Къуръан доьшуш мутаIеламийн къовсадалар хилла ГIоьрдалахь

ГIоьрдаларчу хьужарахь мутаIеламашна юкъахь къовсдалар хилла Къуръан доьшуш. Иза дика дешна дешархой базбира хьуьжарахь. Царна лараман кехаташ а, ахчанан совгIаташ а делира Нохчийн омбудсмено Нухажиев Нурдис.

Къуръан доьшуш хьалхара меттиг яьккхира Асламханов Мохьмада. ШолагIа а, кхолагIа а вара Оздамиров Абубакар а, Яхихаджиев Мохьмад а. Мехкаршна юкъахь билгалйелира Сайгатова Седа а, Касумова Ровзат а, Оздамирова Мата а.