Польшерчу йаздархочо, журналиста Ягельский Войцеха 30 шарахь Кавказера, Централан Азера, Африкера кхерамечу меттигашкара репортажаш кечйора, иштта ворхI книга арахецна цо. Царах цхьаннан чулацамехь – "ТIулган бIевнаш" ("Башни из камня") – цо дуьйцу Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамах лаьцна.
Нохчийчуьра а, Украинерчу а тIемашна йуккъехь цхьанадаогIучух лаьцна дийцина Ягельскийс Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь.
– Уггар хьалха стенах лаьцна дийца лууш вара хьо, "ТIулган бIевнех" лаьцна йаздечу хенахь?
– Дагестанерчу Гимры эвлахь ломанан тIулга тIера йоза дара сан дегалаам гIаттийнарг: "ТIаьхьалонех ойла йеш верг турпалхо вац". Масхадов Асланан а (къобалйанзачу Ичкерин президент. – Ред. билг.), Басаев Шемалан а (нохчийн аренан буьйранча. – Ред. билг.) васташ схьагойтуш хийтира суна цо, тIаккха церан кхолламех лаьцна дийца лиира суна. ТIаккха цхьаъ, ах гергга бутт баьккхира ас нохчийн йуьртахь, бертахьчу доьзалца, тIаккха ойла хилира сан, тIеман хенахь рогIерчу нехан дахарх лаьцна истори а кIезга ладаме йац аьлла хийтира суна, аренан буьйранчех лаьцначу дийцарел а. ХIинца и дерриг цхьана книге гулдарна дохковаьлла со. Тахана иза а, важа а йаздийр дара ас.
– Нохчийчу муха кхечира хьо?
– Африкаца боьзна хилийта лаьара суна сайн болх, амма Польшан зорбанан агенталлерчу сан куьйгалхочо оцу хенахь хилла йолчу Советан Союзан къилбехь хуьлучух дийца аьлла хьийхира суна – Централан Ази, Кавказ а. Дуьххьара Гуьржийчу, Азербайджане, Эрмлойчу а оьхура со. ТIаккха Союз йоьхча, Нохчийчоьно шен йозуш цахилар дIакхайкхийча, Къилбаседа Кавказе лела вуьйлира со. Дуьххьара 1992-чу шеран дечкен-баттахь хилира со Нохчийчохь. ТIаккха луларчу республикашка лела хIоьттира.
– Нохчийчуьрчу Iедало хьан балхана дуьхьалонаш лелайорий?
– 1999-чу шарахь Нохчийчуьра шолгIа тIом болабаллалц цхьа а проблемаш йацара сан. Оцу хенахь оьрсийн Iедало низам йукъадаьккхира, Нохчийчохь болх бан луучу журналистана Кремлера бакъо а, йисте хIиттийна эскархой а хилар декхаре веш. Кехат даккха хала дара, салтеша го бина болх ца балора, цундела, низам а дохош, сайна хила мегачу тIаьхьалонех а кхеташ, вахара со кхехаташ ца дохуш. ТIаккха СНГ-н пачхьалкхашкахь оьшуш боцучу нехан тептаре ваьккхира со.
– Хьуна хьайна муха хийтира Нохчийчуьра тIом?
– Кхерамечех хьалхарниг а, цхьаъ бен боцург а хилира суна Нохчийчуьра тIом, лечкъа дийзира сан. Шен политикан Iалашонаш кхочушйархьама оьрсийн президента Путин Владимира болийна дуьххьара тIом и хилар гуш ду суна тахана. Iамораш лелоран полигон йинера цунахь. Оцу хенахь Кавказехь лелийнарг дагалаьцча, тахана Оьрсийчоьно Украинехь лелочух кхета атта ду суна.
– Кремло дIахьедира, зуламхойн тобанца бу и тIом, нохчашца бац аьлла. Хьуна хетарехь, хьаьнца беш бара Оьрсийчоьно Нохчийчохь тIом?
– Украинерчу фашисташца тIом беш йу ша боху Оьрсийчоьно. Нохчийчохь гIаттамхошца беш бу бохура и тIом. Дудаев [Джовхара] (Ичкерин хьалхара президент. – Ред. билг.) а, Масхадовс а Ичкери йозуш цахиларехьа къийсам латтийра, Оьрсийчоь чугIортар – и оцу пачхьалкхан чоьхьара гIуллакх цахилийтар йара цуьнан Iалашо. Амма гезгмашин-беттан 11 де дIадаьлча ("Аль-Каидо" ша жоьпаллехь йу аьлла йолу теракт Нью-Йоркехь йича. – Ред. билг.), джихадхошна дуьхьал болчу къийсамехь Оьрсийчоь Малхбузенан агIонча хилча, Нохчийчоьнан йозуш цахиларан агIончаша шайн меттиг халифатан агIончашна дIайелира – гергарчу Малхбалерчу бусулбачу радикалашкара ахчанца а, герзаца гIо хиларе догдохура цара.
ТIамехь уьш эшаран цхьа бахьана хилира и. Цул сов, даккхийра эшамаш, бохамаш хилча, Кремлан къизаллах кхетча, нохчий кхерабелира XIX-чу бIешарахь чергазийн санна кхоллам шайна хиларх. Оцу кепара тIом кхин и шина шарна бахбелле хиллехь, шайн пачхьалкхехь кIезга буьссур бара уьш.
– Дудаевца, Масхадовца, Басаевца цхьанакхетарш хилла хьан. Царах хIораннах лаций дийцахьа.
– Дудаевца цкъа бен цхьанакхетар ца хилла сан. Цхьа ларамаза оцу гIуллакхехь нисвелла турпалхо санна хийтира суна иза. Шена ца моьттучу кепара хиламийн мохо валийра и цига, амма халонийн муьрехь доьналлица чекхвелира.
Масхадов Аслан шех масала эца мегар долуш салти вара, доьналлица а, шен дашах жоп а луш вара.
Стереотипе Кавказерчу къонахчун санна васт дара Басаевн, наггахь корта дIабаьхьна волуш, массочу хIуманна кийча волуш.
– "Шеко йоцуш, цхьаволучунна турпалхо вара иза – ширачу эпосан, цхьаволучунна – кхерамечу триллеран" – иштта йаздо ахь цунах лаьцна хьайн книгехь. ТIаккха хьуна хьайна муха стаг хийтира Басаев?
– И вуно хIума хаа лууш, жоьпалла доьхуш стаг вара. Журналистаца долу къамел шена кIордийча, и хьулдан а ца гIертара иза. Суна хетарехь, къайленаш йара цуьнан, вайна хIинца а хууш йоцуш, йа, хетарехь, хуур йоцуш.
Суна хетарехь, и турпалхо вара, шен долучуьнца тIамна декхаре волуш. И ца хиллехьара, кхин башха билгалваьлла хир вацара иза, ур-атталла криминалехь нислур вара. ТIом хиларна кхуьуш лелла и стаг.
Репортеран, йаздархочун туьйранан ала мегар долуш турпалхо ву Басаев. 1995-чу шарахь Буденновскерчу дарбан цIийнахь йийсархой цо лецначул тIаьхьа, и турпалхо лорура. Изза цо Бесланехь дича, цунна неIалташ элира, зуламхочунна, террорхочунна санна. Делахь а, цунах лаьцна и ойла вай ваьш хийцира, амма иза ша верг виссира.
– ТIеман тийсдаларшкахь хьо нисвелча, нохчеш йолу ойла муха хийцайелира хьан?
– ТIамо наханна тIера маскаш дIайоху, цундела, суна хетарехь, нохчий кхин а кIоргера бевзина суна, маьршачу хенахьчул а. Царах кхин а чIогIа кхета волавелла со, царах къахета а.
– Украинера тIом дукхачу наханна Нохчийчуьрчу тIамца богIуш хета. ТIаккха хьуна муьлха цхьанадогIу хIуманаш го?
– Шераш дIадевлчча вайна гучудаьлла, Нохчийчоь Путинан Iамораш лелоран майда хилар, тIеман зенделларг гулдархьама. Цигахь санна методаш лелайо цо тахана, къинхетам цахилар гойтуш, маьршачу наханна дуьхьал къизаллаш а лелайо, украинхойн хьалханчаш эшийта гIерташ. Вайна йуха а хеза "зачисткех" а, "фильтрех", зударий хьийзорах, талораш дарх а.
– Нохчийчуьра бахархой Украинехь шинна а агIонехьа тIомбеш бу. ХIун башхалла йу царна йуккъехь?
– Селханалерчу кадыровхойх дукха нах партизанаш хилла бу. ТIаме болу тешам а байна, къам кIелхьарадаккхархьама Оьрсийчоьнца йукъаметтиг лелор – и кхин башха ца балалуш болу мах а бац аьлла сацам бина цара. Кадыровс шен куьйгкIелахь гулбина уьш, церан гIоьнца диктатура дIахIоттийна.
Украинхойн агIо лаьцна тIом беш бу, доккхачу декъанна, диаспорера нохчий. Шина тIеман ветеранаш, йа церан кIентий. ХIинца Ичкерина дуьхьа а бу цара беш болу тIом.
– Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом беш болчу нохчех "мажош йолу партизанаш" стенна олу ахь хьайн книгехь?
– "Мажош йолу божарий" – и литературин васт ду. 1959-чу шарахь Кубехь толам баьккхина болчу партизанех а олура иштта.
– Нохчийчоьнах лаьцна кхин йаздийр дуй ахь?
– Хаац суна-м. Ас хIинца а йаздо Нохчийчоьнах лаьцна ас болх беш йолчу Tygodnik Powszechny зорбанехь (хIора кIирнахь арахоьцуш долу Польшера йукъараллин-культуран журнал. – Ред. билг.). ТIаьххьара 2003-чу шарахь хилла со Нохчийчохь, цу тIаьхьа, со Оьрсийчохь персона нон грата хиларна, цига ваха а ца гIоьртина со.
***
1999-чу шеран гезгмашин-беттан 30-хь оьрсийн танкан эскарш Нохчийчоьнан дозане гIоьртира. Нохчийчуьра шолгIа тIом болабелла хан лору и, Москвано "Къилбаседа Кавказера контртерроран операци" элира цунах. Кхин а шина дийнахь хилира республикехь жигара тIеман тийсдаларш, амма официалехь КТО-н раж 2009-чу шарахь бен дIа ца йаьккхира. Оцу тIамехь хиллачу эшамийн бакъдолу терахьаш хIинца а хууш дац.