Къоначу кинон фестивалехь уггар дика васт ловзорна совгIат делла говзалла йоцучу нохчийн актрисина

Гайтаман сурт

Вологдехь, Череповецехь хиллачу 10-чу къоначу кинон VOICES фестивалехь уггар дика васт ловзорна совгIат делла нохчийн говзалла йоцучу актрисина Батаева Хадижина – Мусаева Маликин "Клетка ищет птицу" филмехь коьрта васт ловзийна цо.

"Кавказерчу зударийн чолхечу дахарна саготта хилар гойтуш" совгIат ду элира иза кинопрограммин куратор волчу Дешин Сергейс, даладо цуьнан дешнаш регионерчу "35Медиа" зорбано.

Кинош йахарехь гIо латтош йолчу "Пример интонации" фондан векална Янкин Николайна тIетевжаш дуьйцу "Новая газето", шена Батаева Хадижина "аьтто бац и совгIат схьаэца, хетарехь, цунна цкъа а хуур дац ша иза даьккхинийла".

Зорбано дийцарехь, Батаева Хадижин ваша чIогIа динца ву, ша йоI а, кино чохь дакъалаьцна йолу цуьнан доттагI Мадина а шайн болх бирзича, филмах хуьлучух бала боцуш хьийзара. ЙоIарша "хиджабаш техкира", арахьарчу дуьненах дIахедира, амма Хадижа саготта йу, шен йуьхь экранаш тIехь ша йитарна.

"Новая газето" йаздарехь, Мусаева Маликина ца лаьа и филм Нохчийчохь гайтийта, хIунда аьлча, цу чохь дакъалаьцначу йоIарийн кхачамбацарш нисбала тарло.

  • Нохчийчуьра ресжиссер Мусаева Малика Сокуров Александран Нальчикерчу кинош йаха Iаморан академин арахецархо йу. Цуьнан "Хьоза лоьху кIаро" боху дуьххьара филм цуьнан дахарехь хиллачунна тIехула йаьккхина йу нохчийн маттахь, ГIалгIайчуьрчу нохчийн доьзалх лаьцна йу иза. Дерриг васташ цу чохь говзалла йоцучу наха ловзийра – Нохчийчоьнца дозанехь йолчу ГIалгIайчуьра Аршты эвлан бахархоша.
  • Стохка охан-баттахь "Хьоза лоьху кIаро" кино Каннерчу фестивалан гурашкахь гайта дагахь хиллера, амма оргкомитето бахьанаш а ца дуьйцуш, юкъарадаьккхира церан дехар, яздо пачхьалкхан информацин ТАСС агенталлин "Это Кавказ" портало. "Зуламе дискриминаци" ю иза элира оцу сацамах лаьцна ТАСС агенталлина йеллачу комментарехь Сокуров Александра.
  • Сокуровн кхечу дешархочо Коваленко Кирас хIирийн маттахь йаьккхинчу фильмана 2021-чу шарахь Каннерчу фестивалехь "Особый взгляд" программин коьрта совгIат делира. Оскаран преми дала номинаци юкъа а йахийтира, лонг-листехь нисйелира иза. Цул совнах, Европан киноакадемин совгIат кхачийра монтажан режиссерна Кабулов Мухрамна, ткъа коьрта роль ловзийначу Агузарова Миланина тоьлла зударийн васт аьлла совгIат дира Францин Анже гIалахь хIора шарахь хIотточу Premiers Plans фестивалехь.
  • ГIебарта-Балкхаройчуьра режиссер Балагов Кантемир а ву Нальчикера Сокуровн студи чекхйаьккхина. 2017-чу шарахь юьззина метраж йолу "Теснота" кинон режиссер санна дебют хилира цуьнан, совгIатца билгалваьккхира иза Каннерчу кинофестивалехь. 2019-чу шарахь "Дылда" фильм бахьана долуш шуьйра вовза вуьйлира Балагов. Оьрисйчоьно "Оскар" эца хьалхатеттинера кино. The Last of Us сериалан хьалхара эпизод хIоттон дезаш вара иза, амма дукха ца Iаш проектера аравелира "кхоллараллехь барт цахилла". Зазадокху-баттахь Оьрсийчуьра дIавахара иза, бахьана Украинехь болийна тIом лерира режиссеро.