Кхоъ помидор, бепиган булка а. ТIом боьдучу юкъанна кхачанан кризисана кечлуш бу Нохчийчуьра бахархой

Базар. Гайтаман сурт

Украинана дуьхьала гIаттийначу тIамо чIогIа тохар дина рогIерчу Оьрсийчоьнан бахархошна. Сом охьадожар, цIеххьана мехаш хьаладийлар, синтеме йоцу экономикан прогнозаш а – бахархой кхерамца хьовсу хIинцле а шайга планаш ца хIитталучу кханенга. Къаьсттина кхераме хьал ду Нохчийчоьнан бахархошкахь: уьш баккъала кхачанан талонаш юкъаяхарна кечлуш бу, Iедалхоша беш лелор шайна хьоьхучу юкъанна.

Республикера бахархоша дийцира Кавказ.Реалиига, муха лов кризис, хIун ойланаш ю тIамах а, санкцех лаьцна – цIеххьана къобалъяр карийначу.

Нохчийчуьра бахархойн хIинца долу хьал "шина цIерашна юккъехь" фразаца билгалдаккха мегар ду: цхьана агIор, цара сагаттадо муьлххачу хенахь Украинерчу тIаме хьовсон мегачу кIентаршна, кхечу агIор, уьш кхоьру кхин а мехаш дестарна, сурсатийн къел хIоттарна, мацалла, белхазалла яржарна а.

Амма экономикан проблема Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хьесапехь кхочушйина: "Латтанаш дIадейта, чукхехьа хIумма яц", - дIахьедина цо правительстван кхеташонехь.

"Реза ю со, беш – иза бюджетехь дика гIортор ю, амма тхо Соьлжа-ГIалахь деха, тха юьртахь тхан жима дакъа ду, тхан боккха доьзал цо кхобур бу аьлла тешам бац сан. Кризиc дIаяхлохь, алапаш сецадахь, банкаш ставкаш хьала яккхахь, тхан декхар ду такха дезаш – муха даха деза тхо?" - цец юьйлу пхеа беран нана Таиса.

Гуьмсара яхархо Разита хIинле кечъелла талонашца долчу дахарна, ткъаесналгIачу шерашкахь санна.

"Сан диъ бер ду, со чIогIа кхоьру кхачанан къелла хIоттарна. Тхан доьзалехь болх беш цхьа цIийнда ву, хIаъ, вон дац цо доккху ахча, мухха а хене бевр бу тхо, амма маццалц? Вайн республикехь хIумма а еш яц, ерриг чукхоьхьуш ю – малхбузенан санкциша угаре чIогIа тхуна тохар дина, рогIерчу бахархошна. Ткъа лакхенгарчарна – гIазана тIера хи санна. Карахь Iедал дерш къен буьссур бац, хIумма а йовр яц, цара ларйийра ю шайн гIаланаш, дашон унитазаш…" - боху къамелдечо.

Къам баккъала а мацделча, хила тарло, цо ала мега Путине: "Тоьар ду!"

Разито бахарехь, сурсатийн тIекхочийлан хаттарехь къаьсттина кхерамехь латтаво Нохчийчохь муьлххачу бахьанца мехаш дестош хиларо, угар чIогIа - даздарш тIекхочучу хенахь.

"Керла шо хилийла иза, 8-гIа март, йа сийлахь Рамадан бутт – мехаш деста, вай ваьш бусулбачу нахал а «кхин а чIогIа бусулба» ду бохуш дийцахь а. Царна тIехь контроль еш стаг а вац, меттигерчу Iедалша телевизионехула дIахьедарш дахь а: «Оха шу меца дуьтур дац», бохуш. ХIаъ, кхоккха помидор, бепиган булка дIасайоькъур ю, коронавирусан муьрехь санна, иштта проблема луьстур ю…" - боху цо.

Кавказ.Реалиица къамелдечунна жоп ца карийна долу коьрта хаттар - иза луларчу регионашкара Нохчийчу кхоьхьуш долчу сурсатийн мехаш дестарца доьзна ду.

"Масала, шекар – иза дукхачу хьолехь Краснодарера кхоьхьу, хIара тIаьхььара хиламаш тIекхачале гали 2400 сом доьхуш дара, ткъа хIинца 4000 сом доьху цунах. Уггаре самукъане дерг, базарахь хьонкан мах а хьалабаьлла. ХIун, Европера кхоьхьуш бара иза а? Суна хетарехь хIара хьал кхин а дIадахлур ду, дикка доьхкаш тIечIагIдан дезар ду вайн", - прогноз йо Разито.

Соьлжа-ГIалахь сурсаташ де мел дели дазлуш ду, ткъа супермаркеташ чуьра полкаш яслуш ю, дIахьедо гIалин бахархоша. И хьал иштта хилар дуьйцу Веданарчу яхархочо М. Раисас.

"Сарахь балхара даьлча цIийндеца «Ленте» дахнера тхойша, бухайиснарг бен ца карийра, кхин тIе керла яцара уьш. Суна евзаш йолчу йохкархочо боху, наха боьхна а хьовзий, шайна оьшург, ца оьшург дIаоьцу, кхана механ кхин а дестарна кхоьруш. Оьрсийчоьнна дуьхьала яьхна санкцеш хIинца вайн тIе тохар ди. Суна хетарехь, иза хила дезарг дара, иза бух болуш а ду. Къам баккъала а мацделча, хила тарло, цо ала мега Путине: "Тоьар ду!". Ткъа меца стаг зарратан тIамал кхераме ву", - йоьлу къамелдийриг.

"Инзаре чулацаме хан"

Кюри такси тIехь болх беш ву, иза политикаца бала боцу стаг ву, рогIерчу ханна телевизоре ца хьожу, амма Оьрсийчоь Украине чугIоьртина дуьххьарчу дийнахь дуьйна керланашца долалуш ду цуьнан де.

"Со сама волий телефон схьа оьцу аса, хIара Украинера тIом, йа «тIеман операции» чекхъяьлла хиларе дог дохуш. Амма Путин къарлуш вац, Сталинал эшна ву иза, ишта куьйгалхой исторехь хилла бац! Вай президент баккъалла кхиъна вогIуш ву – кхаа кIирнахь шен пачхьалкх хIаллак йи цо. Аса хIора денна нах дIасабуьгу, цаьргара хезарг деккъа хьаладуьйлу мехаш а, хIара дерриг дахделла берриг нохчий Украине хьежорна кхерамаш а ду", - дийцина цо.

Бахархойн экономикан хьал хIинца а кхоччуш барамехь тIелоцучух тера дац республикан куьйгалло. Масех де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, йохк-эцархоша бух боцуш дестадо мехаш, санкциш бахьанехь ду бохуш.

"Бух боцуш мехаш десточунгара сурсаташ схьа а дахий мискачу наханна дIаса декъа", - тIедиллира цо республикан нуьцкъаллин блокехула волчу вице-премьерана Висмурадов Абузайдана.

Ткъа шайн йохк-эцархойн кхин ойла ю. Соьлжа-ГIала юккъера "Беркат" базарера цIоканаш, лежигаш юхкучу туьканан да Iабдул хIинца бен метта ца веанера коронавирусан муьрехь хиллачу зенах, ткъа хIинца Украиерчу тIамо тIаьххьаре йожий цуьнан бизнес, дуьйцу цо.

"Ала мегар долуш, сан бизнес хIаллак хили. Нах боьхна хьийза, уьш уггара кхоьрург белхазалла а, ахча дала меттиг ца йиссар а ду. Хууш дара Украине гIортаро Путинна тIаьхьалонаш юьтург хилар – цунна бен ца йитина ялара", - реза вац бизнесхо.

Кавказ.Реалиин корреспондент Федералан антимонополан сервисан Нохчийчухула йолчу Урхаллаца сурсатийн кризисца доьзначу хьолах лаьцна комментарий йоьхуш зIене елира.

"Тхан шадерг дика ду", - элира ша Нохчийн УФАС-ан куьйгалхочун гIовс Эдылханов Бислан ву ша аьллачо. Кавказ.Реалиин кхечу хеттаршна жоп дала ца хIоьттира иза, Москвано комментариш йалар дихкина шайна, аьлла.

Вайга хьоьжуш инзаре экономикан айъялар ю

Мехкан экономикан кханенан хьокъехь оптимистикан прогноз хазийра Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь маркетолога, экономиста, "Качалов и коллеги" консалтинган агенталлин коьртачу директоро Качлов Игоря.

"Оьрсийчохь хIинца дIайоьдург инзаре чулацаме экономикан хан ю, оцу тайпа кхиамаш даха аьтто болу коьраш гучудовлу 200-300 шарахь цкъа, хила тарло, кхин кIезга а. Оьрсийчоьнан рынкера дIаяхана 300-350 компани, дерриг цъьанатоьхча, триллионаш соьманна чухоамаш паргIат бевлла. Иза фантастике терахь ду. ХIинца эзарнаш, ур-атталла, иттанаш эшарнаш оьрсийн менеджераша луьстург цхьа хаттар ду: кхаа шарна йолу план цхьана шаре муха ерзон еза? Вайга хьоьжуш инзаре экономикан айъялар ю", - хета экспертана.

Амма маркетологаш шайн планаш кхочушъечу юкъанна рогIерчу нехан "дахарах тийсадала дезар ду" аьлла ца хета цунна.

"Дахарах тийсалуш бац нах, бехаш бу. Селхана ресторан чу вахана со, иза дIаюьзна ю, нах машенашкахь дIасалелаш бу, ягориг яйлуш ю. ХIинца машен чу ягориг йоттар дорах ду цхьа бутт хьалх хиллачул а. Суна ца го дахарах тийсадала бахьанаш, вай къелла хьегал хьала ца девлла мехаш. 10-20 соьманна тIекхетта – хIумма дац, 40-60 эзар алапашца кхин башха кхераме проблема яц. Гречка эца 20 сом карор ду вайна", - дIахьедина Качаловс.

Амма нохчийн гонзанчашна иштта оптимизме ца го кхане. Соьлжа-ГIалара къоначу экономисто Кавказ.Реалиица анониман кепехь дийцарехь, оьрсийн соьмано юханехьа шен позициш метта хIоттор ю бохучо шеконашкахь латтаво, ткъа тIаьххьара дош банкашкахь дуьссу.

"Туьканашкарчу есачу полкашка хьаьжча хаалуш ю цхьайолчу сферашкахь хIоьттина къел. Ишттачу хьелашкахь банкаш ставкаш хийца яхь, тIаккха иза чекхдолу… Верриг оцу сохьта къенлур ву, [хIунда аьлча] дукха нохчийн кредиташца бу. ХIинца а билггала ца кхета вайн къам, стена тIе дуьгуш ду шаьш Путино", - аьлла эксперта.

Цунна хетарехь, хуьлучух самукъадалар, кхин тIе цхьана хенахь бен, хIоьттинчу хьолехь "Путинан гIашсалтичун" Кадыров Рамзанан бен хир дац, цуьнан аьтто баьлла 125 эзар сом доьхучу Prada мачашца хазалла гайта итт эзар Росгвардин эскархочун хьалха.

  • Чиллан-беттан 24-хь дуьйна Америко в, кхечу мехкаша а оьрсийн Украине чуг1ортарна дуьхьала дукха санкциш яьхна. Уьш хьакхаелла Центробанках, баккхийра хьаькемех, безнесхойх, тайп-тайпанчу сферашкара компанех а. Иттанашкахь компаниш сацийра шайн Оьрсийчуьра г1уллакх, йа оьрсийн рынкера тIаьххьаре дIабахара. Батте ца кхочуш хена чохь Оьрсийчоь дуьненан лидер хилира шена дуьхьала яьхначу санкцийн терахьца, Иран тIаьхьа кхуссуш, шуш ду санкцишна тIаьхь тидам латточу Castellum.ai базанан хаамашца.
  • Зазадоккху-беттан 25 де - т1еман 29-гIа де ду. Шортта зенаш хиллчу оьрсийн эскаршна оцу хеначохь аьтто ца баьлла цхьа а яккхийра Украинан г1ала схьаяккха, Херсон йиссалц. Амма х1инца а дукха нах беха ярташна тIе тохарш ду деш, шен декъехь "харжам ца беш тухучу" герзаца, РСЗО "Град" тайпана.