Шуьйрачу тIамца Укриане гIоьртичхьана Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсичоьнан къилбехь а дикка хаа а луш, лахделла нах дIабухку кешнаш. Цхьаццайолчу регионашкахь тIаьххьарчу шерашкахь рекорде ду церан лахделла терахь. И зераш довзийтина Йукъарчу информацин- статистикан системо.
Доккхачу декъанна Оьрсийчохь 2022-чу шарахь 10 эзарна охьадаьлла диллинчу кешнийн терахь – 83,6 эзарера 73,5 эзарна тIекхаччалц. Оцу йукъана, 2014-чу шарера схьа (кхин а хьалхалера хаамаш бац пачхьалкхан статистикехь) церан терахь алсамдолура.
Дахначу шеран зерашца Нохчийчохь диссина 522 маьрша кешнаш- Украинехь тIом болабалале хьалха дара уьш 695. Дагестанехь стаг волла йиш йолуш ду 2868 кешнаш, шо хьалхачул а ахэзарна кIезиг ду уьш.
Ростовн кIоштахь стаг дIавуллу кешнаш 2 310 тIера 2 062-на тIекхаьчна, ткъа Краснодаран кIоштахь – 1 756 тIера 1 544. Шина а регионехь нах бохка кешнаш мел а кIезиг ду тIаьххьарчу масех шарахь.
2017-чу шарера схьа дуьйна ГIалгIайчохь статистикехь билгалдоккху 133 кешнаш, стохка дара уьш 119. Къилбаседа ХIирийчохь цхьана шарчохь охьадаьлла терахь - 442 -на тIера 285 кхаччалц, Ставропрлан кIоштахь – 812 тIера 699 тIекхаччалц.
- Кешнаш дуьзна хиларан цхьахдолчу бахьанех ду боху Укрианерчу тIамехь эскархой кхалхар - Краснодар-махкахь а, Адыгейхь а хIинцале а иттаннашкахь бу дIабоьхкина эскархой а, ЧВК "Вагнеран" йолахой а, царна лерина кечйина "турпалхойн аллейш". 800 сов "Вагнеран" йолахо дIавоьллина цхьана шарчохь Горячий Ключ эвлана уллорчу Бакинская станицехь керлачу кешнашкахь.
- Карарчу хенахь Кавказ.Реалиина хууш Украинерчу тIамехь кхелхина Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а виъ эзар сов вахархо. Билггал долу терахьаш кхин а лакхара хила тарло.
- Росстатан а, верасаллин гIуллакхийн реестрера а схьаэцначу зерашца "Медузас", "Медиазонас" бинчу талламан хьесапашца, 2023-чу шеран стигалкъекъа-бутт бовш хиллачу хьелашца, Оьрсийчуьра тIамехь велларг ву 47 эзар стаг.
- 2021-чу арахь Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша йаздора, цхьа могIа регионийн Iедалхой кхоьруш хиларх кешнашкахь меттигаш лахлуш хиларна – хIетахь кхетийра цунах ковидан пандеми марсайаьлла нах баларца.