КъорIан дагош керла акци хIоттон бакъо йелла Стокгольмехь

Стокгольмера Палудан Расмусан акци

ГIалин маьждига хьалха рогIера КъорIан дагош акци дIайахьийта реза хилла Стокгольмера полици. Оцу меттиге хьажийна полисхойн тоба, хаамбина Свобода Радионо, шведахойн хаамийн гIирсашна тIетевжина.

Бусулбачийн уггар дезачех долчу ГIурбан дийнахь магийна акци дIайахьа.

Шайн сацамехь полици тIетевжина Швецин Административан кхелан омрана. Оханан беттан йуьххьехь цо йукъахбаьккхира, КъорIан дагош шведахойн арахьарчу гIуллакхийн министралло демонстрацеш йар доьхкуш бина сацам. Конституцино Iалашйеш йу гуламийн а, демонстрацийн а маршонаш аьлла, билгалдаьккхира кхело.

Кху шеран дечкан-баттахь Данера исламна дуьхьала йолчу "Stram Kurs"("Шога курс") партин хьалханча а, "ультра-правый" политикхо а волчу Расмус Полудана кхузза КъорIан дагийра. Иза дагош гойтучу видео тIехь политико элира, бусулбанашна йезаш йолу книга ша "йагоран бехк Нохчийчоьнан хьалханчан" а, Швецехь вехачу UFC -латархочун Чимаев Хьамзатан а бу. Полудана дуьххьара КъорIан дагийча, Чимаевс иза террорхо ву, аьллера.

Полудана КъурIан дагор Кадыров Рамзана Украинехь болчу тIаманна бехказло санна лерина, дIахIоттийра. Иштта "евроичкерихойн" критикашна дуьхьала а. Цхьаьллиг цхьа бух боцуш, хиллачунна бехке Швецин Iедал дира цо. Iедало "мах белла" дайтина ду иза, аьлла.

The Insider-хаамашца аьлча, Полудана йина акци "Russia Today" журналиста, хиллачу стрингера Чанг Фрикан ахчанца гIолоцуш, бакъо йаьккхина, дIайаьхьна. Амма цо даре ца дира. Ша цхьаьннге КъурIан дагаде ца аьлла, ша RT-ца болу болх 20I4 шарахь сацийна бу аьлла.

  • Москван Косино-Ухтинскан кIоштарчу Белое олучу Iомана уллохь оханан баттахь КъурIан дагош видео арайаьллачул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх долийра. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунах Украинера питана элира.
  • Стигалкъекъа-баттахь КъорIан дагийра Волгоградера маьждигна хьалха. Оцу гIуллакхехула лаьцна 19 шо долу Украинера схьаваьлла Журавель Никита. Волгоградехь йуург дIасакхоьхьуш болх беш хиллера иза. Талламан версица, СБУ-н тIедилларца дагийна цо КъорIан, и дагориг 10 эзар сом лур ду аьллера цунна. Ницкъахоша дIахьедора, Журавель Никитас мукIарло дина, СБУ-на лерина тIеман объектийн суьрташ дохуш вара ша аьлла. Дуьйцург хIун ду а, мича буха тIехь гIуллакх вовшахтоьхна а, хууш дац, лаьцначо даредар доцург.
  • Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тIедожийна Волгоградан кIоштахь КъорIан дагорах гIуллакх Нохчийчуьра талламхошка дIало аьлла. Цуьнан бахьана ду "Нохчийчуьра дуккхаъчу бахархоша шаьш зен хилларш лара" бохуш, ден дехарш. КъурIан дагор йемалдеш митинг хIоттийра Соьлжа-ГIалахь, амма, Кавказ.Реалиин хаамашца, цига нуьцкъаха бюджетхой а, студенташ а гулбинера.
  • Марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедира, КъурIан дагорна лаьцначо бусулбачу нехан цхьайолчу регионехь хан токхур йу аьлла. Амма оцу гIуллакхехь шеконашца лаьцна волчу Волгоградерчу студентана хIинца сацам бина бац кхело.