Кхарачой-Чергазийчохь дӀайаьхьна Къилбаседа Кавказерчу бусулбанийн координацин центран кхеташо, цу юкъахь муфтияташа хаьржира цхьаьнакхетараллин куьйгалхо. 47 шо долу Нохчийчоьнан муфтийн, Кадыров Рамзанан хьехамчан Межиев Салахьан баьлла и кхаж, хаам бо ЧГТРК "Грозный" телеканало.
Марсхьокху-бутт болалуш кхелхира цул хьалха центран куьйгалхо хилла Кхарачой-Чергазийчоьнан муфтий Бердиев ИсмаьӀал – 2003-чу шарера схьа дуьйна вара иза цуьнан урхаллехь. Дийцарехь, 2017-чу шарахь дуьйна Бердиевн хьалхара гӀовс хиллачу Межиевн кандидатура массара а цхьабоса къобалйина.
Межиев Салахь Нохчийчоьнан муфтий хӀоьттира 2014-чу шарахь, шен 37 шо долуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан чоьхьарчу гонера стаг ву иза, цунна кест-кеста пачхьалкхан совгӀаташ до, кеп-кепара цӀераш а ло. Масала, кху шеран чилан-баттахь иза хилира "Нохчийчоьнан турпалхо"- совгIат цунна дӀалуш, Кадыровс баркалла элира "СВО-н Iалашонаш кхочушйарехь дакъалцарна" (СВО олу Оьрсийчоьнан Iедалхоша Укрианерчу тIамах.- Редакцин билгалдаккхар).
Межиевс кест-кеста новкъайоху, йоллу пачхьалкхера йолахой кечбен"спецназан университет" йолчу Гуьмсера тIаме хьежон лаамхойн тобанаш. Цо масийттаза шен хьехамашкахь элира Укрианера тIом бусалба нахана гIазот ду аьлла.
Цул совнаха, Межиевс къобалдира Нохчийчоьнан ницкъхоша лачкъийна, цул тӀаьхьа цара вийначу 1АДАТ телеграм-каналан администратор Тепсуркаев Салманна тIехь гIело хьегийтар. Нохчийчохь гейш хьийзош хиларх лаьцна таллам зорбане баьккхинчул тӀаьхьа цо кхерамаш тийсира "бекхам бийр бу" аьлла"Новая газетан" журналисташна; массарна а гуш-хезаш Францин президентах "номер 1 йолу террорхо" ву элира, хьехархо Самуэль Пати Нохчийчуьра схьаваьллачу стага вийначул тӀаьхьа.
- Чиллан-беттахь Нохчийчуьра 309 имамана LADA Granta машенаш йийкъира. Уьш эцнера Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Цунах олу "Кадыровн бохча". Машенийн догIанашца цхьаьна Кадыров Рамзана дийкъира имамашлахь 100 эзар соьмаш а.
- Нохчийчуьрчу динан дайша кхайкхам бира Къилбаседа Кавказера массо а бахархошка а, Оьрсийчуьрчу массо а бусалба нахе а тIамтIе гIо аьлла. Стохка мангал-баттахь" SK SOS" бакъонашларъярхойн тобано дийцира, хьаькамаш а, буьйранчаш а санна, имамаш а декхарийлахь хиларх Украинана дуьхьал тӀом бан нах вовшахтоха.
- 2022-гӀа шо чекхдолуш нохчийн муфтиятан векалш хилира Украинин къилбаседа-малхбалехь йолчу Оьрсийчоьнан эскарша дӀалаьцначу Мариуполехь. Цигахь Кадыров Ахьмадан цӀарахчу фондо меттахӀоттош ду бохучу маьждигехь хиллера уьш, республикерчу тӀемалошца "чулацаме къамелаш" а динера. Оьрсийчоьнан Украинана дуьхьал "гIазоте" тIом бу бохучу пропагандин тIаьхьало йара цига бахар.