Украинерчу Бердянскехь 58-чу эскаран буьйралла даран меттигна тохар дича Къилбан тIеман гонан буьйранчан гIовс инарла-лейтенант Цоков Олег вийна. Цунах лаьцна дийцина украинхойн а, оьрсийн а телеграм-каналаша, хаам тIечIагIбина Оьрсийчоьнан Эскаран ницкъийн 58-чу эскаран хиллачу буьйранчас.
Цоков верах лаьцна дуьххьара дIахьедира оккупацехь йолчу Мариуполан украинхойн мэро Андрющенко Петра. ТIаьхьо дийцира цунах лаьцна пачхьалкхан думан депутата, хьалхо 58-чу эскарна буьйралла деш хиллачу Гурулев Олега. Пропагандин "60 минот" цIе йолчу "Россия" каналехь гойтучу программин эфирехь дIахьедира Гурулевс, дайначу шеран гезгмашин-баттахь Цоковна хиллачу чевнех. Цо дуьйцучунна тидам бира Оьрсийн "Би-би-си" сервисо.
ТIеман министралло официалехь комментари ца йина Цоков верна. Иштта ца аьллера цара и даржехь лакхаваьккхарх а: 144-чу дивизин буьйранча волчура Къилбан тIеман гонан буьйранчан гIовсан дарже – тIом боьдучу хенахь тIеман министралло йа ца дуьйцу даржаш хийцарх лаьцна, йа цхьа йехха хан йаьлча хьахадо цунах дерг, тидам бо "Би-би-си-н" редакцино.
Цоков Олега дакъа лоцура буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIортарехь, иштта бехке вара иза украинхойн гIаланашна тIе тохарш дарна а, йаздо The Moscow Times зорбано. 2022 шеран гIадужу-баттахь Киево цунна дуьхьал санкцеш йехира. Цоковс Нохчийчуьрчу шина тIамехь а, Шемарчу тIамехь а дакъа лаьцна. Шиъ Доьналлин а, цхьаъ "ТIамехь хьуьнарш гайтарна" а орденаш йелира цунна.
Мел кIезга а 240 стаг, шайлахь масех лаккхара эпсарш болуш, байъина ВСУ-но контртIелатар дечу муьрехь. Мангал-беттан 4-хь дуьйна Украинехь мел кIезга а цхьа инарла, шиъ полковник, кхоъ подполковник а вийна оьрсийн эскарера, иштта 12 эпсар а, дагардина Оьрсийн "Би-би-си" сервисо а, "Медиазонас" а, волонтерийн тобанца цхьаьна. Мангал-беттан 7-хь долчу хьолехь йевза Украинехь байъинчу 27 423 оьрсийн салтин цIерш.
- Украине чугIоьртина 15 бутт баьллачул тIаьхьа 47 эзар оьрсийн эскархой байъина, ВСУ-н контртIелатар тидаме ца эцча, дуьйцу "Медузан " а, "Медиазонан" а цхьаьна бинчу талламехь.
- Оьрсийчоьнан тIеман министралло ца дуьйцу тIамехь байъинчу нехан терахь. ТIаьххьара беллачийн йуккъера терахь цара довзийтира дIадаханчу шеран гезгмашин-баттахь - 5 937 велларг.
- Украино а ца довзуьйту байъинчу шайн эскархойн терахь. БIаьста машане кхаьчначу Пентагонан кехаташкахь дуьйцура, америкхойн таллархошна хетарехь, беллачу украинхойн эскархойн терахь 15,5-17,5 эзар хила тарло бохура, тIаккха лазийнарш – 109-113 эзар.