Къилбаседа Кавказехь адаман бакъонаш эшорах ООН-не дIахьедар дина бакъонашларйархоша

Соьода-ГIалара ницкъахой, гайтаман сурт

ЦхьанамогIа бакъоларйархоша ООН-не доклад дахьаийтина Къилбаседа Кавказехь адаман бакъонаш эшоран тоьшаллаш деш. Шен-шен хенахь дечу жамIийн хоршахь чуделла ду и документ. ДIахьедаран авторшлахь бу - Оьрсийчуьра "Правовая инициатива" цхьаьнакхетаралла, СК SOS кризисан тоба а, адаман бакъонаш ларйаран "Мемориал" центр а.

Докладехь охьадагардина 2018-чу шарахь дуьйна схьа Къилбаседа Кавказехь адаман бакъонаш эшорехь гулдина тоьшаллаш. Украинехь болчу тIамо боккха тIеIаткъам бина бакъонашларйархойн балхана, боху цара. Цу докладера деккъа цхьа дакъа ЛГБТ+ нехан бакъонаш эшорах лаьцна ду.

ООН-нехь болу и барамаш хIинца а къобалбеш бу оьрсийн Iедало, дуьйцу СК SOS кризисан тобан куьйгалхочо Мирошникова Александрас.

"Оьрсийчуьрчу Iедалца уьйр латторехь тхуна гIодеш и цхьа гIирс бу-кх. Цхьаьнакхетараллаша санна, оха (бакъонаш эшоран масаллех – Ред. билг.) Iедале оха дIахьедахь, цунах цхьа пайда кIезга хуьлу, ООН-н адаман бакъонийн кхеташоне тхан докладца декъахошхой-пачхьалкхаш йистхуьлчул а. Церан дIахьедаршна реакци ца йича ца бовлу Оьрсийчоьнан Iедалхой", - тIетуьйхира Мирошниковас.

Ша доклад бакъоларйархойн цхьаьнакхетараллийн зорбанан гIирсашкахь дIахIоттийна хир йу.

  • Нуьцкъала нах тIаме хьийсор, мобилизацина дуьхьаллонан гуламаш дIасалехкар, нах лечкъор, таIзараш дар, ЛГБТ-нахана, журналисташна, бакъонашларйархошна бо ницкъ, "сий лардеш", адамаш дайъар, хIоттамашкахь нах жоьпе ийзор, зударийн могушаллина эшам бо операцеш йар - цу адамийн бакъонаш Къилбаседа Кавказехь эшорна Вовшахтоьхначу къаьмнийн цхьанакхетараллин тидам тIебогIуьйтуш ду Оьрсийчуьра хьал дуьйцуш дина дIахьедар. Иза зорбане даьлла 2022-чу шеран гурахь.
  • 2022-чу шарахь Оьрсийчуьра бакъонашларйархойн "Мемориал" цхьаьнакхетаралла Нобелан премин лауреат хилира. Оьрсийчохь "Мемориал" "иноагентийн" тептар тIехь нисйелла. Генпрокураторо шен сацамца дIайохийна йу и. "Мемориал" цхьаьнакхетаралло Къилбаседа Кавказерчу адамийн бакъонаш ларйарехь мел боккха болх дIабаьхьна Кавказа. Реалии редакцига дийцира шаьш бакъонашларйархоша.
  • Украине тIамца чуйахарна зазадоккху-беттан 16-хь Европин кхеташонера арайаьккхина йу Оьрсийчоь. Цунна дуьхьало йеш, Москвано кхочуш ца до ЕСПЧ-но цу терахьал тIаьхьа шена тIедехкина декхарш. И низам Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шен куьг йаздарца тIечIагIдина мангал-беттан 11-хь.