Ямало-Ненецкан автономин гонашкара Харп эвлара номер 18 йолчу колонихь ("Полярная сова") вийна Нохчийчуьра вахархо Мукаев Арсан. Велла дIаваллалц хан тоьхна хилла вара иза, 13 стаг, шайлахь ницкъахой а болуш, байъарна. Талламан хаамашца, Мукаев вийна цуьнца чохь хан токхуш хиллачо, коьртах кибарчиг а тоьхна.
Мукаевн валарх лаьцна оршотан дийнахь хаамбира социалан машанашкахь а, телеграм-каналашкахь а, Кавказ.Реалии сайтана информаци бакъйира, хьалхо иза Iалашвеш хиллачу адвокато. (Редакцино цуьнан цIе ца йоккху, кхерамзалла ларъйеш).
Адвокатан информацица, Мукаев велла охан-беттан 20-чохь, кхетамчуьра ваьлла ворхI де а даьккхина. Талламан версица, Мукаевна кибарчиг карахь тIелеттера цуьнца цхьаьна хан йоккхуш хилларг, и гIуллакх луьстур долуш ду ЯНАО-н Талламан комитето.
Иштта адвокато дийцина, шозза Мукаев волчу ваханера ша номер 18 йолчу колони. Цхьахдолчу цхьанакхетарехь тутмакхо "гайтинера Iаржбелла ког", волавала а хала ду шена, "лоьрашна тIевига бахарх, тергал ца во" аьллера цо.
2001-чу шарахь Мукаев Арсан Оьрсийчуьра веддера, Соьлжа-ГIалахь шена дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхарна: гIаттамхойн тобанехь хиларна а, бакъоларйаран органийн белхахойн дахарна тIекховдарна а, нах байарна а, бакъо йоцуш герз латторна а.
2006-чу шарахь Казахстанехь лецира иза, Оьрсийчу экстрадици йира цунна, тIаккха Нохчийчу валийра иза. Мукаевна адвокат а ца велира, цхьана беттачохь гIело хьийгира цунна тIехь, цул тIаьхьа бехкаш тIелецира цо.
2007-чу шеран стигалкъекъа-баттахь иза бехке лерира 13 стаг верна, валлалц чохь йаккха хан кхайкхийра цунна. Цо масийттаза дIахьедора, ша Iазапашкахь валлорах амма цхьана а кепара талламаш ца бира, цуьнца лелийначу шогаллица доьзна бехкзуламан гIуллакх а ца долийра.
2018-чу шеран зазадокху-баттахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Мукаев Арсанна 45 000 евро дала декхарейира Оьрсийчоь. Цул сов, дов харц теллина хилар а къастийна, юхалиста деза, аьлла тIедожийнера.
ЕСПЧ кхелан сацамаш кхочушбархьама Оьрсийчоьнан кхел декхаре йара, талламхоша тIехь ницъбина даьхна тоьшаллаш йукъара даха, и гIуллакх кхин цкъа а листа дIахьажон. ХIетте а Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан Президиумо Оьрсийчоьнан кхелаша хьалхо тIеэцна сацамаш хийцаза битира, гIуллакх йухалиста а ца хьажийра Нохчийчуьра Лакхарчу кхеле.
Мукаевн хиллачу адвокатана хетарехь, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан Президиумо "пайдаийцира тIехь гIело латторах факташ дикка охьайазйинчу бехк буьллучу тоьшаллех, тешаш ца балийра хеттарш дайта, йа волайнхой а тIе ца кхайкхира, оцу гIуллакхехула долу тоьшаллаш ца зийра, дIахьедечун алиби ца теллира", и бохург ду, "ЕСПЧ кхело билгал мел даьккхинарг тергамза дитина хилар"
- Номер 3 йолчу Харпера "Полярный волк" набахтехь чиллан-беттан 16-чохь кхелхира политик Навальный Алексей. Цуьнан кхалхарх хIиттийначу кехаташ тIехь йаздина ду, цуьунан валар ша нисделла ду, гонахара цхьа а бехке воцуш аьлла. Иза валале масех де хьалха 27-гIа гIуданан изолятор чу воьллира иза. Политикан агIончаш тешна бу, иза вийна хиларх.
- Дагестанан вахархо Шуайбов Мурад чиллан-баттахь велла карийра Карелера Сегежа гIаларчу номер 7 йолчу колонихь, мича бахьанех хууш дац. "Черновик" газет йукъадаьккхина Камалов Хаьжа-Мурд вийна аьлла, таIзар динчех цхьаъ вара иза. Ирхъоллавелла карийра иза, цуьнан адвокаташа дIахьедира, оцу версих шаьш тешаш дац аьлла.
- ХIинжа-ГIалара номер 2 йолчу СИЗО-хь ша шена тоьхна велла Ставрополера вахархо Якубов Загир, 1999-чу шарахь Басаев Шемалан тобанхошца Дагестане чугIоьртина аьлла 14 шо хан тоьхна вара иза. Официалан версица, ша шена тIе куьйгаш даьхьна хиллера цо, амма цуьнан хIусамнана Ярыкова Анжела ца тийшира цунах, цунна "цхьаммо гIо дина хир ду валийта" аьллера цо.