Марсхьокху-беттан 12-чу дийнахь Францера Страсбург гIалахь Германин а, Американ Цхьанатоьхначу Штатийн а векалташна хьалха дуьхьалонан акци дӀайаьхьира нохчийн диаспоран декъахоша. Иза хIоттийнера къайлахчу сервисан агент Красиков Вадим Оьрсийчоьне дӀаваларна дуьхьал. Ичкерин тIемалойн буьйранча хилла Хангошвили Зелимха верна велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хан тоьхнера цунна.
Гулбелларш эргIад бахийтинера юридикехь оцу кепара хIума дан бакъо йоццушехь, Красиков маьршаваккхарна, дийцина редакцин корреспонденте Нохчийн Ичкерия республикин сийлахьчу консуло Албаков Шемала.
"Киллеро зулам динчу Германин пачхьалкхехь хан токхуш хилла киллер дIалуш Ӏедалша хаийтина дац йа нохчийн диаспоре а, йа Ичкерин Ӏедале а, йа ур-атталла Хангошвилин доьзале а. Цу тIе, цхьа а Нохчийчуьра, йа Къилбаседа Качвказера схьаваьлла стаг вац хийцинчийн тептарехь", - билгалдаьккхира цо.
Къамелхочо билгалдаьккхира, масех бакъаоларйархо маьршаваьккхина хазахеташ ву ша аьлла, къаьсттина хьахийра цо дуккха а шерашкахь Къилбаседа Кавказан проблемашца къахьоьгучу "Мемориалан" белхахочун Орлов Олеган.
Верриг а цу барамехь дакъалоцуш вара 20 гергга стаг. Цигахь дакъалаьцнарш немцойн консулаллан векалшца зӀене бовла гӀоьртира, амма уьш дуьхьал ара ца бевлира протестхошна, шайн кхайкхам почтехула дIакхачабе аьлла.
Акцин декъашхоша карахь латтийра Ичкерин байракхаш а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан колонешкахь хенаш токхуш болчу Къилбаседа Кавказерчу республикашкара политикан тутмакхийн цӀераш тӀехь йолу плакаташ а. Царна юкъахь бу гӀалгӀайн протестийн хьалханчаш а, Дагестанера журналист Гаджиев Ӏабдулмумин а, Кадыров Рамзанан закъалтхо лору Мусаева Зарема а, Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь ОМОН-н белхахой тийсавелла Джумаев Сайд-Мухьаммад.
- Мангал-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Федерацина а, Малхбузерчу пачхьалкхашна а йукъахь хилира тутмакхаш хийцар - набахтешкара мукъабаьхна Путин Владимира гечдина оппозицин политикаш а, журналисташ а, ткъа Европехь кхел йина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахой Москва йухабирзира. Царна юкъахь уггаре а резонансе вара нохчийн гIаттамхойн буьйранча лаьттина Хангошвили Зелимха верна Германехь велла дӀаваллалц набахтехь хан токхуш волу киллер Красиков Вадим. Хьалхо политикца Навальный Алексейца хийца тарлучу нахалахь цӀе яьккхинера цуьнан. Цу гӀуллакхо нохчийн диаспорехь йитинчу реакцех лаьцна дийцира Кавказ.Реалии сайта тӀехь.
- Оьрсийчоьнел арахьа бехачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикашна дукхаза кIелонаш йина меттигаш бу. Царех цхьадолу тIелетарш йукъахдаха аьтто ца хилира. 2017-чу шарахь Киевехь герз тоьхна йийра Окуева Амина. Цул тIаьхьа масех де даьлча Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан вахархо, нохчех схьаваьлла Махаури Тимур. 2009-чу шарахь Венехь вийра Кадыровн хилла хадархо Исраилов Iумар. 2004-чу шеран чиллан-баттахь Катарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла Яндарбиев Зеламха.
- Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Германехь йехаш йолчу Хангошвилих йисинчу Циатиева Мананас (Раисас) дийцира, шена муха хетар дара шен цIийнда вийнарг Оьрсийчоьне дIавалар а, шена хетарехь, Зелимха верна жоьпалла хьанна тIехь ду а.