Кху деношкахь Адыгейхь вацочуьра ваьккхина Самаран кIоштара вахархо. Оцу тайпа хиламаш наггахь хилла ца Iа Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а. Верриг а ши миллион гергга стаг ву пачхьалкхехь лоллехь – и зераш дина дуьненайукъарчу бакъоларйархойн Walk Free тобано. Оцу проблемица къийсам латтабо цо. Украинана дуьхьал шуьйра тIом баьккхинчу хIокху цхьана шарахь эхашарахь муха хийцаделла регионера хьал, зен хьаьжира Кавказ.Реалии сайт.
Дуккха а гIишлош йеш, дуккха а белхан меттигаш болуш регионаш йу йоллу Оьрсийчохь, амма къаьсттина нах лоллехь бацор нисло къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь, чIагIдо "Альтернатива" волонтерийн боламан координаторо Никитин Алексейс. 12 шо сов хан йу адамаш маьршадохуш, цо болх бен.
"Йоллу Кавказехь, йуьртабахаман регионехь, къайлах экономика йолу регионехь аьлча санна, йуккъерчул а сов эккхаш процент йу адамаш дацорехь. Дика хьал дац, лелош латтанаш долуш, йакххий гIишлош йечу Оьрсийчоьнан къилбехь а. Дера аьлча, бан белхаш боцчу депрессиве Курганан кIоштахь кIезиг нисло нах лоллехь латтор. Дагестанехь, ХIинжа-ГIалин аэропортехь, шуна гойла ду кибарчигаш йен заводаш, цигахь бацабо нах, дуккха а нах маьршабаьхна оха цигара", - кхетадо Никитина.
Провинцешкара дуьйна белхаш лоьхуш йаккхийчу гIаланашка кхочу нах вокзалашкахь леца а лоьцуш, лолле буьгу
Къинхьегаман лолла уггар а кест-кеста нислун кеп йу – Оьрсийчохь нуьцкъаша вацор хьалхара ду, шолгIачу меттигехь – хьийзош латтор, кхоалгIачу меттигехь "къоьллан мафи", охьадагардо Мельников Олега, иза ву "Альтернативан" цхьахволу куьйгалхо. Цо бахарехь, оцу группашка нисваларан схема цхьатерра йу ала мегар ду: дика алапа лун долу болх хуьлуьйтур бу олу цаьрга, йа Iехабой дIабуьгу.
Муьлхха а экномикан хьал талхаро, хуьлийла и пандеми йа тIом, бертаза нах бацор алсамдоккху. Делахь а, кхаьрга орца доьху нах хIора шарахь алсамбовлуш боллушехь, билггал йолу статистика йалон чIогIа хала ду, кхин дIа дуьйцу Никитина. Лолле кхаьчна нах къевлинчу меттигехь латтабо, нахаца уьр латтор а шайн бIаьргашна хьалха бен ца могуьйту.
"Боллу леш багарбойла дац. Доьзалехь ницкъбар санна хIума ду хIара – неIарш къевлинчул тIаьхьа цу чохь дерг хаа йиш йац, массеран а аьтто ца болу бовда, йа цхьаьнга гIо деха. Наркотикаш йухкуш лела йаккхий тобанаш ма йу уьш. Фермеро лолле эцна хилла шеца машенахь нисвелла цхьа стаг. И бохург хIун ду, минот хьалха цхьа а хIума дагахь ца хилла цуьнан, цхьаъ куьйгакIел нисвелла-кх цуьнан. Хьанна хуур ду цунах лаьцна?", - дуьйцу къамелахочо.
"Фермийн, гIишлойн, заводийн долахошкара заказ"
Кест-кеста къинхьегаман лоллехь нисло цхьана геннарчу эвлашкара бахархой, йаккхийчу шахьаршкахь болх лоьхуш хуьлу уьш. Хьахор вай 57 шо долу Бусыгин Сергей. Стигалкъекъа-баттахь Дагестанера Каспийскана гена йоццучуьра кибарчигаш йечу заводера араваьккхира иза. ВорхI шо хьалха кхаьчнера иза кхуза, Москвара вокзалехь цунна дика болх хилийта тIелаьцнера.
Оцу стага дийцарехь, доллу кехаташ схьадаьхнера цуьнгара, иза "Дагестане схьавалош дайина ахча" меттахIоттон деза цо аьлла. Алапа луш ца хиллера цунна, сих-сиха йетташ хиллера, кхерамаш тийсинера, нагахь цунна вада дагадагIахь а, полисхошца шайн уьйраш йу бохуш. ГIорийна хиллера Бусыгин, оцу тIехула когийн пIелгаш дIадехира цуьнан.
"ХIинца Сергей маьрша ву, гIуллакхаш вон дац цуьнан. Цуьнан кехаташ меттахIиттийначул тIаьхьа, кхачам боллуш могушалла меттахIоттон цхьана хIусаме нисвийр ву иза оха", - дийцира къайлах Къилбаседа Кавказера "Альтернативан" волонтеро.
Алтайн кIоштара 44 шо долчу Рыжков Викторца хилларг а ду иштта: Москвара кхаа вокзалан майданахь Дагестане балха вербовка йира цунна, тайна хьелаш хир ду, лаккхара алапа а лур ду шаьш аьалла.
Заводе и стаг дIа ма кхаччора, документаш схьадехира, вуьйр ву а бехира, ницкъахошца шайн зIенаш йу а бехира. Шен гергарчаьрца зIене вала ка йелира Рыжковн, волонтерийн гIоьнца маьрша а ваьккхира иза. Къинхьегаман лоллехь шина кIиранахь гергга бен ца Iийра иза.
ХIара тайпа гIуллакхаш кегон ца лаьа таллмчашна, хьалхара хаттар ма делли- чекхдолу дерриг а
Никитина дIахьедарехь, Дагестанехь тIаьххьарчу шина шарчохь масех кибарчигаш йен завод дIакъевлинехь а, махкара лоллица лаьтта проблема йерзонза йу.
"И йоллу заводаш де-юре йасакх дIа ца йаларна, йа экологин хьал талхарна дIакъевлина йу боху. Амма де-факто, лоллица йоьзна скандалаш бахьана долуш. Цхьана ханна дIатийна. Делахь а, бахаман а, фабрикийн а масех долахо кийча ву леш леца, йа къаьркъанан шишанах, йа йетташ а, кхерош а", - боху "Альтернативан" координаторо.
Бертаза адамаш дацоран бахьанаш дузу боламан жигархоша пачхьалкхера экономикан хьал талхарца а, йуьстахчу эвлашкахь бан болх цахиларца а, иштта фермийн, гIишлошйайтаран, заводийн долахошна Къинхьегаман кодексаца белхалой дIахIиттон лууш цахиларца а.
Москвахь ахча а, кехаташ а дайна Худайбердин Мухьамат, Оренбурган кIоштара веанера. Ставрополь-махкахь даьхнийн комплексехь бан болх хир бу аьллера цуьнга, амма Дагестане кхечира иза, цигахь шина шарчохь ораматаш кхиаен чохь а, гIишлош йеш а къахьегначу цунна 30 эзар сом бен ца делира. Цхьанхьа болх бечу Худайбердинна вевзинера Тюменан кIоштахь да-нана доцчу хIусамехь кхиъна Гиска Михаил. Иза а хиллера Москвахь Iехийна, Дагестане валийна, кхузахь Каспийн хIордайистехь садоIучарна цIенош деш вара иза. 2023-чу шеран мангал-баттахь Худайбердин а, Гиска а маьршаваьккхира.
Къилбаседа Кавказера "Альтернативан" волонтерна хетарехь, бацон мел буьгучу нехан дийцарш цхьатерра хуьлу, регионаш йукъахь кхин йоккха башхалла а ца хуьлу.
"Йоккхачу шахьаре кхаьчна провинцешкара бахархой вокзалехь карабоьлху. Цигахь болх беш йу леррина дIахIоттийна цхьа тоба, оха "вербовщикаш" олу царех. Фермийн, гIишлошйархойн, заводийн долахошкара заказ хуьлу цаьрга кхаьчна. Масала, Нохчийчуьра ферме пхи стаг оьшу – уьш вовшахтухий, "заказчике" дIакхачабо. "ХIора белхалочух пхеа эзарна тIера итт эзаре гергга ахча ло царна" уьш схьа ма баллий", - кхетадо волонтеро.
ФСБ-ра а, полицира а"вербовщикаш"
Нохчийчохь лоллехь кхо шо даьккхинчу Узбекистанера Самарин Алексейс дийцира, 2020-чу шарахь, ша ФСБ-н белхахо ву аьллачу Устинов Александр цIе йолчу цхьана стага даьхнийн фермехь болх бу аьллера шега, баттахь итт эзар сом алапа а луш. Самарина дийцарехь, алапа-м цкъа а ца делира цунна, йуург а дийнахь цкъа бен луш йацара. Баттахь шозза, массарна а хаза хозуьйтуш, къамел дойтура цуьнга гергарчаьрца. Цкъа телефонехула вистхуьлучу Самаринан аьтто белира шегара ледарчу хьолах йишига дIахаийта, эххар а оцу стеган ка йелира водуш.
Самарин Алексейна болх белларг ФСБ-н белхахо билггал хиллий, официалехь тIечIагIдойла йац. Амма бакъду, хIара дуьххьара хилла хIума дац, лоллехь латторна ницкъахой бехкебеш. Масала, 2023-чу шеран чиллин-баттахь бацийначул тIаьхьа бовда ницкъ кхаьчначара бехкебора полисхой, шаьш Ставрополера фермехь охьадахкарна.
33 шо долчу Николайчик Алексейн а изза истори йу. Болх лоьхуш Ставрополе кхаьчнера иза, къаьркъа меллла каравеча полицин декъе вигира иза, цул тIаьхьа Грачевка эвлара устагIий лелочу долахочуьнга дIавеллера.
Полицин белхахой "могIарера вербовщикаш санна лелла", шайн практикехь дуьххьара хилла хIума ду элира Никитина.
"Стаг "воьхкина-эцна" йа "долахь лелош ву стаг" аьлла, тоьшалла дан хала ду, дукхахберш латтабо кхерамаш туьйсуш, декхаршка а бахийтина. Нах ца теша оцу кепара зуламаш цхьаммо луьсту аьлча, цундела Iедалан органашка ца хоуьйту цара",- бохура кхамелахочо.
Никитинна хетарехь, цхьа шаблон йу: нагахь и стаг гIад дайна висинехь а, арахь висахь а, цуьнах парггIат пайдаоьцийла ду, цунна цхьа а кепек ца луш.
"Ла а дугIур дац, оцу стагана болх бан ца лаьа маьхза, йа бепиган йуьхьках, йа къаьркъанах бохучуьнга. Дуккхаъчарна лолла ца хета и, фермеро воьжначуьра хьалаэцна иза – ала тарло кIелхьараваьккхина, лолла ца эцна", - дуьйцу "Альтернативан" векало.
Оьрсийчохь лелачу низамца а догIуш, бертаза стаг вацор – адам дохкар а санна – таханалера лолла лору, иза доккха зулам ду. Бехктакхаман кодексера "Стаг лачкъор", "Бакъо йоцуш маршонах ваккхар", "Нах бохкар", "Лоллехь нах бацор" олучу Iедалан артиклашкара ду и а.
Дагестанхойн юристана, шен цIе къайлайахьар дийхира цо, хетарехь, 127-чу Iедалан къепехула гIуллакхаш цхьа наггахь бен ца доладо.
"Стаг вацийна аьлла, тоьшаллаш гулдан чIогIа хала ду, талламчашна ца лаьа оцу кепара специфике гIуллакхаш листа. "ДIабаха йиш йара, хIунда ца бахна?" – оцу хаттарца доьрзу дерриг а. Ницкъбеш латтор, тIехь Iазап хьегийтар – экспертиза йича гучудала тарло и, амма дукха меттигашкахь лоллехь нах латточара психологин кепаш лелайо: кхерамаш тийсар, документаш схьадахар, декхаре воллар. Оцу меттигашкахь зулам дина хиларан билгало тIечIагIйан а, гIуллакх листа а дукхазза халох ду, йиттина хиларх тоьшалла дечул а", - кхетадо юристо.
Лоллера нах бохуш болх бечу Оьрсийчуьра организацешна пачхьалкхо латтош гIо дац, наха лучу ахчанашна тIехь схьабогIуш бу уьш. Оцу йукъанна кест-кеста ницкъаллин органашца цхьаьна болх бан безаш хуьлу, боху "Альтернативан" координаторо Никитина.
"Къинхьегаман лоллех кхочучу хаамийн терго йо полисхоша, доьзалехь ницкъбарх хааман санна: "Уьш церан шайн цхьа къийсамаш бу. Белхалочо цхьаъ дуьйцу, долахочо – кхин дуьйцу, хьуна хаал мила бакъ ву, мила харц ву цхьанна алапа ца ло баьхча. Хан а йойуш, цигахь кегарш дан тхан хIун гIуллакх ду". Оьшучу меттиге машен а йахийтина, оцу стагана водуш гIо дан тхуна аттох хуьлу. Амма цуьнан паспорт а шегахь делахь - гуттар а тхоьгахьа ду. Кехаташ дацахь а, вада йиш йу, паспорт тIаьхьо меттахIоттон мега", - билгалдоккху бакъоларйархочо.
- 2023-чу шеран дечкен-баттахь Iазапашна а, кхиндолчу къизаллин, адамалла йоцчу, стеган сий дойу кеп цуьнца лелорна дуьхьал йолу Конвенци Iалашйарх рапорт кховдийра Оьрсийчоьно ООН-е. Оцу документаца а догIуш, стохка лоллехь стаг латторна аьлла бархI зулам билгалдаьккхира. Шина гIуллакхехула бен таIзар ца кхайкхийра.
- 2022-чу шеран оханан-баттахь Ростов-на-Дону гIалин кхело Дагестанера Батайскера виъ вахархо бехкевира лоллехь нах латторна, ялх шарера итт шаре кхаччалц шогачу хьелашкара колонихь йаккха хенаш н туьйхира царна. Лахьан-баттахь Волгоградан кхело таIзар дира фермашка бацон нах бухкуш хиллачу зуламхойн тобанашкара кхаа декъахочунна. Набахтехь даккха итт-итт шераш туьйхира царна.