Къилбаседа ХIирийчуьра ММА-н латархо Гаглоев Георгий велла карийна цIерпошта чохь

Гайтаман сурт

"Москва-Буьри-гIала" боьдучу цIерпоштехь Къилбаседа ХIирийчуьра ММА-н латархочун Гаглоев Георгийн дакъа карийна. Ростове-на-Дону гIаларчу цIерпошташ латточу меттигехь карийна иза.

Латархо нуьцкъаха вийна хила тарло, бохуш йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло, спортан сферерчу хьостана тIетевжаш. Гаглоевн гIайбица садукъийна, боху Baza телеграм-канало, шен хьастийн цIерш ца йохуш.

И хаам харцбо Къилбаседа ХIирийчоьнан Kryliatv.ru зорбано. Низам лардаран органашкарчу хьасташна тIе а тевжаш, зорбано чIагIдо, "нуьцкъаха вийна хиларан ларш гучу ца йаьлла", карарчу хенарчу хаамашца, Гаглоевн кхалхар тромбоэмболия лазарца доьзна хилла боху.

Шен гергара зуда Гаглоева Римма лоьхуш хьийзина ву Гаглоев Георгий. 2022-чу шеран чиллан-баттахь йайна иза, Соьлжа-ГIалахь шена дуьхьала а веана, Беслане ша дIакхето йезаш хиллачу таксихочуьнца. Гаглоевс чIагIдора, къайлабевлларш Нохчийчуьрчу цхьадолчу полицин декъехь бу, тIаккха Iуьйранна маьршабохур бу бохура уьш, аьлла ГIалгIайчоьнан Талламан комитето дIахьедарх лаьцна, аммма тIаьхьо и хаамаш харцдира цара. Гаглоевс иштта дийцина, шен гергара зуда схьайогIуш хиллачу машенна тIаьхьа йогIуш кхин а цхьа машен хилла, хетарехь, цу тIехь йуханехьа Нохчийчу дIадигина и шиъ. Нохчийчоьнан номершца йолу детин басахь йолу Lada Priora хилла царна тIаьхьа йогIуш, чIагIдо Baza хьостано, талламна тIе а тевжаш.

ТIаьхьо гIалгIайн Соьлжа эвлан уллохь карийра такси. Машен лелочун а, чохь хиллачу зудчун а долара хIуманаш, ахча а хье ца деш диссинера.

Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь Гаглоевс Соьлжа-ГIалара ницкъахой бехкебора шен гергара зуда лачIорна, Нохчийчохь бозбанчалла лелочу нахана тIаьхьабевлла леларца доьзна хетара цунна и: "Берашна хилла бIаьрг дIабоккхура цо, кеп-кепарчу пачхьалкхашкара нах тIе лелара цунна – Американа, Мисарана тIера Оьрсийчоьнна тIекхачалц. Оцу клиентах лаьцнарг довзархьама нохчий баьхкина хила тарло и йолчу, аьлла хета суна, тIаккха и дIайигина цара".

  • Масийтта шо хьалха доладелла Нохчийчохь хIумахуу нах лецар. ТIаьххьарчу цхьана шарахь меттигерчу телевизионо гайта а гойтуш, мел лахара а, 14 вара лаьцнарг. Даима санна, шайгара даьллачунна дохкобуьйлу лецна балийнарш, камерана хьалха бехк ца биллар а доьхуш. "Терроризмел а, наркоманел а кхераме" ду боху сюжеташкахь цара лелориг.
  • Нохчийн пачхьалкхан зорбанашкахь а, меттигерчу хьакамийн аккаунташкахь а бахархоша бехк ца биллар доьхуш видеош арахоьцу гуттара а. Нохчийчуьрчу бахархойн "сийсазе гечдар доьхуш" видеошна тидам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино шен дуьненаюкъарчу динан маршонех лаьцна 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, хьалхо ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор хиллачу, Нохчийчоьнан зорбан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.
  • ХIора шарахь Нохчийчохь 100 эзарна юккъера тIепаза вов 110 стаг. Иза 4-за дукха ду Оьрсийчуьра юккъерчу терахьца дуьстича.