"Коьрта мостагI - бусалба": Оьрсийчуьра набахтешкахь Къилбаседа Кавказера бусалбанашна гIело йар

Набахтехь ламаз деш бу бусалбанаш, гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело йухатеттина Навальный Алексейн юридикан министралле хьажийна ши иск. Цо тIедожийнера, дин лелон маршонна доза тухучу низамийн пункташкара масех бакъо нийса цахилар къобалдар. ФСИН-ан белхахошна "боккха кхерам" го исламан дин лелочу нахера, дIахьедина оппозиционеро. Кавказ.Реалиин корреспонденто къастийра, муьлха спецификан проблемаш Iиттало Оьрсийчуьра набахтешкахь латточу бусалба нахах, ницкъахоша цаьрца харцо лелор стенца доьзна ду а.

Навальный вистхилира кхелехь видеозIенехула Ямалера номер 3 йолчу колонира. Цуьнан цхьахдолу арз хьакхалора гIуда тоьхначу изоляторчохь цхьана жайнел сов магош цахиларх. Политикна хетарехь, тутмакхашна магош дац шайца тоъал книгаш лелор, цаьрга дин Iама ца дайтархьама. Къаьсттинчу шеконашка оьцу цара ислам Iамош берш.

"Вайн набахтен системина, йоккхачу организацина керла мостагI карийна шайна. Оцу керлачу мостагIах бусалбанаш олу. Дин лелош болу бусалбанаш а, дин Iамош берш а. Цунна лерина, "баьццарра движца" (бусалбачара терго латтон колонеш. – Редакцин билгалдаккхар) къийсам латтон даим а цхьацца дозанаш кхулла шайггара, цара новкъарло йо дин Iамочу адамашна", - дIахьедира кхелехь цо.

ШолгIа латкъам хьакхало йуучух. Цунна лерина тутмакхашна луш 15 минот йу, и бахьана долуш йовха йуучо багабо уьш, аьлла Навальныйс. Лакхарчу кхелан цуьнан цхьана а латкъамехь ца карийна колонешкара низамаш хийца цхьа а бахьана: кхелахочо Нефедов Олега ший а иск йухатеттина.

Дин лелон бакъо а йоцуш

Динан бакъонаш хьоьшуш хиларна тIехула тутмакхаша протесташ йо йоллу пачхьалкхера набахтешкахь. Дечкен-бутт йуккъе баьллачу заманчохь бусалбанаша, иштта Къилбаседа Кавказара схьабевлларш а йукъахь болуш, мацалла кхайкхийра Курганан номер 2 йолчу колонихь. Цул а хьалха набахтен администрацино камераш чохь талламш бира динан литература схьа а йоккхуш, ткъа ФСИН-н белхахоша питана дира тутмакхашна, церан КъорIан лаьтта а кхуьйсуш, дийцира Дагестанера тутмакхо Муртазалиев Омара Gulagu.net проекте.

Дечкен-беттан 11-чохь шайгара хIуманаш схьайаьхчхьана хан токхуш болчу бусалбанаша мацалла ловш йу: цара тIедожийна шайн хIуманаш охьайахка, ишта динан литература а аьлла. Кавказ.Реалиица динчу къамелехь Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владаимира дIахьедира, 20 гергга бусалбанашна йиттина аьлла.

ГIалгIайчуьра тутмакхо Цуров Вахас дийцинера динан ламасташ шаьш лардарна Карелира колонихь ницкъ бо шайна аьлла. Кхелашка 20 сов искаш йелира Цуровс, цо латкъам бора лоьрийн гIо ца кхачорна а – дискриминацина дуьхьал протест йеш 2018-чу шарахь ша шен гех винт хьовзийнера цо, ткъа некхах маха боьллинера. Цуьнга хьоьвсинчу набахтен лоьраша дарбан цIийнера лоьраш тIе ца кхайкхинера. Набахтен администрацино масийттаза бехкаш даьхнера цуьнгара гIуда а тухуш, шен-шен хенахь ламаз дарна.

Кхечу искехь цо билгалдаьккхира, имам кхайкха аьлла шен дехар колонин администрацино тергамза дуьту, ткъа гIуда тоьхначу изоляторчохь динан литература йехча - ца йелира шега аьлла. Цул совнах колонин белхахоша нуьцкъаша корта баьшнера цуьнан. Цуьнан латкъамийн цхьа дакъа кхочушдина.

ГIебарта-Балкхаройчуьра Каменка эвлара номер 3 йолчу колонира йалх тутмакхо цIе теснера номер 3 йолчу колонихь дечкен-беттан 9-чохь, шаьш гIуданан изоляторчу (ШИЗО) дохкарна дуьхьал. ШИЗО-н шина камеричуьра тутмакхаша, шаьш чохь латточу камеричуьра хьелаш жимма аттачу дахар тIедожош.

ФСИН-о тIечIагIдира колонихь цIетасар, амма бунт гIаттийнера бохург бакъ ца дира.

Тоххара оцу колонина латкъамбинера цхьахволчу тутмакхан Алиев Халисан хIусамнанас. Цо хаамбинера, къоман билгалонца ФСИН-н белхахоша шен хIусамдена Раджабов Мурадана а, Азербайджанера а, Дагестанера а шина тутмакхна а тIехь сийсазаллаш лелорах. Раджабовн йуьхьа тIехь чевнаш йоллушехь, ОНК-хь дIахьедира, йиттина бохург бакъ дац аьлла.

ГIуран-баттахь Ангарскера колонихь бунт гIатторца доьзначу гIуллакхехула бехкевинчу Нохчийчуьра Хайдаев Хьумида мацалла кхайкхийра Иркутскера номер 1 йолчу СИЗО-хь. Бахьана хиллера изоляторан администрацино дискриминаци лелор – лаьцначунна кхоьхьуш хиллера бусалба нахана магийна йоцу йуург.

ХIара истори нахала йаьллачул тIаьхьа, колонин администрацино йистйаьккхира оцу хаттаран. Хайдаевс йукъахйаьккхира кхайкхийна хилла мацалла. Къилбаседа Кавказера тутмакхашна гIо латточу "Гражданское содействие" программин координаторо Титиев Аюба бахарехь, Иркутскера СИЗО-ра рацион хийцайеллера, цуьнан хьаькам ханна садаIа вахначул тIаьхьа.

Ша мацалла кхайкхош хилар дIахоуьйтуш кехат чуделлера Хайдаевс гIуран-беттан 13-чохь. Цуьнца цхьаьна йуучух дIахедира бунтах лаьттачу гIуллакхца воьзначу кхин а цхьамма. Цо протест йинера шен хIусамнана тIе ца йитича шена.

"Гражданское содействие" комитетан хаамашца, цаьрца мацалла кхайкхийра кхин а масех тутмакхо, камераш чохь шийла йу аьлла. Тутмакхашна къаьстинера, СИЗО-н администрацино камераш чуьра йовхо дийнахь дIайоккхуш хилар, оцу тIехула буьсанна йохйала ца ларайора уьш, хIунда аьлча, арахь температура цкъацкъа охьайолура 20 градусе.

Колонин куьйгалло оцу хаттаран йист йаьккхира цунах лаьцна шуьйра дийца даьккхича. Цул тIаьхьа Хайдаевс шина кIиранах латтийна мацалла йукъахйаьккхира. ХIинца СИЗО-хь йуург эйийр йац жижигаца, билгалдаьккхира "Гражданское содействие" программин белхахоша.

КХИН А ХЬАЖА: Делах теша бакъо йоцуш: Кавказерчу тутмакхаша набахтешкахь гIело йарна аьрзнаш дина

"Бусалбанашца цхьаьнакхета ца лаьа

Тутмакхийн бакъонаш хьоьшуш хиларх дIайаздо йоллу Оьрсийчухула а. И доладала тарло и стаг лаьцча дуьйна, хьалхара таллам бечу муьрехь чIогIа даьржина ду Iаткъам бар, делахь а, къаьсттина харцонаш кхечаьрцачул а алсам лелайо Къилбаседа Кавказера схьабевллачаьрца. Уьш сих-сиха Iиттало гIелонца, Iазапаш хьегийтарца, церан сий дойучу, бахьана доцуш таIзар дарца, аьлла ду анализан а, конфликташ йукъахйаха а вовшахтоьхначу Центран бакъоларйархойн рапортехь 2021-чу шарахь.

Дин лелорна дозанаш детта кест-кеста кавказхошна а, бусалбашна а, царна хало ду хенал а хьалха арабовла хьовса, билгалдоккху дIахьедарехь. Хьал тахана а иштта ду, тутмакхашка бала хьоьгуьйту ФСИН-н белхахоша. Царех дукхахболу погонаш лелораш Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцна бу, кхетадо бакъоларйархочо Титиев Аюба.

"Пенитенциаран системин белхахой а хилира оцу къизачу меттигашкахь, царна бусалбанаш а, кавказхой а – цхьа къаьстина каста йу, цаьрга цабезам латтабо. Оцу тIехула нислуш йу оцу тайпа харцонаш", - аьлла хета цунна.

Кхечу динан векалшка бала ца хьоьгуьйту набахтешкахь, бусалбанашка санна

Муьлххачу а таIзар динчунна атта хуьлу шен дог-ойланца богIу нах лахар керлачу мостагIчун гонехь – и оьшуш ду, харц-бакъ хене вала, билгалдоккху Титиевс: "Кхечу пачхьалкхашкара а, мехкашкара а бусалбанашца цхьанакхета бусалба нах. ГIирмин гIезалой колонихь вайн кавказхойн бусалбанех дIакхета гIерта, цундела гамо цаьрга а цхьаьна хулу".

ФСИН-н куьйгаллина ца лаьа бусалбнийн вовшахтохараллаш хила тобанашкахь, цундела кеп-кепара дозанаш детта цара, кхин дIа дийцира къамелдечо. Цунна масална далийра бакъоларйархочо "набахтера джамаIатан" гIуллакх. Колонихь ДаIиша гаранаш кхоьллина цара бохуш, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал даьхна бIеннашкахь бусалбанашна. Бехкебечарех дукхахболчарна 24 шаре гергга хенаш йиттина "террорхойн" артиклашкахула.

"Дукхахйолчу колонишкахь йоцуш йу бусалбанашна лерина ламазан чоьнаш. Уьш йолчахь а, дIакъуьйлу, йа доза тухий болх бойту, масала, сахьтехь – делкъан хан хиллалц, цхьана сахьтехь – цул тIаьхьа а. И хила йиш йац: дийнахь пхоьазза ламаз дан дезаш ву бусалба стаг. Православин килсаш дукха хьолахь йиллина хуьлу. Иза а дискриминаци йу динан билгалонца лелош йолу", - дийцира Титиевс.

Цо бохучунна тIетов "Тутмакхийн бакъонаш Iалашйар" фондан юрист Гельмель Яна. Цо бахарехь, колонишкара кхечу динан векалш ца хьийзабо оццул чIогIа, бусалбанаш санна. Масала, ФСИН-н сайтехь кест-кеста гойла ду православин дезачу денца декъалбар, цкъа а ца хуьлу – бусалбанийн денца декъалбар, терго йо къамелдечо.

"ХIуьтаренаш лелор хьажийна ду исламан дин лелочарна дуьхьал, наггахь ФСИН-н белхахоша динехула питанаш леладо, чохь йаккха йисина хан кIезиг йисинчу тутмакхашца. Цара къепе йохийна а олий, кхин а хенаш тIейетта царна, йа керлачу артиклашца чу бухку", - билгалдоккху цо.

"Радикализаци йеш, девнаш доху"

Кест-кеста колонишкахь бусалба нахана хьалал йоцу сурсаташ ло, ламаз ца дойту, ламазан кузаш, жайнаш схьадоху – оцу доллучо а радикализаци йо, таIзарш токхучу бусалбанашна а, набахтен куьйгаллина а йукъахь девнаш латтадо, дийцира Кавказ.Реалии сайте адвокато, цуьнан белхан цхьа дакъа ду – тутмакхийн бакъонаш Iалашйар.

Вайн пачхьалкхера система мостагI лохучу тIехь йина йу, ткъа хIинца и мостагI ву - бусалбанаш

Дин лелорца дозанаш деттар доьзна ду, петенциаран система тутмакх кагван хьажийна хиларца, иза кхетон хьажийна йац, аьлла хета экспертана. ФСИН-н белхахошна йукъахь шайн карарчу Iедалх там хуьлу нах бу, бусалбанашна коьрта долу хIума дIа а доккхуш, шайниг толон хьийза уьш.

Нагахь санна, хIума эца хIиттийначу кехаташ тIехь йазйина "хьакха" йелахь, котам цига хIоттор йац, тешна ву адвокат: "Оцу хьолера волу цхьа некъ хила тарло -тутмакхийн рациона йукъа жижигах йоцу йуург йахийтича, хьалал йоцург дIа а йаьккхина".

Цунна тIетов Гельмель Яна а: цунна хетарехь, жижигах йоцу рацион йукъайаккхахь, оцу проблемин иралла дIайаккха тарлора. Бакъду, оцу хьоло йоллу проблема йерзор йац.

"Халахеташ делахь а, вайн пачхьалкхера система мостагI лохучу тIехь йина йу, ткъа хIинца и мостагI ву – бусалбанаш. ХIора меттигашкахь цхьадолу хеттарш листа йиш йу, амма боллу бусалбанаш бийцахь, цо кхузахь гIо дийр дац цхьана а кепара", - тешна йу Гельмель.

Билггал хьал нисдан оьшу федералан низамехь тIетохарш дар, цаьрца а догIуш, болх бан йолалур йу йукъараллин тергамчийн комисси, билгалдоккху профилан адвокато. Цара могуьйтур дара динан организацешна дуьххьалдIа шайн векалш тергамчийн комиссешна йукъабахийта, цул тIаьхьа имамаша официалан статусехь могуьйтар дацара делах тешачарна гIело латтон.

  • Эца а оьцуш, дийнахь дан деза пхи ламаз дар а, иштта мархийн бутт кхабар а – хIорш тутмакхийн коьрта проблемаш йу аьлла, билгалдаьккхинера "Гражданское содействие" йукъараллин аналитикан рапортехь.
  • Бусалба дин лелон Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Узбекистанера а веа таIзар динчо дIахьедира Ульяновскан кIоштара набахтен белхахоша шайна тIехь гIело латторах а, шаьш лело дин бехдарх а. Чохь бахкочара дийцарехь, нуьцкъаша мажош йаьшна церан, динан литература дIайоккху, ламаз ден кузаш а ца дуьту, шаьш бохург ца дахь, йетта шайна аьлла. Оцу кепара бусулбанашца лелар даьржина хIума ду Оьрсийчоьнан пенитенциаран хьукматашкахь, билгалдоккху бакъоларйархоша, ткъа Делах тешачийн дог-ойла сийсазйарх артиклах пайдаоьцу жигархошна тIаьхьабуьйлуш.
  • Gulagu.net проектан авторо Осечкин Владимира а, Гарвардан университетан Iилманийн докторо Миронова Верас а дийцира Кавказ.Реалиин редакцина, Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусалба нах муха хьийзабо.
  • Стохка зазадокху-баттахь дийца даьккхира номер 2 йолчу колонихь ирча Iазапаш хьегийтарх: колонин белхахой бехкебора Дагестанера тутмакх Атимагомедов Магомед хьийзорна. Экспертизо тIечIагIдира, хьаштагIчуьра щеткица иза хьийзийна хилар, ахшо сов хан йайира адвокаташа, бехкечарна дуьхьал гIуллакх даккхийта.
  • Тутмакхна тIехь гIело хьегийтарца доьзна кхин цхьа йоккха скандал хилира, Тангиев Тимур бахьана долуш. ГIалгIайчуьра вахархочо латкъам бинера регионера масех колонешкахь чохь латточийн бакъонаш ларйеш цахиларх. Ахчанаш дахарх, Iазапаш хьегийтарх нах байарх ша шена тIе куьйгаш хьочу хьоле ваккхарх, шайггара бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал ийдарх лаьцна видеокхайкхам дIайазбира цо. Тангиевс бахарехь, и дерриг а царна тIехь латтош хиллера регионера ФСИН-н хиллачу хьаькамна Арсланов Михаилна а хууш.