"Кхерам боцу дахар лаха арайаьллера": Европехь лаьцначу Хадисова Селимех дийцар

Гайтаман сурт

Боснихь, Герцеговинехь лаьцна 33 шо долу нохчийн жима зуда Хадисова Селима маьршайаккхийта хьийза кеп-кепарчу пачхьалкхашкара бакъонашларйархой. Истанбулера кеманца йеанера иза Сараево шен жимачу кхаа бераца. Нана лаьцначул тIаьхьа мухIажарийн центрехь дIатардира бераш цуьнан, ткъа ша Селима Тузла гIаларчу набахте хьажийра. Интерполон дехарца Оьрсийчоьне дIайала кхерам лаьтта цунна карарчу хенахь.

Москвано динчу дехарехь (редакцин карахь ду и) билгалдаьккхина, Хадисова 2015-чу шарахь Шема дӀайахана хилар, цигахь террорхойн куьпахь Ӏаморашкахула чекхйаьлла иза, цул тӀаьхьа кхечу пачхьалкхан йолахо санна «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дӀакхетта, тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалаьцна а йу аьлла. Ша Хадисовас массо а шена дохку бехкаш харцдо, 2015-чу шарера 2024-чу шаре кхаччалц ша Туркойчохь йехаш йара, цкъа а Шемахь хилла а йац ша бохуш.

Тхан редакцино официалехь кехаташ дахьийтира Боснин, Герцеговинан тIабаьхкинчу нехан гIуллакхашкахула йолчу сервисе, Нохчийчуьра йахархочун гIуллакхах лаций дийца аьлла. ХIара текст зорбане йоккхучу заманчохь цаьргара жоп кхаьчна дац. Кхерамзаллин министралла дуьхьал хиира Хадисован гIуллакхах а, цуьнан бакъонан статусах а лаьцна хаамаш гIарабаха, нормативан акташна тIе а туьйжуш. Пачхьалкхан низамашца а догIуш, лахьан-беттан 7-чу дийне кхаччалц чохь латтон бакъо йара иза, цунна экстрдици йеш оцу хенахь сацам бина ца хилахь.

Хьалхарчу кхело лаьцна йитира Хадисова Селима, иза маьршаяйакха, шен берашца хила бакъо а ло аьлла, дехарш динехь а, дийцира редакцига бакъонашларъярхочо, Баня-Лукерчу Human Rights House организацин координаторо Покрайчич Теас. Цо билгалдаьккхира, Нохчийчуьра йахархочо хӀинцале а политикан тховкӀело йоьхуш, дехар чуделла хилар, шена депортаци ца йайтархьама.

"Боснин, Герцеговинан бехктакхаман гӀуллакхашкахь вовшашна юридикан гӀо даран низамехь билгалдаьккхина ду, тховкӀело йехна стаг дӀавала йиш йац аьлла, цу стагана экстрадици йан йиш йац, цуьнан дехар листина даллалц. И стаг дIавоьхучу агIоне эр ду, цуьнан бехкзуламан гIуллакх Босни, Герцеговине схьало аьлла", - дийцира къамелдечо.

Цо иштта бохура, хIокху баттахь Хадисована шен бераш шозза бен гина дац аьлла. И бераш латтон Центр набахтена гена йу, кхаа сахьтехь некъ бича таро хилира церан пхийтта минотехь шайн нана ган. Стомма ангалин дуьхьало йара царна йукъахь, къамел дар а телефонехула бен ца нисделира.

Шаблонан гIуллакх

Шен бакъонаш Iалашйархьама Хадисовас Интерполе кхачон арз ду кечдеш, цунна гIо деш йу цу тIехь Ларссон Амина, Швецехь куп тоьхначу "Вайфонд" организацин векал. Селимин гIуллакх "шаблонан" ду бохура цо.

"Тайп-тайпанчу бахьанашца Оьрсийчуьра Туркойчу дӀаоьху нах, ткъа Оьрсийчоьно, Туркойчоьнан Шемаца юкъара доза хиларх пайда а оьцуш, Интерполехула дуьненаюкъарчу лехамашка боху уьш, терроризмана бехке а беш", - бохуш, кхетийра бакъонашларъярхочо. - Тхо саготта ду Селимин кхолламна, Боснехь, Герцеговинехь тховкӀело йаккха Ӏаламат хала ду, къаьсттина цу кепара бехкаш дохкуш хилча-м муххале а. Муьлхха а пачхьалкх шеконашца хьоьжу терроризмана бехкевинчу стаге. ХIаъ, тхо дог тешна ду, цунна тховкIело лур йу аьлла, амма дуьхьало йан тарлуш хиларх а кхета".

Со цкъа а хилла йац Шемахь, со "террорхо" йу аьлла, дIакхайкхийний а ца хаьара суна

Къамел динчунна хетарехь, кхерам бу экстрадицин кхел, шаьш цуьнан бакъонаш хьоьшур йац бохучу Оьрсийчоьнан гарантех тешарна. Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран организацеша масийттазза дӀахьедира, и тайпа аргументаш тешаме йац аьлла, амма Европера кхелаш хӀинца а тешна йу Москван чIагIонех.

"Интерполон лехамашкара дIаваккхар – чIогIа йеха процедура йу. Тхан аргументаш комиссино тIеэцале, уьш таллийта хьажийна бовлале хIуъа а хуьлийла ду. Цундела Интерполо маса иза лехамашкара дIайоккхур йу, цунна экстрадици тIаккха йийр йац бохучух, тешна Iойла дац. Экстрадицин кхел а, оцу пачхьалкхан мухIажарийн урхалла а йу Боснихь, Герцеговинехь Хадисова Селимин кхоллламах йист йоккхуш йерг. Амма Босни, Герцеговина – кхин дIоггара аьтто хилла пачхьалкх йац, гуттар низам тоьлаш ца доьрзу цигахь. Бакъонан система йерриг а цIена йац, адамийн бакъонаш йохийна меттигаш а нисло кхузахь", - дуьйцура Ларссона.

И йоллу халонаш йелахь а, Интерполе катоххий шайн латкъам листахьара аьлла, дехар дан дагахь йу бакъоларйархо. 2022-чу шарахь Украинера дIайаха новкъайаьлла Нохчийчуьра йахархо Гериханова Амина Румынехь лаьцча, хIетахь а хIорш дика хьовзарна кIелхьарайаккха аьтто хилира иза.

Доьзалехь ницкъбар а, хийцина паспорт а

Хадисова лаьцна аьлла маса даьржира тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара нохчийн диаспорашкахь. Блогер волчу Халитов Хьасана ролик хIоттийра иза лацарх лаьцна, ткъа Австрехь Ичкерин байракха бухахь митинг дIайаьхьира цунна экстрадици йарна дуьхьал.

Кавказ.Реалии сайтан корреспондент цхьаьнакхийтира Селимица Босни-Герцеговинерчу набахтехь. Леррина кхелера бакъо ийшира цунна оцу гIуллакхана. Хадисовас дийцинера, ша юьхьанца цхьана лаьцначу зудчуьнца латтийра, амма тӀаьхьо цхьаъ чохь латточу набахте дехьаяьккхира ша аьлла. Шен бераш халла бен гуш ца хиларна саготта йу иза - хӀара церан дуьххьарлера дехха къастар ду: "Суна уьш гайтинчу хенахь, аса тидам бира, церан чкъура тӀехь чохь са долчу хIуманаша къийзина меттигаш бара, бераша дийцира суна, шийлачу хица лийча деза шайн бохуш".

Сараево схьа ма-кхоччура, аэропортехь цIеххьана ша берех къастор дуьйцуш, йоьлхура Селима. Хадисовас бахарехь, дог доьхна йу иза берашца къастарна йуучун чам байна цуьнан. Даге лазар деана а хиллера цунна, бераш дIадигинчул тIаьхьа, зуда дарбан цIийне йигина а хиллера, цигахь молханаш йаздинера цунна.

Iен меттиг хир бац цуьнан, тIехь да вац аьлла, пенси хир дац, бераш схьадохур ду цуьнгара

Лаьцначо дийцира, шен чолхе дахар хиларх. Дукха жимчохь ненах йаьлла хилла иза, кхиазхо йолуш маре йаханера, амма гуттар а тIехь гIело латтош хиллера цунна майрчо.

Селима доьзалхочух йолчу хенахь, цуьнан хIусамдас кхерамаш тийсина хилла, ша бер цуьнгахь дуьтур дац бохуш, йетташ хилла, цIерачаьрга телефон тухуьйтуш ца хилла, йа ша къастош хилла телефон тоха стаг а - деца йа йижарех цхьаьнца къамел дан.

2015-чу шарахь цуьнан цIийндас нуьцкъаша шеца Туркойчо дIайигинера иза, Шема леста ша воьлча, иза ша цIахь йуьтуш хиллера. Ши шо даьлча хиира цунна иза вийна хилар. Селимас шен хIусамден Нохчийчуьра доттагӀчуьнга телефон тоьхна хиллера. Кхуьнга кадам бечу меттана, иза девне ваьлла, "нехан" бераш шегахь латтош йу бохуш, цунна бехкаш а дохкуш. Бераш цIа а даладай, шайн дехошка дIало баьхна хиллера цо. Шега бохург цо ца дахь, цунна кхерамаш тийсина хиллера, хьо йолу меттиг карор бу бохуш.

Кхерайеллачу Селимас шен телефонан номер а, ша йеха меттиг а хийцина хиллера. Ша берех йаккхарна кхоьрура иза. Цхьа хан йаьлча Туркойчохь кхечу стаге маре йаханера иза, цунна кхоалгIа бер а динера. Амма цо а шена тIехь ницкъ беш хиларна, цунах дIа а къаьстина, шен бераш ша кхион йолайелира иза.

"Со цкъа а хилла йац Шемахь, суо "террорхо" йу аьлла, бехкейиний а хиъна дацара суна. Масех шарахь Туркойчохь йезха со, йа меттигерчу Iедалхоша а, йа сан лулахоша а цхьана а хIумана бехкаш ца дохкуш",- дуьйцу Хадисовас.

Гезгамашин-бутт бовш парггIат Оьрсийчоьнан паспортаца пачхьалкхера дIайахара ша боху цо, Боснихь-Герцеговинехь лаьцча хиъна цунна, шен паспорт бух боцуш хиллий а.

"2018-чу шарахь кехаташ чохь тIоьрмиг лачкъийра сан Истанбулехь туьканахь, - кхетадо Селимас. – Суна ца лиира Оьрсийчоьнан векалте йала, сан хиллачу марзхоша суо лоьхуш хир йу моьттуш. Сан махкахоша хьийхира суна, векалте а ца йолуш, цхьана фирмехула паспорт даккха хьайна аьлла. Цу тIехь Истанбулан йистехь йехаш йара со, гIала йаха хала дара, бераш кегий дара сан. Суна дош делира, дерриг а официалехь хир ду аьлла. Туркойн кхо эзар лираш делира ас керлачу паспортах, суна ца моьттура, сайна цунах хьовзам бер буй".

"Дика болх хир бац цунна Оьрсийчохь"

Хадисова Селимин йоккхаха йолчу йишас ПетIамата цунна тIехIуттуш кехат йаздина, иза бакъоларйархошка дIа а кхачийна. Цо а тIечIагIдо Селимин дешнаш, хиллачу хIусамдас цунна тIехь ницкъбеш хилар а, цо иза бертаза Туркойчу дIайигарх а.

"ХIусамдас дIайигинера иза, эхашарахь иза стенгахь йу ца хууш хан йаьккхира оха. Тхоьга аьллера, Пятигорске болх бан иза дIайахана аьлла. Тхоьца зIене йолуьйтуш а йацара иза. Йишас кIезиг дуьйцура цунах лаьцна а, хIунда аьлча, цунах лаьцна дийца диканиг ца хиларна, - дагалоьцу ПетIамата редакцица хиллачу къамелехь. – Тхан да цомгаш вара, ша валале хьалха цо дош даьккхира тхоьгара, Селима лохур а йу, иза стенгахь йу а тхо хьовсур ду аьлла. Тхуна иза карийча, хьал дукха ирча дара. Цхьана чIожехь йехаш хиллера иза, эвлахь, Истанбулана генахь. Шегара телхина хьал ца хаийта хьийзара иза, шен ма-хуьллу. Тхо дика тIеэца хьийзара. Селима чIогIа доьналла долуш йу, хIумана бала кхочуш а йу. Цо мел дийриг – берийн дуьхьа ду".

Зударшна дуьхьал шайггара бехкаш дахкар – и зударий йуха бигархьама лелош хIума ду Нохчийчохь

Къамел дечу зудчо дийцарехь, Селима цӀера гIуллакхаш деш, чохь Iийна стаг йу, цуьнан цIийнда цхьанхьа ваханчуьра йуха валлалц. Цуьнан тIедогIуш цхьа а ахча дацара, Туркойчохь шена паспорт даккха аьтто а бацара цуьнан. Хадисова реза хиллера шолгӀа маре йаха, шена мел а цхьа гӀортор хир йу аьлла хеташ. Амма шолгӀачу майрачо хьийзош хиллера иза, гергарчара телефон тоьхча, цо жоп луш хиллера, иза цӀахь йац олий.

Туркойчу дIайахначул тIаьхьа Селима лоьхуш хиллий, цуьнан йишина хууш дара. Нохчийчу цаьрга полисхой бахкина хиллера, гергарчаьрга хеттарш дан. ХIетахь велла хиллачу цуьнан хьалхарчу хIусамден гергарчийн дехарца, цунна уьш тIаьхьабевллера аьлла, тешна йу ПетIамат.

"Оьрсийчохь дика болх хир бац цунна. Iен меттиг а хир бац, тIера цIийнда кхелхина аьлла, пенси хIоттор дац, ткъа цуьнгара бераш дIадохур ду", - боху къамелдечо.

Къилбаседа Кавказера зударий Iитталуш болчу кхерамийн масал ду – Селимин гIуллакх, боху Human Rights House организацин векало Покрайчич Теас.

"Иза зуда хилар бахьана долуш ницкъбина цунна, шена а, шен бершана а кхерам боцу дахар лаха арайаьлла йу иза. Бала хьоьгучу, аьтто боцчу доьзалера бовда сацам хиллачу зударшна дуьхьал шайггара бехкзуламан гIуллакхаш дахар, уьш Нохчийчу йухабигархьама лелош, марзделла хIума ду. Цигахь доьзалехь гIело латтор, харцо ца лору, мелхо а Iедалхоша а цхьана нийса лоруш хIума ду. Зенаш дохьу ламасташ, масала "сий лардеш стаг вер", бертаза маре балар, берашна тIехь нанолла даран бакъонаш дIайахар, оцу доллучо а кхерам бохьу Селимина а, цуьнан берашна а", - дерзийра бакъоларйархочо.

  • Бакъоларйаран Amnesty International организацино Европан пачхьалкхийн Iедалхошка кхайкхамбира, Къилбаседа Кавказера тховкIело йоьху мухIажарш Оьрсийчу дIахьийсо мегар дац, хIунда аьлча, царна кхерам лаьтта Iазапаш хьега а, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон а аьлла. ТIаьххьарчу заманчохь депортаци йинчу нехан терахь лакхадаьлла го: тховкIело йоьху нах Москвага дIа стенна ло, депортаци йинчех хуьлучух а дийцира Кавказ.Реалии сайто.
  • Австрихь кхело сацам бира Оьрсийчоьнан дехарца лаьцна латто Нохчийчуьра вахархо Мусиханов Жабраил дарбанан цIийне охьавилла аьлла. Цунна дIасавалар доьхуш бина сацам йухабаккхийта хьийза цуьнан адвокат. "Терроран" артиклехула иза Оьрсийчоьно бехкевеш кехат даийтарна, лаьцна латтош ву Мусиханов.
  • 2022-чу шарахб Румынехь сацийра Нохчийчуьра мухIажар Гериханова Амина. Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь цо дийцира, ницкъахой шех "шахIид" йан гIертарх а, лаьцначу хенахь шен камери чохь латтийначу хьелех а, нагахь санна, Оьрсийчу ша дIалахь, шех хиндолчух а лаьцна.