Нохчийн тIемалойн хьалханча Хангошвили Зелимха вийнарг хийцина, Белгородан кIоштахь кадыровхошна аьрзнаш дар, нохчийн миллиардеран Бажаев Мусан кIант лацар, Кадыров Рамзана хьиджабашна дуьхьал болчарна кхерамаш тийсар – цунах а, и доцчух а Маршонан 74-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Хангошивли вийна Красиков дIахецна
Берлинехь вийначу нохчийн тIемалойн буьйранча хиллачу Хангошвили Зелимханан доьзалшка немцойн Ӏедалша хаам ца бина, иза верна велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхна волу Красиков Вадим хийцарх лаьцна. Хангошвилих йисинчу зудчо Циатиева Мананас (Раиса) хаам бина цунах лаьцна Маршо Радиога.
Цо бахарехь, Красиковна тӀехь кхел йоьдучу хенахь дуьйна дуьйцуш хилла хийцарх лаьцна, цул тӀаьхьа адвокаташа иза хила тарлуш дац аьллера. Кхелан сацам бинчул тӀаьхьа цара хьахийра, хӀинца а Оьрсийчоьнан агент хийца йиш ю шайн, амма цул хьалха цо шена тоьхначу хенан доккхаха долу дакъа чохь даккха дезар ду аьлла.
"Хийцарх лаьцна тхоьга цхьаммо а хIуммаъ а хаьттина дац. И хийцар нисдаларо дIагойту, сингаттам хиллачу нахана хетарг Германин Iедалхошна бен-башха доций", - дIахьедина йиссинчу зудчо.
КХИН А ХЬАЖА: Чалтач маьрша ву. Оьрсийчоьнан политикан тутмакхаш хийцар а, нохчийн гӀуллакх аМангал-беттан 1-чу дийнахь тутмакхаш хийцира Малхбузерчу пачхьалкхаша а, Оьрсийчоьно а. Оьрсийчохь а, Беларусехь а колонешкахь латтош вара 16 стаг, уьш хийцира малхбузерчу набахтешкахь хиллачу 8 Оьрсийчоьнан вахархочуьнца.
Хийцаран гурашкахь Оьрсийчоьно маьршабаьхна оппозиционераш Кара-Мурза Владимир-жимахверг а, Яшин Илья а, Пивоваров Андрей а, Останин Вадим а, Фадеева Ксения а, Чанышева Лилия а, бакъонашларъярхо Орлов Олег а, Маршо Радион а, WSJ а журналисташ Курмашева Алсу а, Гершкович Эван, иштта дуккха а кхинберш а.
Дагадоуьйту, Ичкерин маршонехьа къийсам латтийна гуьржийн вахархо, нохчийн къомах волу Хангошвили Зелимха терроризмна бехке а вина, Оьрсийчоьно лехамашка веллера. Ша винчу Гуьржийчохь масийттазза вен гӀоьртинчул тӀаьхьа, 2016-чу шарахь Германе тховкӀело йехнера цо. 2019-чу шарахь мангал-беттан 23-чу дийнахь Берлинерчу Тиргартен олучу паркехь герз тоьхна вийра иза.
КХИН А ХЬАЖА: Германихь вийначу тIемалойн командиран Хангошвилин доьзална хууш ца хилла Красиков хуьйцуш хилархДукха хан йалале лецира иза вийнарг - харц кехаташца лелаш хилла Оьрсийчуьра Красиков Вадим вара иза. Журналисташа-талламхоша дийцарехь, и стаг Оьрсийчоьнан ФСБ-ца воьзна хиллера.
Кадыровхой Белгородехь
Оцу йукъанна Белгород-кӀоштахь полицино талламаш дӀахьош бу, Валуйки гIалин йуккъерчу майданахь Нохчийчуьра хила тарлучу эскархойн тобано хӀаваэ герз детташ, нохчийн хелхарш деш видео йаржийначул тIаьхьа. Кадыровхойн леларна латкъамаш дира Z-блогерша – цара дийцарехь, эскархой "салтийн баккъаш тIехьа" лаьтта, ткъа хIара хилларг Белгородехь дуьххьара а дац тIаьххьарчу беттанашкахь аьлла.
Талламаш болорах дIахьедира Валуйскан гIалин гонийн администрацин куьйгалхочо Дыбов Алексейс. Цуьнан дешнашца, иштта "оцу кепара хIума кхин ца хилийта цхьацца барамаш тIеэцна", хьаькамо билгал ца даьккхира хIун барамаш бу буьйцурш.
"Zаписки Vетерана" телеграм-канал лелочу Белгородан вахархо Каргапольцев Алексей Нохчийчоьнан куьйгалле ваьлла, махкара бахархошца проблемаш листа аьлла. Цо дIахьедина, Валуйскехь герзаш деттаро "собар кхачийна" аьлла. ТIаьхьо блогеро хаамбира, "бехкеберш" таIзар деш тIеман хьалхарчу позицешка хьовсийна.
КХИН А ХЬАЖА: Белгородан кIоштахь герзаш детташ, кадыровхой хелхабуьйлуш йаьккхина видео толлур йу полицино"ТӀеман корреспондент" олучу Романов Владимира дийцира Белгородан а, Харьковн а кIоштийн дозанаш тIехь Нохчийчуьра эскархой бац аьлла. Кадыровхой "тиктокерш" бу бохура цо, салташна тIехьа лаьтташ болу. ТIаьхьо ша аьллачунна къинтIера бехира цо, камерана хьалха шен дешнаш харцдеш.
Нохчийчуьра Iедалхоша комментарий йина йац махкара эскархой йукъахь болуш нисйеллачу скандалах лаьцна.
КХИН А ХЬАЖА: ТӀамехьа болчу блогерша йемал дира Белгородан кӀоштахь Кадыровн агӀончийн лелар"Ахмат" спецназ Белгородан кIоштара бахархой украинхойн диверсантийн тIелетарх Iалашбан а, "буферан зона" кхолла а хьовсийна бара стохка аьхка. ТIеман телеграм-каналаша хьал девзачу эскархошна тIетийжаш йаздора, кадыровхоша "кхоалгIа-пхоьалгIа эшелонаш" дIалецна бохуш. "Запад-Ахмат" батальон цига дIа ма хьажжора, Украинехьа тIемаш бечу Къаьстинчу леррина Iалашонаш кхочушйечу батальнан (ОБОН) тIемалойн аьтто хилира Белгородан кIошта чубаха а, мел кIезиг а, тIеман цхьа машен хIаллакйан а.
Нохчийн миллиардеран кIант лацар
Нохчийн гоьваьллачу бизнесхочун Бажаев Мусан кIант, Бажаев Тимур шина баттана лаьцна витина полисхочунна тIелатарна. Инцидент нисйелира Москвахь, "Лужники" стадиона уллохь. Талламан версица, гоне йерзийначу стадиона керта ваха гIоьртина Бажаев, цу хенахь цигахь дIайоьдуш Агутин Леонидан концерт а хиллера. Ша дехьа ца валийтича, олигархан кIант ницкъахочунна тIелетта – и хилла йукъараллехь къепе латточу Москвара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин декъан хьаькам, полковник Махонин Александр. Зорбанан гIирсаша йаздарца, шахьарахь митинге гулбелларш дIасалехкар а цуьнан жоьпаллехь хилла.
Урхалло й аржийна камераша дIайазйина видео, цу тIехь жимчу стага йуьхьа тIе хIума туху полисхочунна, цул тIаьхьа чоьхьарчу гIуллакхинй министраллин кхечу белхахоша дIатакхаво иза.
КХИН А ХЬАЖА: Цо жоп лур ду? Нохчийн олигархан кӀант Москварчу полисхошна дуьхьалБажаев Тимура бехк шена тIе ца лоцу. Цо чIагIдо, стадионна тIехьарчу хийистехь йолчу "Ласточка" ресторана тIе муха вахалур вара ша аьлла полисхошка хаьттинера ша, ткъа шена жоп лучу меттана оьзда боцу мотт лебеш, шена тIелетира уьш аьлла. "Со хьераваьлла а вац со лартIахь адам ду, со полисхочунна тIелетар вацара", - аьллачу Бажаевн дешнаш далийна Baza телеграм-канало.
Тхан редакцин аьтто белира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин базера хаамашна тIекхача, цу тIехь йаздо, 21 шо долу Бажаев некъан полицин 550 сводкехь вуьйцуш хилар машен чехка хахкарна а, Москвара некъан билгалонаш йохорна а. Дуьххьарлера протокол хIоттийна 2021-чу шеран гезгамашин-баттахь, тIаьххьарниг – товбеца-беттан 11-чохь – полисхошца тасадаларш хилале ши кIира хьалха.
"Черногорин маьIдан компанин" коьртачу директоран хьехамча ву аьлла, билгалваьккхина Бажаев Тимур. Цуьнан ден долахь йолчу "Оьрсийн платина" компанин фирма йу иза а.
2021-чу шарахь Бажаев Мусан хьал-бахам хилла, Forbes журналан зерашца, 700 миллион долларшкахь. Шен кIантана дуьхьал айдинчу бехкзуламан гIуллакхах лаьцна дуьйцуш, дас элира, талламна йукъагIерта дагахь вац ша аьлла. "Сан кIант бехке велахь, и цхьана хIумана йуккъахь а велахь, цо жоп лур ду, амма вацахь – тIаккха хIан-хIа", - элира бизнесхочо.
КХИН А ХЬАЖА: Полисхочунна тӀелатар дар бахьана долуш нохчийн олигархан кӀант лацар доьху кхеле талламоБажаевгIеран доьзалх лаьцна, цара бизнес муха йолийра, дуьненайукъара санкцеш тоьхначу хьелашкахь церан балхах а, Нохчийчоьнан Iедална уьш генахь латтарх а деша йиш йу тхан сайтехь.
Хиджабаш а, никъабаш а
ШолгIа бутт а бу Оьрсийчохь бусулба нехан динан духарх лаьцна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьиджабна дуьхьал берш исламан мостагIий бу элира, шен йоьIаршка хьиджаб дIайаккха аьлларш хIаллакбийр бу ша аьлла, кхерам тосуш.
"Тайп-тайпана дин лелон дуккха а хьеший богӀу вайга. Лерамца цаьрга салам дала, царна гӀо дан – [полицин] белхахой Ӏамо беза. Вайн бала бац цара лелочу духарца, вайх хьакхалуш ду вайчара лелон духар", - элира Кадыровс. "Хьиджаб ма лелайе бохуш берш бусулба динан мостагӀий бу",- дIахьедира Кадыровс.
Цуьнца цхьаьна Кадыровс билгалдаьккхира, "юьхь дӀакъовлучу буркъана тхо дуьхьал ду" аьлла – ткъа оцу духаро доллу дегI а, йуьхь а, бIаьргаш а дIахьулбо.
Оцу йукъанна Астрахань-кIоштара бусалба динан урхалло кхайкхам бина никъаб нахана йукъахь ма лелайахьара аьлла. Йукъараллехь исламофоби йаржарца кхетадо цо цунах. ГIеарта-Балкхаройчохь хьехна меттигерчу дешархошна "мел а школехь лелочу духарх тера бедарш лелайе" аьлла. Аьлча а, туникаца хеча лело мегар ду боху, ишта кIайн коч, Iаьржа юбка, ткъа цуьнан йух хьоркех хьакхалуш хилчхьана. Йовлакх тиллар магадо, лаг дIахьулдина. Хьалхо республикехь дехар дира школе никъаб ма лелайе аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровс хьиджабана тIетайна, оцу духарна дуьхьалболчарна герз деттар ду аьлла кхерамаш туьйсушОьрсийчохь никъабаш йехка йеза бохуш, шуьйра дийцарш долийра мангал-беттан 23-чохь Дагестанехь теракт хиллачул тIаьхьа, тIелеттачара и духар лелош ца хиллашехь. Никъаб йихкина хIинцале а Дагестанехь, ишта Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь. Цуьнца цхьана хезадора, хьиджабаш а йукъара йаха йеза бохуш – цкъачунна дешаран хьукматашкахь.
Ичкери бахьана долуш дина таIзар
Ичкерин билгалонаш тӀехь видео дӀайазйарна цхьа эзар ах эзар сом гӀуда тоьхна кхело Тулан вахархочунна Азизов Арсенна. Экстремистийн символаш гайтарх лаьцна административан артиклца бехкевина иза, хаамбина ОВД-Инфо агенталло.
Талламхойн версица, "ВКонтактерчу" шен агӀонехь цо зорбане йаьккхина хилла Оьрсийчохь террорхойн йу аьлла дӀакхайкхийначу Нохчийн Ичкерия республикин символика гойту видео. Кхелехь Азизовс дӀахьедира, шена ца хаьара цу видео тӀехь дихкина хӀума хилар, йаздо "АиФ-Тула" гIирсо. Бехк тӀе а эцна, шен агӀон тӀера видео дӀайаьккхина цо.
Кхелан сацам цкъачунна низаман ницкъе баьлла бац, цунна латкъам бан мегаш бу.
Соьлжа-ГӀаларчу Висаитовскан кӀоштан кхело меттигерчу вахархочун Умалатов Хьусейнан бехк тIечIагIбира, Ичкерин бардан Муцураев Тимуран илли бахьана долуш экстремистийн материалаш йаржорна аьлла. Оьрсийчохь йихкина композици зорбане йаккхарна лаххара таIзар дира цунна - эзар сом гӀуда.
КХИН А ХЬАЖА: Тулера вахархочунна гIуда тоьхна Ичкерин символикаца видео йаржорнаОьрсийчоьнан юстицин министраллан экстремистийн материалийн официалан реестрехь карарчу хенахь 4517 текст, видеош, аудиош а йу, уьш зорбане йахарна административан жоьпалла тӀедожош ду.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: