Къилбан а, кавказхойн а регионийн куьйгалхой тIетайна Путин хьалхататта – низамехь магош дац и

Къилбан регионийн цхьа могIа губернаторша шайн социалан машанашкара аккаунташкахь а, Iедалхойн органийн агIонашкахь а дийцина, 2024-чу шеран зазадокху-баттахь хинболчу президентан харжамашкахь йуха а дакъалаца хьалхататтарх карарчу хенахь президентан декхарш кхочушден Путин Владимир. Харжамхойн бакъонаш Iалашйан хIиттинчу "Аз" боламо билгалдаьккхина, цхьахволчу кандидатана низам дохош агитаци йар ду и аьлла.

Путинехьа хилар тIечIагIдарца куьгйаздеш йаьккхина видео шен телеграм-канале хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Оцу гIуллакхна леррина цуьнан резиденци веанера куьйгаш гулдийриг. Цо дIахьедина, "пачхьалкхан бIеннашкахь эзарнаш бахархой а санна", карарчу хенахь пачхьалкхан урхаллехь волчуьнгахьа ву ша аьлла. Цунах лаьцна хаам зорбане баьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а порталехь.

Президентехьа ша хилар куьйг таIорца тIечIагIдина массарна а гуш Ростовн кIоштан губернаторо Голубев Василийс а – цул тIаьхьа цо кхайкхамбира регионан кхечу бахархошка а, изза де аьлла. Керла хаам зорбане хIоттийра регионан администрацин сайтехь. ГIуран-беттан 29-чохь Iуьйранна веара штабе Голубев – регионан куьйгалхо хиларе терра, шен белхан хенахь.

Путинан кандидатура шаьш къобалйеш хиларх хаамаш социалан машанашкахь а, меттигерчу зорбанан гIирсашкахь а дIахаийтира иштта ГIалмакхойчоьнан куьйгалхочо Хасиков Батус а, Кхарачой-Чергазийчоьнан Темрезов Рашида а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан Коков Казбека а, ГIалгIайчоьнан Калиматов Махьмуд-Iелас а – цо а куьгйаздира белхан меттехь. Ставрополан урхалхочо Владимиров Владимира дIахьедира, "кхеташ вац" ша, тахана хIоьттинчу хьолехь муха къобалвийр вац Путин аьлла.

Харжамхойн бакъонаш Iалашйечу "Аз" боламо дIахьедина, президентан кандидат Путин хьалхатеттинчул тIаьхьа йохийначу къепенех, иштта административан ресурсах пайда а оьцуш, низамца йоцу агитаци лелорна а. "Харжамхойн бакъонех коьртачу гарантех" долчу федералан низамехь дихкина ду харжамаш хилале хьалха пачхьалкхан органашна а, шайн урхалла лелочу органашна а, пачхьалкхан йа харжаман муниципалан даржийн куьйгаллехь болчарна, пачхьалкхан а, мунициаплана а хьакамашна а агитаци йар.

  • Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дIахьур бу 2024-чу шеран зазадокху-беттан 15-чу дийнера 27-чу дийне кхаччалц. Кандидаташ бу аьлла хьалхатеттина карарчу хенахь президент волу Путин Владимир (пхоьалгIа хьалхатеттина иза – хьалхо 2000, 2004, 2012, 2018-чу шерашкахь хаьржина ву иза), "Оьрсийчоьнан халкъан йукъарчу союзан" цIарах Бабурин Сергей, "Оьрсийчоьнан маршонан а, нийсонан а партин" векал Богданов Андрей, Даванков Владимир ("Керла нах"), Надеждин Борис "Бахархойн инициатива", Харитонов Николай (КПРФ), Слуцкий Лелнид (ЛДПР), Свиридова Ирина ("Оьрсийчоьнан демократин парти"), ша хьалхатеттина Русских Рада – цара массара а кехаташ чуделла Коьртачу харжамхойн комиссина. Шаьш хьалхатеттинчу Дунцова Екатеринина а, Тищенко Александрана а, Отраковский Иванна а, "Социалан Iалашдаран партин" цIарах хиллачу Михайлов Владимирна а дуьхьло йина.
  • Пачхьалкхан думе кхаа дийнахь боьлхучу харжамашкахь 2021-чу шеран гезгамашин-баттахь Ростовн кIоштара а, Дагестанера а, ГIалмакхойчуьра а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкара а хаамаш кхочура тергамчашна йетташ, меттигерчу комиссин декъашхочунна дIовш дала хьийзаш, леташ, "тергойен хIиттийна камераш швабрашца дIакъуьйлуш" лелийначу харцонех.
  • "Единая Россия", КПРФ, ЛДПР, иштта Ростовн кIоштара парламентехь йовзийтинчу кхин а шина партина пиар йан Iедалхоша дойур ду бюджетера 61 миллион сом – иштта тендер хIоттийнера регионера политикан, коммуникацийн министралло.
  • Волгоградан мехкан кхело апелляцин инстанцихь тIечIагIбина Дубовскан кIоштан кхело, Горноводяновскан администрацин куьйгалхочун харжамаш низамехь дIабаьхьна хиларх бина сацам. Иск чуйелла агIо къар ца ло, дозанера харжамийн комитето кхеле кхачийначу тептарехь фальсификацеш лелийна хиларх билаголнаш хиларна а, документаш кхачам боллуш довзийта бакъо шайна ца йаларна а.
  • Ростовн-махкара Красносулинскан кIоштан кхело листина кхаж тасарх долчу жамIашкахь харжамхойн комиссин декъашхочун Филипченко Александран хьокъехь фальсификацеш лелорах бехкзуламан гIуллакх. 2021-чу шеран гезгамашин-баттахь Оьрсийчоьнан парламенте болчу харжамашкахь ша кечдина бюллетенеш урни чу кхийсина хиллера цо. Кхело бехкзуламан гIуллакхах кIелхьараваьккхира иза.