Къилбаседа Кавказехь а, къилбехь а 100 миллионал сов ахча дойур ду дронашца къийсам латтон

Гайтаман сурт

Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а, ООО "Лукойл-Экоэнерго" а мел кIезиг а 125 миллион сом дойур ду Къилбаседа Кавказехь а, къилбехь а дронашца къийсам латтош. Украинехь шуьйра тIом болийчхьана жигара пайдаоьцу царех тIамтIехь а санна кIоргечу тылехь а – 2023-чу шарахь дронаша масийттаза тIелетарш дира Краснодаран, Волгоградан, Ростовн мехкашкахь.

Къилбаседа Кавказан гонашкара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина оьшург латточу урхалло 121 ПАРС-4 антидрон ийцира.

Билгалдаьккхина, дронашна дуьхьал герзо болх бан безаш хилар 1000 чакхарма генара, йукъах ца боккхуш кхаа сахьтехь шен болх бан а беза цо. 666 эзар сом бу цхьана гIирсан мах, йиллинчу хьасташкахь йухкуш йу уьш 650 эзар соьмах, ткъа уьш арахоьцучийн сайтехь бу цхьаннан мах "600 эзарна тIера" аьлла, йазбина.

Дронаш гучуйоху а, уьш хIаллакйен а комплексаш арахоьцу инвестицин проектах буьззинчу барамашкахь ООО "Лукойл-Экоэнерго" йина харж 46,3 миллион сом бу. Тендерх дукхахболу хаамаш къайлабаьхьна бу, хууш дерг ду, толам баьккхинчо антидронан гIирс тобан а, латтон а безар бу.

  • 2023-чу шеран гезгамашин-беттан 7-чохь Ростов-на-Дону гIалин йуккъехь, Къилбан тIеман гонийн штабана уллохь эккхийтар хилира, цIенойн кораш а, пенаш а дохош. Iедалхоша дIахьедира украинхойн дрон хIаллакйина аьлла. ТIаьххьарчу беттанашкахь дуьххьара дина тIелатар дацара и оцу кIоштахь – кхул а хьалха Таганрогехь дично лазийра ткъех стаг. Меттигерчу бахархоша а, эксперташа а билгалдоккху, Донан коьрта шахьарх тIаьхь-тIаьхьа фронта уллера гIала хуьлуш лаьтта, ткъа ПВО-н ницкъашка гIала Iалаш ца йало.
  • Ставрополь-махкара пачхьалкхан "ТIеман-спортан кечамбаран, патриотикехь кхетош-кхиоран Центро" 11,4 ммиллион сом дайина дронашна дуьхьал туху гIирс оьцуш. Техникан Iалашонца а догIуш, дронаш гучуйохучо болх бан беза 10 чакхарме кхаччалц радиусехь, цхьана хеначохь пхиъ гергга дронаш хаайала йеза цунна, ткъа блокаторо болх бан беза цхьа чакхармин радиусехь.
  • Дронашца болх бан бераш Iамош центраш схьайоьллур йолуш йу Волгоградан кIоштахь, дIахьедира регионан урхалхочо Бочаров Андрейс. Школехь урокаш чекхйевллачул тIаьхьа берийн, кхиазхойн хан эрна ца йахийта кхоьллинчу системехь "новаци" йу и хIара элира цо. Дронех жигара пайдаоьцу тIом боьдучу заманчохь Оьрсийчоьнан а, Украинан а эскарша.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло хаамбира, дечкен-беттан 5-чохь аннекси йинчу ГIирмин дозанашна тIехула оьрсийн эскархоша хIаллакйина, йукъахйаьккхарх украинхойн 36 дрон. Кхин а цхьа дрон йохийра Краснодар-мехкан дозанаш тIехула. ГIишлошна зенаш дарх, йа лазийна-велла стаг хиларх урхалло бина хаам бац.