Холокостехь байинчу нехан Дуьненаюкъара де билгалдаьккхира Дечкен-беттан 27-чу дийнахь. 70 шо хьалха цу дийнахь Советан эскарша маьрша бехира Полшин территори тIехь хиллачу Аушвиц (Освенцим) концлагерехь латтош хилла нах.
Освенцимехь байинчу нахах дукхахберш бара жуьгтий. Церан бохамах дика кхета шаьш Оьрсийчоьнера бала Iовшуш болу нохчий бохуш дуьйцу Ичкерин Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада.