьаалла а.
"Амма ницкъахошна а, Iедалхошна а хетарехь, украинхойн диверсин тобанаш йелахь, хила беза царна гIо деш берш а. Дуккха а шерашкахь гIаттамхошна гIо динарш лоьцу шаьш бохуш, ницкъахоша дIахьедора Къилбаседа Кавказехь. Оцу кепара роль тIеэца тарло Белгород-махкаца дозанехь йолчу кIоштийн бахархоша а – шеко царах хир йу", - дерзийра къамел адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо.
Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран хиллачу офисан куьйгалхо лаьттинчу Титиев Аюба Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, Демиденко лачкъавале хьалха а, кадыровхой Нохчийчоьнел арахьа а, Оьрсийчохь а зуламаш лелийна ца Iара аьлла. Шайна эшча, меттигерчу ницкъахоша гIо а деш, цара нах лечкъийра Лаха Новгородехь, Санкт-Петербургехь, Москвахь, Геленджикехь, иштта дакъалецира нах бойуш, Европера Нохчийчоьнан куьйгалхочун рожана луьйш болчарна тIелетарш деш.
"И дерриг а царна таIзар ца деш дирзина. Уьш кхеташ бу, низамна хьалха шаьш лелочунна шайн цкъа а жоп дала дезар доций: цхьа меттиг бац Нохчийчьура бакъоларйаран органийн белхахо оцу тIехула жоьпалле озийна. Цундела ду хIара къепе йацар", - аьлла хета Титиевна.
Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалло кест-кеста дIахьедо, тIамтIе бахале хьалха Соьлжа-ГIалахь бусалба дин тIеоьцучу лаамхойх лаьцна. Билггал оцу тайпа маса эскархо ву хууш дац, Кадыровс царех лаьцна дуьйцуш "цхьаберш" олу. Кавказ.Реалиин сайто дийцира, оцу нахах хууш долчух а, йолахой бусалба бу олий, дIа стенна йазло а.
- Нохчийчохь куп тоьхна Росгвардин дакъош формалехь федералан урхаллина чудогIуш ду, ма-дарра аьлча, Кадыров Рамзанна муьтIахь ду уьш.
- "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша ФСБ-ца а, полицица а йукъахь рейд дIайаьхьира Белгород-мехкан дозанца йолчу кIошташкахь. "Диверсин-талламхойн болх беш хилла" аьлла шеконашца 6 стаг лецира, хаамбира регионалан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллехь.
- "Запад-Ахмат" батальонан эскархоша ФСБ-ца а, полицица а йукъахь рейд дIайаьхьира Белгород-мехкан дозанца йолчу кIошташкахь. "Диверсин-талламхойн болх беш хилла" аьлла шеконашца 6 стаг лецира, хаамбира регионалан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллехь.
- Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.