Къилбаседа Кавказехь уггар лакхара ду хьаькамийн алапа, къаьсттана лахара ду хьехархойн

Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, гайтаман сурт

Пачхьалкхан урхаллин сферехь а, Нохчийчохь тIеман кхерамзалла латторехь а 2023-чу шеран дечкен баттера зазадокху-батте кхаччалц йуккъерчу барамехь аьлча 56 эзар сом дара алапа. И гайтам Къилбаседа Кавказехь уггар а лакхара хилла, цу тIе Нохчийчохь дешаран сферехь йуккъера алапа – оцу гонашкахь а къаьсттана лахара ду. Зераш далийна Къилбаседа Кавказехула йолчу пачхьалкхан статистикан Федералан урхалло.

Йуккъера статистикера хьаькамо а, ницкъахочо а оьцу 56 291 сом, цул совнаха йуккъера официалан алапа республикехь 35 287 дара дечкен-зазадоккху а беттанашкахь. Дустуш аьлча: Ставрополера хьаькамийн а, ницкъахойн а алапа йуккъерчу барамехь схьаэцча - 50 эзар сом, Кхарачой Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – 53 эзар ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а – 54 эзар.

Цхьана шарчохь 18 процентана тIекхетта пачхьалкхан белхахойн а, ницкъахойн а алапа, республикера йоллу сферашлахь уггар лакхара а хуьлуш.

Оцу йукъанна Нохчийчохь дешаран белхахойн алапа хьалхарчу кварталехь 26 073 сом дара. Дустуш аьлча – Ставрополь-махкахь хьехархоша оьцу 34 эзар сом, ГIебарта-Балкхаройчохь – 31 эзар, Къилбаседа ХIирийчохь – 30 эзар, дагестанехь – 29 эзар. Цу тIе, зераша гайтарехь, Нохчийчохь дешаран сферехь алапа цхьана шарчохь лакхадаьлла 10 процентана.

  • Зазадоккху-беттан 13-чохь президенто Путин Владимира Кремлехь тIеийцира Кадыров Рамзан. Кадыровс бахарехь, регион хьалхайаьлла йогIу "Кхерамза, дика некъаш", "Дешар", "ХIусаман, гIалин хьал" къоман проекташ кхочушйарехь, иштта "Экологи" рейтингехь а. Цул совнах, 2022-чу шарахь Нохчийчохь инвестицийн тIегIа а лакхайаьлла бохура.
  • Оцу йукъанна Кадыров Рамзана ца дийцира президенте, официалан Оьрсийчоьнан статистикаца а догIуш, стохка Нохчийчоь белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, пенсеш а, хьехархойн алапаш лахара хиларна тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а, нехан таронаш цахиларехь а шаьш хьалхарчу меттехь хиларах.
  • 2022-чу шарахь Оьрсийчохь динчу социал-экономикин зерашца Къилбаседа Кавказера йиъ республика эшначу иттанна йуккъехь нисйелла. Билгалйаьхначу регионашкара хьал хьалхарчу шарахь хилчул гIоле а ца карийна.
  • 2022-чу шарахь Росстато зорбанедехира къоьла ловш болучеран хьолах хаарш. Уггаре хала йоллуш ГIалгIайчоь йу аьлла гайтира жамIаша - бахархойн кхозлагIа дакъа хала бохкурш бу. СКФО кхечу регионашкахь а дац церачул гIоле хьал. Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташа дийцира, Къилбаседа Кавказерчу республикийн къоьлех шайна хуург. Официалерчу зераша ма-дарра долу хьал цагайтарах дерг а.