ДIуьххьалдIа эфир дIайаьхьна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, "ВКонтактера" социалан машане хIоттийна и. КъорIан дагийна аьлла, шеконашка эцначу Журавель Никитина шен кIанта йеттарх, иза таIзар ца деш витарх лаьцна дуьйцуш Кадыровс аьлла: "ХIун дина аьлла дан дезаш дара и таIзар? Йиттина аьллий? Дика хьаха хир дара цо иза вийнехь". Украинера тIамах лаьцна дуьйцуш дIахьедина политико, мобилизацин план 1500 процентана кхочушйина хиларх.
Кадыровс кхетийна, "йуьхьанца моьттура" шена, Адамна таIзар дийр ду, цуьнан "са дуара" ша, "ворхI, бархI шо хан тоха мега хьуна, йа йалх шо, набахтехь Iийр ву хьо" бохуш. Кадыровс бахарехь, кIанта жоп луш хилла цунна, "иза суна сийлахь хетар ду" аьлла. Нагахь санна, "кхело ишта сацам бина бацахь (Адамна таIзар деш), тIаккха "вай царна тIаьхьа ида дезаш дац" таIзар де бохуш.
Хьаькамо тIетоьхна, КъорIан дагораш "хIаллакбан лууш ву" иза а, хIунда аьлча, "набахте хьажор, хан тохар – и царна бекхам бац". Кадыровна хетарехь, цуьнан кIанта "турпалалла гайтина", цундела делла ду цунна дуккха а совгIаташ.
Журавеля ша дохковаьлла, дин тIеэца лууш ву бахарх аьлла Кадыровс, "цуьнан бIаьргаш чохь иза доггах лелаш хилар ца гира" шена. Амма тергойира, "нагахь цо доггаха лаа а лууш дин тIеоьций, тхо гIад гIур ду".
Иштта Кадыровс комментарий йина Украинерчу тIамах лаьцна а. Цунна хетарехь, карадогIучу шеран аьхка боьрзур бу тIом Оьрсийчоьно толам а боккхуш, хIунда аьлча, Киевн "гIад дайна". "Лаккхарчу буьйралло тIеоьцу сацамаш тIеоьцург со хилча, кхаа баттахь дерзор дара и" аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо, хIунда аьлча, "Киевна ворхI чакхарма дехьа дара тхо, Мариуполь йоккхучул атта хир дара тхуна Киев схьайаккха". Цо чIагIдо, "гIаланаш йоха ца йан Iалашо хиларна" тIом бахбелла аьлла.
Хьаькамо дIахьедина, Нохчийчоьно "1500%" кхочушйина мобилизацин план. "Кхечу регионашкахь лаамхой хIинца а вовшахкхеташ бац, амма оха и дина. ХIара батальонаш, полкаш сан куьйгакIел йац, тIеман министраллина а, Росгвардина а муьтIахь йу", кхетийна цо.
- КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Оцу заманчохь 15 шо хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама марсхьокху-баттахь йиттира КъорIан дагорна Соьлжа-ГIалара СИЗОхь лаьцна латточу Журавель Никитина. Гезгамашин-беттан 25-чохь Нохчийчоьнан урхалхочун телеграм-каналехь йаржийра цунна йеттачу хенахь дIайазйина видео. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыровс Рамзана. Махкара полици дуьхьал хилира Журавельна йеттарна бехкзуламан гIуллакхехула Адам жоьпе озон, хIунда аьлча, берхIийтта шаре валанза иза хиларна. Бакъду Кадыровн кIанта йиттинчул тIаьхьа Адамна ворхI совгIат кхачийра. Кхелехь Журавеля шена гечдар дийхира бусалба нахе.
- Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а масийттаза дийцира, тIамехь дакъалаца бахийтарх ницкъахоша республикехь лечкъийна нах. Царех цхьаболчаьрга олура йа тIамтIе гIо, йа тIехь ницкъбина, шайггара дуьхьал даьккхинчу гIуллакхца набахте воьду хьо. Нохчийчохь салтий хуьлу иштта, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш а.
- Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу.
- Президенто Путина мобилизаца кхайкхошшехь, Кадыровс дIахьедира Нохчийчохь и хир йац аьлла. ТIаьхьо цуьнан пресс-секретаро кхетийра, "ма-дарра аьлча" Нохчийчоьнан урхалхочо аьлларг дара "мобилизацихула кхин а нах тIеийзон цаторийла йац", хIунда аьлча, "хIара процесс а хилале республикехь дуккха а эскархой вовшахкхетта". Бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара дийцира Кавказ.Реалии сайте, Нохчийчохь массо а нах тIаме ийзош мобилизаци хилла йац, ткъа нах тIаме хьийсош декхарш Кадыровс кхочушдо, Нохчийчухула вербовка йечу пачхьалкхан регионера лаамхой олучех пайда а оьцуш.