Контрактхой вовшахтухуш план кхочушйинчу регионашлахь къаьсттина тоьлла лерина тIеман министралло Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь. Цу йукъанна бакъоларйаран организацеша масийттазза дIахьедира, Нохчийчуьра бахархой, иштта оппозиционерийн гергарнаш а цхьаьна нуьцкъаша Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсош бу аьлла.
И регионаш йоцурш а, Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовса Панков Николайс "билгалйаьккхина план кхочушйина хиларца дикачу агIор" Алтай, Башкортостан, Коми, Тыва, Астраханан а, Воронежан а, Мурманскан а, Пензин а, Сахалинан а, Тюменан а кIошташ, Еврейн автономин кIошт а, Москва а, иштта Оьрсийчоьно аннекси йина Севастополь а.
Хьаькамо дIахьедина, стигалкъекъа-бутт болабелчхьана контракт деш тIеман гIуллакх дан эцна 13,5 эзар стаг – оханан-баттахь хиллачу терахьал а кхозза сов ду хIара, билгалдоккху "Коммерсанто". Оцу йукъанна хIора регионера хьал къаьстина хаийтина дац.
Стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIдора, Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийчхьана цига 26 эзар сов стаг республикера хьажийна аьлла, царех 12 эзар – "лаамхой" олурш бара, Гуьмсера спецназан университетехь тIеман Iаморашкахула чекхваьлла. Карарчу хенахь, хьаькаман дIахьедарца, тIамехь ву Нохчийчуьра ворхI эзар сов эскархо.
Карладоккху, дечкен-баттахь Нохчийчуьра парламентан спикеро Даудов Мохьмада дIахьедира, Украинерчу тIамехь махкара 21 эзар стага дакъалаьцна аьлла, ткъа Кадыровс хаамбора тIамехь Нохчийчуьра исс эзар ву бохуш. ТIемаш боьлхучу меттиге салтий хьийсош, йоккха плацдарм хиллачу регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо тIаме бахийта нах кечбина ша олий, делахь а, цуьнан жамIаш бакъ хиларх шеконаш хуьлу экспертийн.
- Стигалкъекъа-баттахь Украинан тIеман ницкъаша тIелатар ду кечдеш аьлла, даьржинчу заманчохь нохчийн Iедалхоша дIахаийтира ОМОН-н "Ахмат-1" декъан эскархой а, Росгвардин 94-гIа а 96-гIа а полкаш тIаме хьийсорах. Кхечу тIамехь дакъалоцучаьрца хийцабала бахийтинера и тIемалой.
- Дукха хан йоццуш америкахойн тIом зуьйчу институтан (ISW) эксперташа билгалдаьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхерам чIагIлуш хилар, меттигера бахархой дуьхьалбовларна а, президентан Путин Владимиран шех бIарг бадарна а.
- Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь ISW-н Институтан эксперто Степаненко Катеринас хьахийра, Кадыровс тIеман керла "Север-Ахмат" куп Нохчийчохь схьайелларх а, оцу хьокъехь дIахIиттийначу нахалахь 3300 эскархо вара аьлла дIахьедарх. "Муьлххачу хенахь" и полк кийча йу хьалхарчу могIаршкахь тIемаш бан аьлла.
- Гуьйранна Кадыров Рамзана хьийхира, Украинерчу тIаме 300-400 эзар вахархо хьажаве аьлла – Нохчийчуьра бахархойн доьалгIа дакъа хуьлу иза. Бертаза Нохчийчуьра бахархой Украинера тIаме хьийсорах хаамаш кхочу оьрсийн Iедалхоша мобилизаци йирзина аьллачул тIаьхьа а.