Оьрсийчуьра "низамера къуй" криминалан йукъараллехь лаккхара меттигашкахь бу. Цара зуламхошна тIеIаткъам бо, йукъараллин дахарехь жигара дакъалоцу, низамза наркотикийн йохкар-эцар леладо, герз духку, жимачу а, йуккъерчу барамера бизнесна "бIаьрг-Iуналла" латтадо. Нохчийн "низамера къуй" муха хилла бу, царех Кадыров Рамзанан рожо хIун пайда оьцу, дуьйцу Кавказ.Реалии сайто.
Оьрсийчоьнан мехкашлахь нохчийн дуьххьарлера йукъараллаш хила дIайуьйлайелира 1970-чу шерашкахь, республикин дуккха бахархой белхаш лохуш республикел арабовла буьйлабелча. Иштта Москва а, Ленинграде а дешаран Iалашонца кхечира студенташ а, аспиранташ а. 1980-чу шерашкахь нохчийн диаспорех масех центр вовшахкхийтира: Москвахь, Ленинградехь, Тольяттехь, Нижний Уренгойхь, Ростов-на-Дону гIалахь, кхечу меттигашкахь а.
Криминалаца уьйр хилла нохчий меттигерчу бандиташца девнашкахь лаьттара. Цара къуьйсура къайлах бизнес. Цу муьрехь оцу гIуллакхашкахь дакъалоцуш бара шаьш " низамера къуй " боццушехь, криминалан дахарера дукхахдолу хIума къастош лелла нохчий: Сулейманов Николай ("Хьоза", 1994-чу шарахь вийна), Альтамиров Леча ("Леча-Лысый), Нухаев Хожа-Ахьмад ("Хожа", 2004-чу шарахь тIепаза вайна), Атлангериев Мовлади ("Руслан", 2009-чу шарахь вийна), Исламов Леча ("Леча Борода", 2004-чу шарахь кхелхина), Бисултанов Шамад ( 1997-чу шарахь кхелхина).
Къаьсттина ладаме лору цо республикера кхечу пачхьалкхашка дIабахана авторитеташ
"Низамерчу къуйн" нохчийн криминалан авторитеташца барт бан хьовсар шолгIачара "оха тхайна оьшург схьаоьцур ду" аларца доьрзура. Цу муьрехь хилла цхьаъ бен воцу нохчийн "низамехь къолахо" Балашихинский (Даудов) Султан, шен махкахошка хьаьжча, машаран векал хеталора.
Уггаре гIарабевллачу нохчийн рецидивистехь цхьаъ вара Мадуев Iела. Мадуев Сергей йара цуьнан шолгIа цIе. Хаамийн гIирсашлахь Совет-Iедалан тIаьххьарлера бандит аьлла билгалваьккхина вара. Цо хама ца бора къолахойн иерархин, "общак" чуьра ахча а лачкъадора. Ткъа 1980-чу шарахь адамаш дайъа волавелира и. Кхелехь цуьнга кховдийра 60 зуламехь дакъалацаран бехк. 1990-чу шарахь шен талламхочунна везавелира иза, цо вада аьтто а баьккхира цуьнан, - "Тюремный роман" кино йаьккхинчеран сюжет цу хиламан бух тIехь хIоттийна йара. 1995-чу шарахь Мадуевна тоьпаш туху кхел кхайкхира. Йуха иза хийцира гуттаренна чуволларан кхелаца. 2000-чу шеран лахьан-баттахь иза "Черный дельфин" набахте дехьаваьккхира. Цу шеран гIуран-беттан 10-хь иза кхелхира.
Кадыров Рамзанан "низамехь къолахой"
"Къолахойн низамаш къобал ца до аса. Нохчийчуьра къолахой гулбина, аса элира, Нохчийчохь долу шайн курхаллин гIуллакхаш дита деза аша. Вайн дуккха гIоле а, ладаме а кхин низамаш ду",-дIахьедира 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
Амма хууш ду, республикехь вехаш масех "низамера къу" вуйла. Масала, ГIиргIазойчуьра набахтера араваьлла цIавеана Батукаев Iазиз. 2006-чу шарахь адам дуьйш дакъалацарна, низамза наркотикаш лелорна, герз деш хиларна, низам дохош цхьаьнакхетарш дIадахьарна (тIаьхьо харц лерина долу иза маьршаваккхар бахьана долуш жоьпе озийна ву ГIиргIазойчоьнан хилла президент.)
2019-чу шарахь Нохчийчу вирзира кхин цхьа "низамера къу" - Домбаев Ахьмад. ШолгIа цIе Шалинский Ахмад йолуш. Цу хенахь республикера Iедал кхин масех криминал-авторитетна тIаьхьадаьлла дара. Уьш бара - Алиев Гилани ("Седой"), Эдильгиреев Ислам ("Большой"), Дукузов Казбек. ТIаьххьарниг бехке лерина вара Forbes журналан оьрсийн декъан редактор Хлебников Пол а, Нохчийчоьнан Iедалхойх хилла Сергунин Ян а верехь.
Низамах ца хьакхалуш, цаьргахула гIуллакхаш чекхдаха, и тайпа нах оьшуш бу
Нохчийн "низамера къуй" республикерчу Iедалхошца уьйр йолуш хиларан шеконаш тIечIагIйо 2022-чу шеран йуьххьерчу цхьана хиламо: Вай лакхахь вийцина Домбаев Ахьмад Туркойчохь дIалаьцча - тIаьхьо гIараделира Оьрсийчоь йита бакъо цуьнан цахилар. Иза лехаршка велла вара. Пачхьалкхера новкъарло йоцуш иза араваларо гайтира лерринчу урхаллашца и болх беш хилар, дийцира редакцин хьостано. Хаамийн гIирсаша бахарехь, цунах терра дара 2023-чу шарахь Оьрсийчуьра нохчийн авторитет Алиев Гилани, (шоллагIа цIе "Седой") аравалар а.
"Прайм Крайм" сайто мах хадорца, карарчу хенахь дийна а "айъинчеран" статусехь ву ворхI нохчийн "низамера къу" - Оьрсийчохь лелаш болчу криминалан хьалханчех ши процент йу иза.
Къуйн низам догIуш дац йа нохчийн ламасташца а, йа исламца а. Амма Кадыровс цаьрца уьйр латтайо. Церан гIоьнца федералан тIегIанехь шен лоттийла чIагIйо цо, боху редакцица къамелехь хиллачу Къилбаседа Кавказ толлучу эксперто, гуьржийн "Фонд Рондели" Iилман белхалочо Квахадзе Александра.
"Нохчийчоьнан куьйгалхо лерина ву болуш болу нохчийн "низамера къуй" схьагулбан а, церан набахтешкара тIеIаткъамийн а, арабевллачул тIаьхьа леларийн а авторитет хьалайаккха. Къаьсттина ладаме лору цо республикера кхечу пачхьалкхашка дIабахана авторитеташ. Цаьргахула цигарчу диаспорехь шайн болх бархьама",- шена хетарг дуьйцу къамелахочо.
"Низамерчу къуйн" башхаллаш толлучу редакцин кхечу къамелахочунна шен цIе йаккхийта ца лиира. Цо дийцира, Сталина цIерабаьхначу нохчаша, шайн дай нисбеллачу меттигашкахь, шаьш дол-долчохь, тайп-тайпанчу мехкашкахь криминалан тобанаш вовшахтохарах.
"ХIун пайда болу царех Кадыровна? Церан карахь хIун ду? Уьйраш йу, къайлах бизнес а. Цундела и тайпа нах куьйга кIелахь хилар гIоле ду. Цаьргахула низамах ца хьакхалуш, гIуллакхаш лелон таро йу”,- элира хьостано.
- Краснодар мехкан Тихорецкий кIоштан зуламхойн куьйгалхочунна 48 шо долчу Удовиченко Игорна (шолгIа цIе Крамор) долийна бехктакхаман гIуллакх. Иза зуламхойн иерархехь лаккхара меттиг дIалацарна бохучу артиклаца догIуш ду. 2015-чу шарахь криминалан авторитето Тбилисский Жорас (Георгий Манукян) кIоштара "положенец" статусе ваьккхира иза.
- Сочи гIаларчу кхело ца хуьйцуш йитира Долгов Юрийна кхайкхийна кхел - шатайпачу рожан набахтехь йаккха 12 шо хан туьйхира цунна. Бехке диллинарг дара низамза наркотикаш лелор, криминалан иерархехь лаккхара меттиг дIалацар. 2022-чу шарахь Долговна кхайкхийна кхел криминалан авторитетан "дарж цхьана ханна лелочунна" аьлла, Оьрсийчохь дуьххьара кхайкхош йара.
- ГIалмахкчуьра кхело бехкевира 37-шо долу Боджаев Церен. Цуьнан бехк лерира зуламхойн иерархехь лаккхара меттиг дIалацар. Луьрачу набахтехь йаккха бархI шо хан кхайкхира цунна, цхьана шарна, эха шарна цуьнан маршо йехкарца.