Къилбаседа Кавказера адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна бюллетень арахецна "Мемориало"

Гайтаман сурт

Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" центро рогIера бюллетень арахецна "Къилбаседа Кавказ: бакъоларйархошна хетарг" аьллачу цIарца адамийн бакъонийн хьолах лаьцна. ХIинццалц зорбане даьхначу рапорташка хьаьжча, керланиг дерриг а аьлча санна Нохчийчуьра хиламех лаьтташ ду, иштта дуьйцу цу тIехь резонансе даьлла оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран ненан Мусаева Заремин гIуллакх а, адвокатана Немов Александрна а, журналистана Милашина Еленина а дина тIелатар, ницкъахо лаьттина Халитов Ясин лачкъор. Къаьстина талламан авторша жамIаш до Украинана дуьхьал бечу тIамо Къилбаседа Кавказана йуьтучу тIаьхьалонех а.

Рапортехь билгалдаьккхина ГIалгIайчохь а, тарло, Нохчийчохь а, гIаттамхойн жигарабовлар, ницкъахоша цаьрца латточу къийсамах а. Масалшна далийна ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь герзаш деттар, иштта Гуьмсехь, Iелин-Йуьртахь а.

Рапортан цхьана декъехь дуьйцу нохчийн Iедалхоша оппозицихь волу блогер Абдурахманов Тумсо вийна аьлла, сурт хIоттор, цунна тIаьххье цунах лаьцна оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан Iорадаккхар, цунах йиллина конфликт а хуьлуш. Нохчийн гонашкахь уггар а лараме хиллачу информационан шина ресурсо вовшашна бехкаш дахкарна тIехь Росгвардин хиллачу белхахочун, Оьрсийчуьра дIаваха гIоьртинчу Халитов Ясинан истори гучуйелира. Иза дозанел дехьа а валале хьалха IАДАТо цунах лаьцна хаамаш Iорабехира, бакъоларйархоша бахарехь, оцу тIеухала лаьцна хила а тарло иза.

Къилбаседа Кавказехь герзашца конфликташ алсамйийларан хьесап дина "Мемориал" центро ницкъахошлахь эшамаш хиларца. Масех шарахь дIоггара дукха бацара уьш – 2021-чу шарахь пхиъ лазийра, цул хьалха цхьаъ вийра. 2023-чу шарахь ГIалгIайчохь кхоъ вийна, 11 полицин белхахочунна чевнаш йира.

"Дукха хьолахь, кху шеран бIаьста-аьхка оха дIайазбийраш – хьалхо хуьлуш дерг кхин дIа а нисдалар а, кхиар а ду. Тоххара а санна лечкъош нах бу, Iазапаш леладо, бехкзуламан гIуллакхаш ийдо, оппозиционерийн гергарчарна Iаткъам бо. Билгалдаккха догIу къизаллица адвокатна Немовна , журналистана Милашина Еленина а дина тIелатар. Нохчийчохь журналисташна тIелетарш дар – норма йу, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара адвокатийн жимма хьалха а болх бан йиш йара цигахь", - билгалдокккху Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарехь адамийн бакъонаш Iалашйаран центран Кхеташонан декъашхочо Малыхин Владимира.

Цхьа могIа хиламаша – масала, гоьбевллачу оппозицин блогершна йукъара конфликто гойту, Нохчийчуьра бахархой Кадыровн рожана реза цахилар а, муьлххачу а цуьнан критиках теша кийча хилар а, кхин дIа дуьйцу спикеро.

"Сагатдо – цкъачунна статистикехь башха хаалуш доцчу – Кавказехь герзашца конфликташ йийлар кхуьуш хиларна. Къаьсттина, тIаьххьарчу шерашкахь ГIалгIайчохь герзашца йолу йоккха тоба шолгIа а жигарйаьлла. Дукха хан йоццуш уггар а маьрша регион лоруш йара иза Къилбаседа Кавказехь", - тIетуьйхира Малыхина.

  • 2021-чу шеран гIуран-баттахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело сацамбира "Дуьненайукъара Мемориал" дIайохош, ткъа Москва гIалин кхело оцу кеппара сацам тIеийцира "Мемориал" бакъоларйаран центран хьокъехь а. Бакъоларйархой бехкебира арахьарчу агентех низам дохорна. Оьрсийчоьнан Iедалхойн лелар политикан бух болуш, догIуш доцуш лерира "Мемориало". Бакъоларйаран шайн болх кхин дIа а беш бу "Мемориало" хIинца юридикан цIарца а боцуш, "Политикан тутмакхашна гIодар. Мемориал" бакъоалрйаран проект санна.
  • 2023-чу шеран зазадокху-баттахь дIайохийначу "Мемориал" центран куьйгалхочунна Орлов Олегана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхира, йуха а оьрсийн армина дискредитаци йар аьллачу артиклехь. "Мемориало" хаамбо цунах лаьцна шен телеграм-каналехь.
  • Нохчийчохь тIемаш боьлхуш нах лечкъийна хиларх, иштта Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх а йукъахь хIоттийначу рапортехь дуьйцу "Мемориало" а, "Бакъонан инициатива" проекто а. ООНе хьажийна цара и рапорт.
  • Карарчу хенахь Кавказ.Реалиин сайтана йиллинчу хьасташкара хууш ду, мел лахара а 4521 къилбера а, Кавказера а стаг валарх. Оьрсийчоьнан Iедалхоша билггал долу терахь лечкъадо, цундела баккъал а беллачех долу терахьаш кхин а дуккха а лакхара хуьлийла ду.