Шо доладелчхьана Оьрсийчоьнан къилбехь, Къилбаседа Кавказехь мел кIезга а бархI бехкхтакхаман гIуллакх долийна пачхьалкхана йамарт хиларна тIехула – ГIебарта-Балкхаройчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Ростовн махкахь – шишша, Ставрополан, Астраханан мехкашкахь – цхьацца.
Йерриг пачхьалкхехь, Украинан оккупаци йина латтанаш йукъа а лоцуш, оцу хеначохь мел кIезга а 82 гIуллакх долийна оцу артиклехула. Дерриг шарчохь Оьрсийчохь цу кепара кхин а дукха гIуллакхаш долор ду, дайначу 20 шарахьчул а, – ишта сацам бина "Холод" зорбано, тIаьххьарчу ворхI беттан зераш а теллина, дуьйцу Радио Свободано.
Диллинчу хьасташкахь хаамаш карабан аьтто болу гIуллакхаш бен дац уьш. Арахецарехь дуьйцу, оцу гIуллакхийн баккъала долу терахь кхин а лакхара хила тарло, хIунда аьлча ФСБ-но массарах лаьцна ца дуьйцу.
Зорбано билгалдоккху, тIаьххьара оцу артиклаца долчу гIуллакхийн оццул лакхара терахь Сталин Иосифан Iедалехь хилла. Ур-атталла иза веллачул тIаьхьа СССР-хь а йуккъерчу барамехь кIезга хуьлура и гIуллакхаш, таханалерачу Оьрсийчохьчул а. Дерриг 2022 шарахь оцу кепара 20 гIуллакх долийна.
"Холодан" арахецарехь толлу пачхьалкхана йамарт хиларца долчу гIуллакхийн терахь совдаьлла хилар. Зорбано билгалдоккху, "хьалха пачхьалкхан къайленашна тIекхочийла долу тIамца йоьзначу хьукматийн белхахой, Iилманчаш, тIемалой кхерамехь лаьтташ хиллехь, амма тахана пачхьалкхана йамарт хиларна бехкеван йиш йу милла а", тIаккха бахьана хила тарло ахь йиллин лайк а. Оцу гIуллакхех ма-дарра довза дукхачу хьолехь аьтто бац – уьш дерриг аьлча санна къайладаьхьна ду.
Политикан жигархой, Iилманчаш, тIеман хьукматийн белхахой боцучу нахана дуьхьал долийначу гIуллакхийн масалш даладо "Холодо". Царлахь ду Тольяттера 24 шо долчу Евтушенко Полинина дуьхьал даьккхина гIуллакх – иза долийна, схьахетарехь, йийсаре кхачарх лаьцна инстаграме хIоттийначу постана тIехула.
СССР-чул а дукха
"Первый отделан" хаамашца, 1997 шарера 2017 шаре кхачалц Оьрсийчохь пачхьалкхана йамарт хиларна тIехула 101 гIуллакхехула сацамаш бина – аьлча а, дуьйцурш дара цхьана шарахь пхиъ гергга гIуллакх.
"Холодо" иштта билгалдоккху, хьалха 90% гIуллакхаш Москвахь доьллуш хиллехь, тIаккха буьззинчу барамехь Украине чугIоьртиначул тIаьхьа пачхьалкхана йамарт хиларна, шпионалла лелорна тIехула гIуллакхаш кхечу регионашкахь а гучудовлу, Оьрсийчоьно аннекси йинчу Украинан латтанаш тIехь а. Адвоката Смирнов Евгенийс бахарехь, тахана пачхьалкхехь 20 гергга гIуллакх доладо цхьана баттахь, аьлча а, цхьана дийнахь цхьа гIуллакх. 1960 шерашкахь СССР-н Iедало 150 гергга пачхьалкхана йамарт хиларна тIехула гIуллакх доладора шарахь.
Пачхьалкхана йамарт хиларна тIехула гIуллакхаш пачхьалкхан къайленаш йийцарна, арахьарчу таллархошца йукъаметтигаш лелорна долийна ца Iа, "мостагIчунна агIо лацарна" долон тарло уьш. Дукхачу хьолехь дуьйцург ду, бехке хетачу нехан леларна тIехула Украинерчу тIаме а вахана, ВСУ-н агIо лаьцна тIом бан гIерташ хилар шеконаш кхоллалохь. "Первый отделан" адвокатийн тIаьххьарчу хенахь дуккха а тоьшалаш ду, лаьцнарш Iазапехь латторах лаьцна, шайн оьшу кийтарлонаш цаьргара йахархьама.
22 бехкевеш сацам, бехказавоккхург – 0
"Холодан" зерашца, 2023 шеран дечкен-беттан 1-чу дийнера товбеца-беттан 31 дийне кхачалц оцу гIуллакхашкахула 22 банарш бехкевеш сацамашца бара. Дайначу кIирнахь Радио Свободо хаам бира оцу артиклехула кхаанна хенаш тохарх.
Йиттинчу хенийн йуккъера барам 11,5 шо бу – шогачу рожан колонехь даккха. Йеха йиттина хенаш хуьлу, масала, оппозицихо Кара-Мурза Владимирна 25 шо туьйхира пачхьалкхана йамарт хилар бохучу артиклехула.
"Хьо бехкеварх кIелхьаравала аьтто бац таханалерчу Оьрсийчохь. Йиссина цхьа агIо – кхечу пачхьалкхашкарчу бахархошца къамел ца дар, пачхьалкхан зорбанашкара боцурш, кхин хаамаш ца бешар – ца хьежар, цхьанна хIуманах интерес ца хилар, бевзачаьрга хIумма а ца хеттар, социалан машанашка хIумма ца хIиттор, кхечу пачхьалкхашка ца лелар", – дерзадо "Холодо".
- Краснодаран мехкан Минприродин белхахо волу Катрычко Юрий бехке лаьрра оцу гIуллакхехула, 12 шарна набахте а хьажийна. Украинан кхерамазаллин сервисна болх беш хилла иза, аьлла кхело.
- Стигалкъекъа-баттахь ФСБ-н белхахоша лецира тIеман хьукматан конструктор, пачхьалкхана йамарт хиларна шеконашка а лаьцна. Украинхойн талларан белхахочуьнца йозанаш йаздарна, "цуьнан тIедилларш кхочушдарна а" бехкево иза.
- Эскархочун Трачук Ильян гIуллакх толлуш ду Ростов-на-Дону гIаларчу Къилбан тIеман гонан кхело. Пачхьалкхана йамарт хиларна а, пачхьалкхан кхайлелан хаамаш бовзарна а бехкево иза.
- "Украинхойн агенташ" лоьхуш жигарйевлла леррина сервисаш, аьлла дийцира Кавказ.Реалиин редакцига "Iазапашна дуьхьало латторан тобано", "Команда 29" цхьанакхетаралло, украинхойн "Сова" экспертийн тобано а. Амма экстремизмана, пачхьалкхана йамарт хиларна а тIехула долийначу гIуллакхех лаьцна ши шо даьлча бен хаа аьтто бац.