Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео хIоттийна, цу тIехь шен деваша Кадыров Мохьмад волчохь дарбанан цIийнехь ву иза. ЧIагIдарехь, видео дIайазйина Москвара президентан гIуллакхашкахула йолчу урхаллин дарбанан цIийнехь гезгамашин-беттан 20-чохь. Кадыровн могушалла эшна бохуш, хаамаш баржийначу йукъанна гучуйаьккхина йу видео.
Кадыровн телеграм-каналехь зорбане йаьккхинчу ролик тIехь ву Кадыров Рамзан, Пачхьалкхан думин депутат Делимханов Адам, Оьрсийчоьнан президентехула Нохчийчоьнан цIарах векал волу Таймасханов Бекхан а Кадыров Мохьмадна дарба дечу палати чохь. ЦIен цIе ца йаьккхинчу лоьро боху, ши кIира а ду пациент дарбанан цIийнехь волу, кхин а шина кIиранах чохь латтон а везар ву, тахана гезгамашмин-беттан 20-гIа ду аьлла, де билгалдоккхуш. ХIун лазарца ву Кадыров Мохьмад, хоуьйтуш дац.
Видеона йинчу комментарийхь Кадыровс чIагIдо, белхан хьокъехь Москва веанчуьра девешина тIехIоьттина ша, амма цунах лаьцна кхин цхьанхьа а хаийтина дац. Кадыровн могушаллех дуккха а дийцарш хиларна, публикацехь комментарий йу: "Со могуш-дийна ву, кхеташ вац со, нагахь санна, со цомгаш хиллехь а оццуш гIовгIа стенна йаьккхина?", - йаздина Нохчийчоьнан урхалхочо.
Flight Radar сайтан хаамашца, гезгамашин-беттан 18-чохь дуьйна Москвахь хилла Кадыровн долара кема, гезгамашин-беттан 20-чохь Iуьйранна Соьлжа-ГIала дахара, дукха ца Iаш Москва йуха а догIуш. Гезгамашин-бутт болабелчхьана и кема кхин а кхозза дахна Москва.
Карладаккхар. "Агентство" гIирсана вевзина видео тIехь хилла лор – ву иза анестезиолого-реаниматолог Кучкин Кирилл, иза билггал болх беш ву ЦКБ-хь. Видео маца дIайазйина йу шега хаьттича, реза вацара иза жоп дала.
Карладаккхар 2. Оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало терго йина, пхи де хьалха инстаграмера ya_pomoshnik_kra_95 аккаунтехь Кадыров Рамзанан цIарах винчу денца Кадыров Мохьмад декъалвеш хIоттийна пост хиларх. Оцу дийнахь олуш ма-хиллара, могушалла латтайойла а боху цу тIехь, амма цамгарх лаьцна дош дац. И аккаунт Кадыровца йузу, Нохчийчоьнан Iедалхоша Даудов Iумара лелош йу боху и агIо.
Оцу кепара декъалвира Кадыровн деваша цамгар ца хьехош Закриев ИбрахIима (Якъуба) – Кадыров Рамзанан йишин кIанта, дукха хан йоццуш национализаци йинчу Danone компанин урхалле хIоттийна волчу.
- ДIадахначу кIиранах хаамийн гIирсашкахь дийца даьккхира Нохчийчоьнан урхалхочун могушалла цIеххьана талхарх а, Москварчу ЦКБ-хь цунна дарба деш хиларх а. КIира йуккъе даьллачу хенахь масех оппозицин каналаша хьасташ а ца йуьйцуш хаамбира, Кадыров Рамзан комехь ву аьлла.
- КIирандийнахь иза тIехь волуш видео гучуйаьккхира. Цу тIехь Нохчийчоьнан урхалхо аллейхь воьдуш ву, цо боху "бакъдерг харцдолчух къастон ца хуурш, ара а довлий, мохех дуьйлалой, шайн корта меттабалабе" аьлла. Шен могушаллех лаьцна Кадыровс хIуммаъ а ца олу. ЧIагIдарехь, видео Соьлжа-ГIалахь дIайазйина цу, амма билггал хууш дац маца йаьккхина йу и.
- Хетарехь Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органашца йоьзначу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало, шен хьасташна тIетевжина, хаамбира, кIирандийнахь Iуьйранна дуьйна нохчийн номершца мешенаш гулйеллера ЦКБ-на хьалха аьлла. Уьш дозана тIе йуьтура, бохура, машенех талламаш а ца беш. Информаци кхин цхьаммо а тIечIагIйина йац.
- Кху кIиарнчохь президентан Путин Владимиран пресс-секретарь шозза дуьхьал хилира Кадыровгарчу хьолах лаьцна деллачу хеттаршна жоп дала.
- Кадыров Мохьмад – Кадыров Рамзанан деваша ву, Нохчийчуьра йезачу атлетикан Федерацин президент ву.