Кхиазхочун Iуналлера спецназ? Кадыров Адам а, цуьнан керла дарж а

Кадыров Адам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 16 шо долу кIантана Кадыров Адамна керла дарж делла – Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" куратор хIоттийна иза. Цигахь кечбеш бу Украинерчу тIаме хьийсон лаамхой олурш. Шина батальонан куратор а, шен ден кхерамзаллин декъан куьйгаллехь а ву кхиазхо. Стенца доьзна ду Нохчийчоьнан урхалхочун кIантана керла дарж далар, листа хьаьжира Кавказ.Реалиин редакци.

Спецназан куратор

Путин Владимиран цIарахчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" куратор 16 шо долу Адам хIотторах хаамбира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь.

"Хьомсарчу доттагIчун, РУС-н куьйгалхочун Вайханов Байбетаран дехарца, ас сацам бина Кадыров Адам РУС-н куратор хIоттон. Иза чIогIа воьзна ву дика йевзачу университетан балхаца, цундела со тешна ву, шена тIедохкучу декхаршца иза дика ларор ву аьлла", - дIахьедина Кадыровс.

Вайхановс кхетийна шен дехарх мехкан куьйгалхочун жимахволу кIант "хьуьнаре" хиларца а, "дешаран центран спецификех Iаламат дика кхеташ хиларца" а.

"Кадыров Адам Рамзанович дика кхеташ ву, хIун, муха дан деза, Путинан цIарах йолу РУС кхин а дика хилийта".

"Спецназан университет" – Гуьмсера дешаран база йу, цигахь нохчийн ницкъахоша а, йолахоша а Iамораш дIахьо, Украинерчу тIамтIе баха Iалашонца. Официалехь "университет" спортан-кхийсархойн клуб йу аьлла, дIайазйина йу. Юридикаллехь коммерцица йоьзна йоцу организаци лору иза. Оцу клубан Нохчийчуьра дешаран а, Iилманан а министраллин лицензи йу. Цхьана а Оьрсийчуьра ницкъаллин структурин контролехь йац и. Оьрсийчоьнан президентан харжамаш хила герга а долуш, зазадокху-баттахь база Путин Владимиран цIарах йу аьлла, дIакхайкхийра.

"Спецназан университетехь" Кадыровс-жимахволчо хIун лелор долуш ду, хууш дац. Цул а хьалха иза масийттаза хилира тренировкаш йечохь а, герз кхусучу къийсадаларшкахь а, иштта Москвара делегацина улло ваьлла а вара иза. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь, хIетахь 15 шо долчу Адаман ницкъахойн командо толам баьккхира тактикан герз тухуш. Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Адамна мидал йелира UAE SWAT Challenge 2024 къийсадаларшкахь – цигахь цо дакъалаьцна доццушехь.

Москвара академин цхьахйолчу лакхарчу доьшийлан Iилманча, Къилбаседа Кавказехула эксперт верг (цуьнан дехарца цIе ца йоккху Оьрсийчохь репрессин низам чIагIдина хиларна) цецваьллера, 16 шо долчу кхиазхочо баккхийчу спецназхошна тIехь Iуналла дийриг хилар дегаза ца хетарна йа "спецназан университетан" куьйгалхочунна а, йа Нохчийчоьнан урхалхочунна а.

"Спецназхошна тIехь кураторалла леладаллал цу кIентан тегIа сил лакхара йелахь, важа биссинарш хIун деш бу-те цигахь? Адаме динарг цаьрга хIунда ца даделла?", - хеттаршка вуьйлу Къилбаседа Кавказехула эксперт.

"Уникале" Адам

Шен хенаца а, Iилманца а догIуш доцу масех жоьпаллин дарж дIалоцу Кадыров Адама.

Кадыровн метта кхин фамили йолуш стаг хиллехь,  цуьнан коьрте догIур дацара шен бер оцу даржашка хIиттон

Масална, 2023-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхо хIоттийра иза. И бутт бовш дIакхайкхийра, тIеман Министраллин батальон, Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчоьнна дуьхьало латтийначу тобанан лидеран цIарах йолчу батальонан куратор вира цунах. Кхин а масех кIира даьлча цунах тешийра Росгвардина йукъа йогIу батальон, кхечу нохчийн дуьхьалонан турпалхочун Бенойн БойсагIаран цIарах йолу. Адам куратор хIотторах дуьйцучу Нохчийчуьра зорбанан министро Дудаев Ахьмадна билгалдаккха деза аьлла хеттера, "бакъволчу бIаьхочун амал" йолу организаторан хьуьнарш долуш и хилар.

Къилбаседа Кавказехула Москвара эксперта Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь элира, Кадыровн кIантана и доллу даржаш далар, Нохчийчохь мел беха нах дош ца хетар ду аьлла.

"Сил жоьпалле долу и даржаш стенна тешош ду мехкан куьйгалхочун берах? Схьагарехь, Нохчийчохь кхин стаг висина а вац-кх цига хIоттон? Батальнийн, "спецназан университетан" а терго йан а, Нохчийчоьнан урхалхочун хадархойн коьрте хIоттон а цхьа а вац? Кадыровн метта кхин фамили йолуш стаг хиллехь, цуьнан коьрте догIур дацара шен бер оцу даржашка хIиттон. Мехкан куьйгалхочн доьзалан культаца гIуллакх ду хIара вайн Iоттаделларг. Мел эхье ду нохчийн хьаькамаша цуьнан бераш декъалдеш, 5-7 шо долу бер а гений долуш санна дийцар. Кадыровн доьзалал арахьа кадрийн дефициат хилар – вайна гуш долу масал ду Iедал банкроте доьдуш хиларан", - тешна ву эксперт.

Пиар-кампани

ТIеман эксперташа а, аналитикаша а хьалхо элира Адаман даржаш номиналехь ду аьлла, хIетте а иза хьалхатеттар а, цунна дуккха а совгIаташ декъар а коьрта ду. Доккхачу декъана возуш воцчу тIеман аналитикана Михайлов Кириллана хетарехь, "университете" а вогIуш, фотосессиш йеш, тиктокаш дIа а йазъйеш Iийр ву Адам, цу тIехь доьрзур ду цуьнан куратор хилар.

Камерана хьалха дIа а хIоьттина, КъорIан дагийна аьлла бехкевина, лаьцна валийначу Журавель Никитина СИЗО-хь йиттинчул тIаьхьа вийца ваьккхира Кадыровн кIант дозаллица. Мехкан турпалхочун седа а белира цунна. Цул тIаьхьа совгIаташ дан долийра цунна кхечу регионашкахь а: кхиазхочунна делира ГIиргIазойнчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а хьалха гIуллакхаш кхочушдарна совгIаташ, ишта "Даймехкан Сий" орден а, кхин а динан "Умматан хьалха декхарш кхочуш дарна" а, I-чу бараман "Ислам динан гIуллакх дарна" орденаш а, "Трудовая доблесть России" мидал а, "Оьрсийчоьнан спезназан университетан гIуллакх дарна" I-чу бараман мидал а. Хьахийначерах цхьа йолу мидалш цунна лойла дацара, ханна иза жима хиларна.

Цунна тIаьххье 16 шо долу Адам шен дех тера лела велира – кху шеран йуьххьехь цо кхерамш тийсира Нохчийчуьтра Iедална критика йечу махкара а, дозанал арахьарчу а нахана.

"Цхьа а шеконаш йац, мекарлонан новкъа бевллачу мостагIашна, шайтIанашна вай тIекхуьур ду, вай цаьрца йист а йоккхур йу, уьш миччахь белахь а: Малхбузехь а, Украинехь а", - дIахьедира жимахволчу Кадыровс.

"Шаьш массарна а бале довларх ца кхета уьш"

Керла элита кхиош, шайн гергарчаран а, берийн а дог ойуш, кхинберш а йукха а ийзош, шайна муьтIахь, кхераме хир боцу го кхолла хьийза Нохчийчоьнан куьйгалхо, аьлла хета Прагера Карловн университетера политологин факультетан йукъараллин Iилманийн профессорна Аслан Эмильна.

Республикера даржашка Кадыровн цIийнах болу нах харжар – и Iедал цакхетар ду, мел бале бевлла уьш массарна а, бохура Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ боламан векало Музаев Сайхана. Кадыров Рамзанан сацамех цо кхетадо цуьнгарчу хьолаца доьзна ду аьлла, зорбанан гIирсашкахь хьалхо дийца даьккхира политик вон цамгар токхуш ву аьлла.

"Уьш (Нохчийчоьнан Iедалхой. -Билгалдаккхар) массо а кхеташ бац, оцу доллучо нах эргIад оьхуьйтий. Шеко йац, Кремло КадыровгIарах воцург къаставахь, репрессеш царех массарех а хьакхалур йу. Цуьнан цIийнах а воцуш, и кандидат цуьнан уллорчу гонера хилахь а, хир долуш хIума ду и. Ца хила йиш йац и. Цуьнца доьзна ду Кадыров Рамзанан воьхна хьийзар а, доллу Iедале шен нах хIиттон и гIертар а", - аьлла хета Музаевна.

Республикехь болх бечу нохчийн журналисто, шен цIе а ца йоккхуш, тидам бира, шена цамгар бахьана долуш шена гонах долийна ловзарш ца гуш хир вац Нохчийчоьнан урхалхо аьлла.

"Цхьана агIор, хета, шен кIантана совгIаташ дан волавелла Кадыров саца ца ло, Гиннесан рекордаш дIайаздечу книги тIехь шен кIантана могIа ца баьккхича. Вукху агIор, суна хета, "Новая газета Европа" хьасто йинчу публикацина йен реакци йу хIара аьлла: ишта цо хьажийна сигнал йу хIара шен гонна а, Нохчийчуьра Iедал каралун долчарна а лерина, ша хIинца а дийна ву аьлла", - хета журналистана.

  • 2007-чу шеран лахьан-баттахь вина ву Кадыров Адам. Цуьнан дас дIахьедора, шен кIентан йалх шо кхаьчна а далале, Адам хьафиз хилира аьлла. Оьрсийчохь КъорIан дагахь Iамийначех уггар а къона верг ву бохура иза. Цхьана а кепара цо бохург бакъ хиларх тоьшаллаш дац.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхоалгIа кIант масийттаза нисвелла федералан тIегIанера девнашкахь. Бераллехь ринга тIехь ницкъбеш хилла ву Кадыров Адам, ткъа шуьйрачу тIамаца Украинана чугIоьртинчул тIаьхьа нахана йукъахь герз карахь гучувуьйлура иза. Ишта цо дакъалоцура тIамана йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалии сайто ма-дарра дийцира, республикехь цуьнан васт хьалха муха тоьтту.
  • Кадыров Ахьмадан культ йаржош хиларх: республикехь цуьнан цIарах бу 300 сов урам, Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, аэропорт, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг, Росгвардин полк. Оцу полкан ларми чохь дуккха а нах байина аьлла, йаздира "Новая газето".