Къинхьегаман мигранташна уггар товш йоцу регионаш ю Нохчийчоь, ГIалмакхойчоь

Гайтаман сурт

Къинхьегаман мухIажарийн терахьех хIоттийначу рейтингехь тIаьххьара меттигаш дIалецна ГIалмакхойчоьно а, Нохчийчоьно а. Кху шеран шолгIачу эхашарахь 857 а, 1 284 а кхинхьегамхо ву дIаязвина болх бан веана. Иштта рейтингехь аутсайдер ю Къилбаседа ХIирийчоь – цигахь дIаязвина ву 2 686 стаг.

Къаьсттина дукха мигранташ гуттар а санна хаабелла Москвахь а, Подмосковьехь а, иштта Санкт-Петербургехь а, Ленинрадан кIоштахь а. Краснодар-мохк – кхозлагIчу меттигехь бу яздо, МВД-н миграцин статистикана тIехь "Финэкспертизо" бинчу талламехь. Цигахь билгалваьлла 86 эзар стаг – доллу мигрантийн терахьера шиъ сов процент хуьлу уьш.

2022-чу шеран шолгIачу кварталехь Оьрсийчу белхаш бан баьхкина 3,12 миллион арахьара вахархо, стохкалерачу гайтаме хьаьжча кхоазза сов бу уьш, тIаьххьарчу мел лахара а 6 шерачохь хиллачуьнца дуьстича, рекорде гайтам бу. Къаьсттина дукха мухIажарш леста Узбекистанера а, Таджикистанера а.

Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентерчу депутато, къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовса Саралиев Шамсаила хьийхира, дийнахь-буса а царна тIехь терго латтош, болх дIабаьллачул тIаьхьа аэропорте дIа а кхетош ерзон еза мигранташца лаьтта проблемаш аьлла.

Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра дIахьедира, боллу къинхьегаман мигранташ геноман регистрацих чекхбаха беза, хIунда аьлча, тIебаьхкинчара ден къаьсттина кхераме зуламаш Оьрсийчохь алсамдевлла.