КIантана ницкъбина аьлла дина таIзар йухадаккхийтина Нохчийчуьра йахархочо – зуламна марзхой бехкебо цо

Гайтаман сурт

Шен кIантана тIехь гIело латтийна аьлла, бехкейина, хьалхо колонихь даккха кхо шой ахшой тоьхначу мехкан йахархочун Чергизбиева Миланин гIуллакх йухалиста хьажийна Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело. ТаIзар динчо чIагIдо, шен кIантана ша йиттина аьлла, кхеле озайайтина шен хIусамден гергарнаш бу бехке аьлла.

"ХIоразза а, шен кIант дIавуьгучу хенахь, цунна гуш хиллера иза цомгаш, меца, боьха, тIехь чевнаш йолуш….Марнанас бага лейора, аьшнаш йора, сардамаш духкура цунна, кIант гойтур вац ша олура. И девнаш къестон йукъагIуртура меттигера имамаш, амма цунах а гIуллакх ца хуьлура. Бакъоларйаран органийн белхахойн гIоьнца кIант дIавига аьтто хилира цуьнан", - дIахьедина кхелехь таIзардинчун адвокато.

Оцу тоьшаллашца Чергизбиевас полицига дIахьедира, амма эххар а берана тIехь ницкъбина аьлла, хIара бехкейира. ГIуллакхан материлаш йукъахь суьрташ а, видеош а йу, ненаца волчу хенахь цунна тIехь цхьа а зараллаш доцуш, амма хьалхарчу кхелан инстанцихь и тоьшаллаш тергамза дитира.

Эххар а апелляци листинчул тIаьхьа Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело тIечIагIдира, бехкбуьллуш хIиттийначу кехаташ тIера схьаэцначу йозане хьаьжна дина таIзар ду аьлла. Цо низам дохадо, кхел нийсонца йеш хилар шеконе доккху – суьдхочо и гIуллакх муха нисделла талла дезаш хиллера, шина а агIонан тоьшаллийн хьесап а дина.

"Формалехь теллина ду гIуллакх, хьалхе дуьйна шаьш хIун сацам бийр бу а хууш", - аьлла ду апелляци теллинчул тIаьхьа бинчу сацамехь йаздина.

Цуьнан а, кхечу процессуалан кхачамбацарийн а буха тIехь таIзар йухадаьккхина, гIуллакх кхин цкъа а листа хьажийна.

  • Доьзалехь ницкъбар – Къилбаседа Кавказехь кест-кеста хуьлучух ду. Меттигера бахархой Iазапехь латтабо хIусамдайша а, доьзалера кхинболчара а. Даим а полицино оцу кепара хиламаш тергамза буьту, ткъа бехкзуламан гIуллакхаш долийнехь дайн таIзарш до.
  • Боьхначу доьзалийн процессашкахь дакъалоцучу адвокаташа дуьйцу зудий-майрий къастаран коьртачу бахьанех, ду царлахь доьзалашкахь хуьлу дахарца йоьзна конфликташ, гIело латтор, зударий кхийлар, марзхой доьзална йукъагIертар.
  • Ростовн кIоштара вахархочунна Горьковенко Дмитрийна арахь такха хан тоьхна зудчунна къиза йеттарна, оцу йукъанна таIзар кIад даран бахьана лерира, цо дечу зуламан теш хилла, цуьнан доьзалхо хилар. Йуьхьанца суьдхочо цхьа шой итт буттий кхайкхийра Горьковенкона цуьнан маршонна доза а тухуш, амма цул тIаьхьа Матвеево-Курганан кIоштан кхело лахйира хан цхьа шой ах шой аьлла.
  • ГIалгIайчуьра кхело дуьхьало йира Тхостов Русланан меттигерчу йахархочунна Гандалоева Любина дуьхьал, цуьнагра ненан бакъонаш дIайахар доьхуш чуйелла иск къобалйан. Хьалхо цуьнан хиллачу хIусамдас Тхоствос Оьрсийчуьра дIадигира шайн диъ бер. Гандалоевас дIахьедора, шеца бертахь ца дигина цо бохуш.
  • 2021-чу шеран гIуран-баттахь ХIинжа-ГIаларчу бехккъасторхойн коллегино цхабосса бакъйира, шен сийна тIекховда гIиртинарг вийна хилла зуда.
  • Къилбаседа Кавказера бахархошкахь марехь болу зударий кест-кеста кхеле буьйлу, шайн нанойн бакъонаш ларйан гIерташ, амма дукха хьолахь аьтто ца болу церан. Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Дагестанера кхелаша дукхачу меттигашкахь бераш дайшца дуьту – метттигерчу менталитет а, ламасташ а иштта ду олий, дийцира Кавказ.Реаллин сайто хеттарш динчу, доьзалийн гIуллакхаш луьстучу юристаша.