Бертаза къайлабаьхначу нехан Дуьненайукъара де ду марсхьокху-беттан 30-гIа. Оцу терахьца доьзна дара Къилбаседа Кавказехь нах лечкъорах, бертаза къайлабахарх, оцу кепара гIуллакхаш толлучу заманчохь Оьрсийчоьнан Iедалхоша цуьнан терго цайарх "Верстка" гIирсан майданахь бакъоларйархой йукъа а балийна дийна дийцарш.
"Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра билгалдаьккхира, Оьрсийчоьно Украинехь лелош долу зуламаш шайн орамашца оьрсийн къайлахчу сервисаша Нохчийчохь лелийначу зуламашна тIедоьлху аьлла. "Мемориалан" хаамашца, Донецкера сепаратистийн хиллачу лидеран (Стрелков) Гиркин Игорян уьйр йу Нохчийчуьра бахархой нуьцкъаша къайлабаьхна хиларца цигахь шолгIа тIом боьдучу муьрехь, иза ша бехке ву мел кIезиг а 10 стаг лачкъорна.
Верриг а, чIагIдо Черкасовс, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш лачкъийна къайлаваьккхина кхаа эзарна тIера пхеа эзаре кхаччалц стаг, ткъа бехке бу аьлла, кхеле кхаьчна оцу тайпа диъ гIуллакх. Нохчийчохь бертаза лачкъийна бигинчех цхьа а дийна карийна вац йехха хан йаларх, цундела, бакъоларйархочунна хетарехь, уьш берриш а байина лорийла ду.
"Мемориало" теллинчу гIуллакхашкахула Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) 300 сацам тIеэцна арз динчаьргахьа – байинчийн гергарчаьргахьа а бовлуш. Амма, билгалдаьккхира Черкасовс, ЕСПЧ-н бакъо йац шайггара талламаш дIабахьа а, бехкечарна таIзарш дан а – цо компенсацеш кхачадо, тIедожадо Оьрсийчоьнан Iедалхошна талламбар. Оцу декъехь Страсбургера кхелан цхьа а сацам кхочушбина бац.
Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьал Командин" филиалан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас дийцира, Нохчийчохь организацино 2003-чу шарера схьа дуьйна болх беш хиларх. Бертаза нах лечкъорах зуламаш оцу заманчохь, хетарехь шолгIа тIом боьдуш Оьрсийчоьнан эскархоша лелийнехь а, 2009-чу шарера схьа дуьйна нах лечкъорна дукха хьолахь бехке хуьлу меттигера ницкъахой. Кадыровхоша кеп-кепара бахьанаш леладо нах лечкъочу хенахь – оппозицин хьежамаш бу, гIаттамхошца уьйраш хилла, ЛГБТ-векалш бу олий, иштта, масала, супермаркетехь къаьркъа эцна олий а.
Вансловас билгалдаьккхира, дукха хьолахь ницкъахоша стаг шаьш лачкъор бакъ ца до, йа и стаг сацийна шаьш олу, амма чIагIдо, хеттарш динчул тIаьхьа дIахецна олий. Бертаза нах лечъорах бакъоларйаран органаша гIуллакхаш дуьхьал дахахь а, церан талламбар формалехь хуьлу, малонца. "Iазапашна дуьхьал Командо" дIахьош хиллачу оцу гIуллакхашца доьзна цхьа а таIзар дина дац, ткъа оццу талламхоша "дахаран хьелашца" доьзначу бехктакхаман гIуллакхийн йист йоккху.
Бакъоларйархо, адвокат Аветисян Григор, бертаза лечкъийнарш Iалашбеш дуьненайукъарчу механизмаш тIехь болх беш ву. Оцу кепара гIуллакхаш ЕСПЧ-кхело листарх статистика йалийра цо. Цуьнгарчу хаамашца, 686 къайлаваьккхинчух бинчу латкъамех кхело бина сацамаш. Оцу нахах 610 вайна Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш, кхин а 55 – 2007-2017-чу а шерашкахь. Шина гIуллакхехь оьрсийн Iедалхоша тIечIагIдира валар, церан декъийн идентификаци йира, амма мича бахьанашца уьш белла къастийна дац, цхьанна а йа дина таIзар а дац.
Аветисяна билгалдаьккхира, хьалхо Оьрсийчоьнна кхело талламбар тIедожийнехь и сацам кхочушбен сурт хIоттадора, масала, 2011-чу шарахь Нохчийчуьра талламан комитетан структурехь дакъа кхоьллира дахначу шерашкахь байнарш толлуш. Делахь а хIетахь а, цхьа формалехь лелош барамаш бара уьш а, ткъа 2014-чу шарахь ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа совцийра уьш а.
Оьрсийчоь Европан Кхеташонна йукъара а йаьлла, ЕСПЧ-н сацамаш кхочушбан дуьхьало йинчул тIаьхьа бертаза лечкъийначу нахана гIо дечу дуьненайукъарчу механизмех йисинарш ООН-н гурашкара структураш йу – адамийн бакъонашкахула йолу комитет, Iазапашна дуьхьал комитет а, байначийн хьокъехь кхоьллина белхан тоба а. Оцу йукъанна, билгалдаьккхина адвокато, Оьрсийчоьно куьйг ца йаздина нуьцкъаша лечкъийначу нахах лаьттачу дуьненайукъарчу конвенцин.
"Политикан терроран гIирс" бу элира Аветисян Григора бертаза нах лечкъор.
ГIалгIайн "Машр" бакъоларйаран организацин куьйгалхо Муцольгов Мохьмад. Нуьцкъаша лачкъийна ву цуьнан ваша а. Цо дийцира, республикера лечкъийначу нехан тептарехь 230 стаг ву – тIаьхьо велла, йа набахьтехь "схьакарийнарш" а боцуш. Церан могIарехь ву Къилбаседа ХIирийчуьра Пригородный кIоштара гIалгIайн эвлашкара 23 вахархо. 2005-2008-чу шерашкахь лечкъийна бу уьш.
Таахана, Муцольговс бахарехь, нуьцкъаша лечкъийна бигинчу нахах доллу гIуллакхаш ГIалгIайчохь совцийна ду, бехкенаш билгалбаха ницкъ ца кхочу аьлла. Бакъоларйархочунна хетарехь, талламхой мелхо а шайн ма-хуьллу талламбар эвсара ца хилийта хьийзира. Цо билгалдаьккхина, нах лечкъорах долчу гIуллакхашкахула талламхойн биэндацарна Iаткъам бан кхечу регионашкахь таро йац, хIунда аьлча, оцу республикашкахь лаьттачу къоьлло аьтто ца хуьлуьйту адвокат лаца а, кхечу регионашка дIасабаха а.
Нуьцкъаша лечкъийначийн гергарчарна ЕСПЧ-н сацамашца кхаьчна ахчанаш, Муцольговс "харцо лелорна йасакх" йу элира. Цунна хетарехь, цул а коьрта дара церан бакъонаш хьешна хилар а, и тайпа гIуллакхаш талла пачхьалкх декхаре хилар а тIечIагIдинехь.
- Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь, бертаза нах лечкъош хилар масийттаза билгалдаьккхира дуьненайукъара организацеша, доккхачу декъанна, Amnesty International, Комитет по правам человека ООН, Human Rights Watch йукъараллаша. 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Европан Кхеташонна йукъара йаьккхира Оьрсийчоь, Украинана тIелатарна. Цунна дуьхьал жоп лучуш Москвано хьесап дира ЕСПЧ-н сацамаш цул тIаьхьа дуьйна кхочуш ца бан. Оцу кепарчу низамна куьгйаздира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира мангал-беттан 11-чохь.