Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГӀебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а аптекашкара дӀадевлла шуьйра лелош долу цхьа масийта а антибактериальни молханаш, йаздо "Известия" агенталло. Дуьйцург ду рокситромицин йолу молханаш - иза шуьйра лелош антибиотик йу. Цуьнца цхьаьна Росздравнадзоро харцдира и молханаш аптекашкахь цатоьаш ду бохург.
"Известия" зорбано, RNC Pharma компанин бинчу талламна тIетоьвжаш йаздо, 2024-чу шеран тIаьхьарчу барх баттахь рокситромицин щеца долу молха кӀезиг аптекашкахь кIезиг дӀасадаржийна хилар. Кху шарахь терахь дара 10,3 эзар пакет, иза 10 процентана гергга кӀезиг ду стохка оццу муьрехь хиллачул. Зорбано дийцарехь, азитромицин а, кларитромицин а, эритромицин а йукъахь долу молханаш а ду дуьйцург.
Росздравнадзоро и информаци а харцйира, хьалхарлера шерашца дуьстича, цу молханийн барам, тоьаш бу аьлла.
- Антибиотикашна дуьхьало йш йолчу патогенаша 2050 шо кхачале 39 миллион стаг вен тарлуш ду. И хаам бо Politico зорбано, Lancet олу Ӏилманан журналехь зорбане баьккхинчу талламна тӀе а тевжаш. Антибиотикашна дуьхьало йеш йолчу инфекцеша гIоьнча хила тарло кхин а 169 миллион стаг валарна. Талламхоша, нах баларан терахь алсам далара бахьан -юьртабахамехь а медицинехь антибиотикаш тӀех сов лелорна, хила тарло боху.
- Кхечу пачхьалкхашкара 196 -герга молханаш Оьрсийчуьрчу бахархойн эца аьтто ца хила тарло, йаздо "Холод" зорбано, могашаллин министралло шен куьйга кӀел йолчу медицинан учрежденешка йаздина кехат а теллина. Цу тӀехь йаздина ду Оьрсийчохь кхин арахоьцур доцу а, махка кхачор доцу а молханаш.