Украине чугIоьртинчул тIаьхьа къийла а ца луш дош ала тIаьхь-тIаьхьа хала ду Оьрсийчохь: дешан маршонан хьолан рейтингехь кху шарахь пачхьалкх антилидершлахь нисйелла – Венесуэлана уллохь. Украинана дуьхьал болийначу тIамо Кремлан журналисташца йукъаметтиг талхийна лору. Амма проблема йолайелла 24 шо хьалха кхин тIом боьдучу хенахь – Нохчийчохь.
2000-чу шерийн йуьххьехь Iедалан коьрте президент Путин Владимир хIоьттича Москвано сацамбира махкахь хьалхара тIом болабеллачу хенара "дешан маршонан вакханалица" дерг чекхдаккха, дуьйцу Къилбаседа Кавказера журналисташа. Церан харжам бан дийзира: лакхарчара тIеэгийначу бакъонашца ловзар, йа шен маршо а, дахар а кхерамна буха хIоттор.
Муха кхоллайелира Нохчийчохь кхузаманан Оьрсийоьнан пропаганда, уггар а хьалха хьанна бале йелира и, коьртаниг, лаьарий-те зорбанашна пачхьалкхана дуьхьлойан – дуьйцу Кавказ.Реалии сайтан аналитикан репортажехь.
Бехказабахаран база кхоллар
ХIокху циклан хьалхарчу текстехь Кавказ.Реалии редакцино дийцира 1994-1996-чу шерашкахь хьалхара оьрсийн-нохчийн тIом боьдучу хенахь журналистикана хIиттийначу башхачу хьелех. ХIетахь федералан прессо маьршша дийцаредора Iедалхошна товш доцу конфликтах лаьцна, бала хьоьгучу бахархошкахьа оьзна ца Iаш, мехкан маршонехьа къуьйсучаьргахьа а узура. ШолгIа тIом болуш дерриг а хийцаделира, боху адамийн бакъонашкахула йолчу "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра. Доладелира иза зорбанийн нохчийн хаттаре йолу дог-ойла хийцайаларца.
Йийсархошна тIехь бизнес лелор шуьйра даьржинера Къилбаседа Кавказехь тIеман хенахь. Къаьсттина пайден лорура хIетахь журналисташ лечкъор. Цунна бехкеболчийн билггал цIераш наггахь бен ца йохура, делахь а "Новая газето" чIагIдора, нах лечкъабора йукъ-кара Нохчийн Ичкерия республикин тIемалойн командираша. "Коммерсант" газетин хаамашца, 2002-чу шарахь йийсаре эцначу репортеран "мах" бара 500 эзарна тIера миллион долларшка кхаччалц.
Масала, ОРТ каналан белхахойх Перевезенцев Романах а, Тибелиус Владиславах а бехнера ши миллион долларшкахь мах – 1997-чу шеран дечкен-бутт йуккъе баьллачу хенахь уьш лечкъийнера Соьлжа-ГIалара гIалгIайн Наьсара боьлхуш. Оццу шарахь йийсарехь кхо бутт баьккхира Оьрсийчоьнан Радион журналисташа Архипов Юрийс а, Мамулашвили Николайс а, иштта ИТАР-ТАСС агенталлин корреспонденто Лев Зельцера а. Агенталлин директоро Игнатенко Виталийс бахарехь, корреспондентийн "мах хадийра" дуьххьара кхо миллион долларш аьлла, тIаьхьа шина миллионе "охьабаьккхира мах".
Кхин а жимма алсам – 101 де - йийсарехь даьккхира съемкаш йечу НТВ телеканалан тобано: Масюк Еленас а, Мордюков Ильяс а, Ольчев Дмитрийс а. Уьш лечкъийнера 1997-чу шеран стигалкъекъа-баттахь СемаIашкана уллохь. Хаамбора, ши миллион долларшкахь ахча деллачул тIаьхьа уьш маьршабаьхнера бохуш. Цаьрца цхьаьна дIахийцира "Взгляд" телепрограммин корреспонденташ Черняев Владислав а, Богатырев Ильяс а – "Адамаш дохкар" аьлла кино йаккха Нохчийчу баьхкина уьш шаьш йийсаре баханера. Массарчул а дукха хан йаьккхира йийсарехь Самарера РИО телеканалан журналисто Петров Виктора а, меттигерчу жигархочо Кузьмина Светланас а – ши шо даьллачул тIаьхьа дIахийцира уьш. Цаьрца цхьаьна хиллера Москвара бакъоларйархо Терентьев Александр а - йийсарехь кхелхира иза.
Йийсарехь хилла ОРТ-н журналисташ Перевезенцев а, Тибелиус а кIелхьарваккха йукъаозийначу олигархо Березовский Бориса дIахьедира, "цхьа а билламаш боцуш" дIахийцира уьш аьлла. ТIаьхьо и дешнаш бакъ ца дира армин майоро, "Новая газетан" журналисто Измайлов Вячеслава. Бакъоларйархочунна Черкасов Александрна хетарехь, мах белла нах йухаоьцуш оцу бечу берташа "базарара хьал кхин тIе а карзахдоккхура".
"ТIемашна йукъахь адамаш лечкъор система хилла дIахIоьттина. Верси йу, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша а, буьрсачу Березовскийс а долийна хIума ду и бохуш, амма хIара къамел "унтер-эпсарх йисинчо ша шена йетташ хилла" бохучу кепехь ду", - дагалоьцу бакъоларйархочо. – НТВ-н корреспондент Масюк Елена а, цуьнан тобана йукъара нах а лечкъор гIаттамхойн агIор хьекъал долуш бина сацам бацара. Цул тIаьха журналисташ нохчийн агIонехьа хир бу аьлла хетар, тамашен дара".
Масюк кIелхьара йаьккхинчул тIаьхьа НТВ-н куьйгалло бехк биллира Нохчийн Ичкерия республикана нах лечкъор магийтарна, ткъа Оьрсийчоьнан Iедалхоша – журналисташ Iалаш ца барна.
Кремлан а, Нохчийчоьнан куьйгаллин а йукъаметтигаш де дийне телхаш лаьттара, оцу заманчохь журналистийн кхерам а, цабезам а алсамболуш бара республикин маршонехьа болчу радикалан агIончашкахьа.
Собар кхачийра федералашна а, Ичкерина а йукъахь хьал дуладелла лаьттинчул тIаьхьа, Басаев Шемала а, Хаттаба а 1999-чу шарахь тIемалойн тобанашца Дагестанна тIелатар дича а, гезгамашин-беттан йуьххьехь цхьа могIа теракташ йича а. ХIетахь Буйнакскехь, Москвахь, Волгодонскехь нах чохь беха цIенош лелхийтинчул тIаьхьа велира 313 стаг, 1700 сов лазийра. Официалан версица, и акциш "вовшахтоьхна, ахча хьажийнера Къилбаседа Кавказера тIемалойн тобанаша", кхечу – йукъараллехь йаьржина хиллачу, цхьаболчу журналистийн а, политологийн а, ницкъахой лаьттинчийн а информацица, лелхийтарш динера къайлахчу сервисийн белхахоша.
Оцу заманчохь даржера дIавала кечлучу президенто хиллачунна дуьхьал омрана куьйгйаздира Къилбаседа Кавказехь "контртерроран операцийн эвсаралла лакхайоккхуш". Цу дийннехь Соьлжа-ГIалина а, цунна гонах а бомбанаш йетта йолийра, ткъа 1999-чу шеран гезгамашин-беттан 30-чохь оьрсийн эскархой махка чубаьхкира. Иштта болийра шолгIа тIом Нохчийчохь. Жигара тIемаш латтийра эхашаре ца кхоччуш, амма официалехь "контртерроран операцин раж" йухайаьккхира 2009-чу шеран охан-баттахь.
Бакъоларйархочо Черкасов Александрна хетарехь, Нохчийчохь шолгIа а тIом болон оьшуш дара аьлла хетийта, Кремло хааршца пайдаийцира Дагестанна тIелатарх а, нах чохь беха цIенош лелхийтар а. Ца хилира и зорбанаша гIо ца деш а, хIетахь цара "чIогIа истери" йара меттахйаьккхина, тешна ву журналист, бакъоларйархо Дмитриевский Станислав. Цунна хетарехь, хIетахь йукъараллехь теша буьйлира: нохчий шаьш бу бехке бохучух.
Кремлан гIуллакхе хьуьйсурш
Нохчийчу эскарш чуоьзначул тIаьхьа оцу сохьта Iедалхоша шога контроль ийцира республике журналисташ битарна тIехь, ма-дарра аьлча, информацин блокада а хIоттийра, дагалоьцу оцу хенахь Нохчийчохь ваьхначу Свобода Радион хиллачу корреспонденто (шен цIе йаккха ца лиира цунна).
Боллу журналисташ декхаре бара Росинформцентрера аккредитациш йаха. ТIеман министраллин пресс-гIуллакхдархой бара съемкаш йохучу хенахь улло бевлла, масех сахьтехь йора уьш. Оцу йукъанна дихкинера шайн лаамехь дIасалелар республикин дозанаш тIехула, иштта эскархошца къамеле бийла а. Ахьа муьлхха а низам ца лардинехь а, аккредитацих воккхура – и хилира, масала, ОРТ-н корреспондентана Челиков Вадимна. Бакъо йоцуш Ханкалара тIеман базин болх дIайазбинера цо.
Информацин блокада йоллушехь, цхьаболчу журналистийн ка йолура аккредитаци йоцуш а оьшучу меттиге кхача, дагалоьцу Дмитриевскийс. Цо дийцарехь, партизанийн лелар дагадоьуйура цара: "Дийнна цхьа маскарад оьшура. Суна тIе кхин духар духура, кхечу нохчашца машена хаавора: "Варийлахь, виц ма лолахь, хьо нохчо ву, хьо тезета воьдуш ву". ХIетахь сайна хууш хиллачу нохчийн 15 дешнех лаьттачу сайн лексиконех пайда а оьцуш, нохчийн-гIалгIайн дозанера "Кавказ-1" постах чекхволура со. ТIаккха чоьхьарчу посташкахь бен-башха дацара, соьгахь муьлхха паспорт делахь а".
Масех бутт баьлча низамаш хийцаделира: Нохчийчохь лелаш йара президентан гIоьнчас Ястржембский Сергейс йелла цхьа бакъо. Цуьнца таро йара Моздокера а, Гуьмсера а, Ханкалара а тIеман пресс-центрашкара хаамаш кхачон а, тIехь терго латточу тобанашлахь Нохчийчу ваха а.
Оьрсийчоьнан журналисташна бен кхачош дацара и дозанаш тоьхна документ - арахьарчийн шансаш йанне а йацара. Нохчийчуьра шолгIачу тIамах лаьцна дуьйцуш хиллачу Чехин журналисто Штетина Яромира ма-оллура, федералаша цхьана Iалашонца "информацин Iаьржа ор" динера Нохчийчоьнах.
Тхоьца къамелдинчара дагатуьйсу, арахьара зорбанан гIирсийн белхахоша тIе ца эцна ца Iаш керла низамаш, царех кхета а ца кхеттера уьш ар-атталла. Цундела Кремло жигаралла лакхайаьккхира.
1999-чу шеран гIуран-баттахь Нохчийчохь аккредитацин раж йохорна лецира Америкера а, Британера а, Испанера а ворхI хаамийн гIирсийн белхахо. Беракеманца уьш оьрсийн тIеман базе балийра, цигахь исс сахьтехь латтийнера уьш.
Масех кIира даьллачул тIаьхьа аккредитаци йацара аьлла лецира Къилбаседа Кавказехь эскарийн тобанан буьйралла дечу Казанцев Виктора Лондонера "Таймс" газетан корреспондент Уиттэлл Джайлс. Цул а хьалха республикера араваьккхира цуьнан белхан накъост Лойд Энтони – шпионаж лелош ву аьлла ФСБ-н белхахоша Моздокехь хеттарш дира цуьнга, цул тIаьхьа Москвара британхойн векалто Iаткъам бина, дIахийцира.
Японин журналист Хаяси Масааки, 1994-чу шарахь дуьйна республикехь болх беш хилла волу, Оьрсийчоьнан эскархоша дIахийцира, ша оцу сохьта Нохчийчуьра дIавоьду аьлла, цо дош деллачул тIаьхьа.
Делахь а лоьцура, сецабора Оьрсийчочьнан журналисташ а цхьаьна – цхьацца бахьанашца.
2000-чу шеран гезгамашин-баттахь НТВ-н йоьдучу эфирехь каналан белхахойн балхана новкъарло йан гIоьртира Ханкалара базина уллохь эскархой, оператор лаьтта охьавижийтира цара. Цигахь хиллачу полковнико, цуьнан цIе билгалйаккха аьтто ца хилла, чIагIо йинера корреспондент Фефилов Вадим вуьйр ву, ша бохург ца дахь аьлла. Хиллачу инцидентана шаьш журналисташ бехкебира Коьртачу Штабан куьйгалхочун гIовса Манилов Валерийс. Керлачу хаамийн йоьдучу эфирашка корреспонденташ бийлар а эскархоша низам дохор лоруш хиллера.
Кхин а гIовгIанечу хиламех дара "Новая газетан" обзорхо Политковская Анна Хоттанехь сацор. Формалехь журналист сацийна хиллера ВДВ-н 45-чу полкан эскархоша цуьнгахь документаш цахиларна, делахь а, "Мемориало" хаамбира, нохчийн МахкатIе эвлахь хиллачул тIаьхьа цо мел дина йозанаш хIаллакде аьлла хиллера цуьнга.
Политковская лацарехь уггар а ирчаниг цунна тоьпаш тухур йу алар а дацара, цуьнгара блокнот схьайаккхар дара, дуьйцу бакъоларйархочо Черкасов Александра. Цуьнан дешнашца, журналистан дуккхаъ а хьасташ цул тIаьхьа байина хиллера: "Оцу блокнот тIехь хиллачу нехан хIусамех чекхбуьйлуш, уьш байинера. ХIаваан-десантхойн тобанашкара эскархоша а, Хоттуне балха хьовсийначу ФСБ-н белхахоша а дина хиллера и хIума. Цигахь болх беш вара, аьлча а, нах байар гучудохуш вара тахана Стрелков Игорь (Гиркин) аьлча вевзаш волу, Донецкера сепаратистийн хилла лидер".
Цкъацкъа оьрсийн эскархоша бахьана а ца лоьхура стаг лаца, ишта нисделира, масала, Свобода Радион хиллачу журналистца. Шен цIе къайла а йаьхьна, къамел дира цо тхоьца. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш, "федералаша" тIехь терго латточу йуьстах болх беш вара иза, ткъа цуьнан коллегин Бабицкий Андрейн аьтто хилира маршонехьа тIемаш бечу нохчийн агIор нисвала.
1999-чу шеран лахьан-баттахь тхоьца къамелдийриг сацийнера Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь. ТIеман коменданто цхьа а къамел ца деш схьадехира цуьнгара доллу кехаташ иштта аккредитаци а, лаьцна витира иза. Лаьттах даьккхинчу ор чохь витинера иза цхьана ханна.
"Свобода Радиохь соьца болх беш хиллачу Бабицкий Андрейс блокпостан коменданте телефон тоьхча, вукхо къаьркъа меллачу озаца жоп деллера, цуьнца хуьйцуш цхьа зуда ло шайна аьлла. Иштта лелара уьш хIетахь, йуьхьанца дуьйна тхуна схьахаийтира: хьалхарчу тIамехь хилларг чекхдаьлла. ХIинца ловзаран кхин низамаш ду: эскархойн а, Кремлан а гIуллакхе хьовсуш хир бу журналисташ – шайга йазде аьлларг йаздеш, шайна зудабераш а далош", - дийцира журналисто Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь. Аушев Руслан йукъа а гIоьртина – хIетахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо вара иза, аьтто белира иза маьршаваккха.
Кхин а ши бутт баьлча Нохчийчохь лецира ша Бабицкий а - тхоьца къамел динчу масех стага бахарехь, прессин а, Кремлан а йукъаметтигашкахь керла мур бара.
Бабицкийн гIуллакх дешан маршонна тIелатар санна
Свобода Радиоца зIене ца волура Бабицкий 2000-чу шеран дечкен-бутт бовш, тIемаша лаьцначу Соьлжа-ГIалара дIавоьдуш. Зорбанан гIирсаша хIетахь хаамбора, гIаттамхошлахь дакъалаьцна ву аьлла, бехкевина иза федералаша дIалаьцна бохуш. Масех дийнахь и бакъ дац бехира Оьрсийчоьнан президентан Администрацихь. Делахь а чиллин-беттан йуьххьехь бакъдира иза лацар, дош делира Бабицкий Москва валор ву, дIасавалар доьхкуш маьрша а воккхур ву аьлла. Амма кхин а масех де даьлча хиира, корреспондент оьрсийн йийсархошца "дIаса а хийцина", нохчийн командирашка дIаваларх.
Ишта дIахьедар дира президентан декхарш кхочушдечу Ястржембский Сергейс Росинформцентран брифингехь: "Устрада-ГIалин а, Шелан галморзехь нисделла дIасахийцар, Бабицкий хийцина бандитийн вовшахтохараллийн йийсараллехь хиллачу эскархойх. Бабицкий реза хилла цунна, цундела дина хIума ду. Бабицкийна дуьхьал тIемалоша Оьрсийчоьнан кхо эскархо йухавелла: Заварзин а, Дмитриев а, Васильев а".
Дуьненайукъарчу бакъонца журналист эскархочуьнца хийцар магийта йиш йоцург ду, дIахьедира Москвара Human Rights Watch бакъоларйаран организацин директоро Лохман Дидерика: "Закъалтхочух санна пайдаэцна цунах Оьрсийчоьнан Iедалхоша. Цара кест-кеста бехкебора цунна нохчий, ткъа эххар шаьш а изза дина Бабицкий Андрейца".
ХIетахь мел кIезиг а бIе журналисто дIахьедарна куьгйаздира, Кремль бехке йеш харцонна, тIедожийра Бабицкий церан карара ваккха аьлла.
Оцу историна комментарий йечу оьрсийн Свобода Радион хиллачу директоро Финштейн Ефима билгалдоккху, редакцин коьрта Iалашо йара хIетахь шайн белхахо кIелхьарваккхар: "Иза маьршаваккхар дара тхуна коьрта. Цхьана а ловзарна йукъа гIойла дацара тхан, хIунда аьлча, тхуна и ловзар дацара".
2000-чу шеран чиллин-баттахь бевзаш боцчу наха ХIинжа-ГIала валийра журналист, цигахь йуха а лецира иза харц паспортаца отелехь вехаш ву аьлла, йазвелла хиларна. Бехкзуламан гIуллакх долийра цунна дуьхьал, харц документех йолчу артиклехь.
БархI бутт баьлча ХIинжа-ГIалара Советский кIоштан кхело бехке лерира Свобода Радион корреспондент, гIуда туьйхира цунна. Бабицкий маьршаваьккхира оцу таIзарх, Сийлахьчу Даймехкан тIом бирзина 55 шо кхачарца кхайкхийначу амнистихула.
Кремлан бакъонашца болх бан беза йа болх банне а бан ца беза
Чехин журналисто Штетина Яромира бакъдира, Бабицкийца хилларг Малхбузера корреспонденташа цунна шена тIелатар дар санна лерина ца Iаш, Оьрсийчуьра дешан маршонна тIекховдар хеттера аьлла. Оьрсийн Свобода радиохь Бабицкийца болх беш хиллачо бахарехь, Оьрсийчоьнан Iедалхой хIетахь гIоьртира, шайна дуьхьал йолийначу керлачу политикех кхеташ боцу малхбузен бахархой кхеро.
"Журналисташца шайна луъург дийр дуй пачхьалкхо дIагайтича – леца, йетта, нохчийн гIаттамхошка дIабала,- массо а корреспонденташ Малхбузернаш а цхьаьна кхийтира, Кремлан бохург деш болх бан беза, йа болх банне а бан ца беза", - элира цо.
Финштейн тешна ву, хIетахь дуьйна Кремло, цо ма-баххара, "бандитийн барамаш" болийра, карарчу хенахь кхин а тIе шарбина цара уьш: "Тахана вайна и гуш ду америкахойн журналистийн масалашна тIехь, уьш лоьцу цхьана оьрсийн талламхочух хийца. Масала, иштта нисделира The Wall Street Journal ресурсан корреспондентаца Гершкович Эванца. Бандитийн пачхьалкх йу, бандиташа санна туьду цара, бандитийн кепаш лелайо закъалтхой лоьцуш, тейогIучу хенахь баккъал болчу террорхойх хийца. Иштта лела тахана ХЬАМАС, иштта лела Оьрсийчоь а".
"Пропагадин боьха ловзарш"
Тхоьца къамелдинчарна хетарехь, 1994-чу шарахь дуьххьара Нохчийчу эскарш дигинчу хенахь Оьрсийчоь ийшира тIамехь. Амма шолгIачу тIамехь бекхам бан гIоьртира Москва.
Жигара "боьха ловзарш" хIиттон буьйлабелира Оьрсийчоьнан Iедалхой, бохура бакъоларйархочо Черкасов Александра. Цо дагалоьцу оцу тIеман уггар а хьалхарчех хилла эпизод – Оьрсийчоьнан эскархоша шаьш байинчу нохчийн тIемалой декъий тросашца гIагI диллинчу техникана тIаьхьа а тийсина хьуш дара. 2000-чу шеран чиллин-беттан йуьххьахь и видео гайтира дозанал арахьа немцойн журналисто Хефлинг Франка йаьккхина йу аьлла. Делахь а тIаьхьо билгалделира, шен йу бохуш, цо гайтина съемка, ма-дарра дийцича Оьрсийчоьнан "Известия" газетан корреспонденто Блоцкий Олега йазйина хилар.
"Оьрсийчоьнан пропагандо дукха дика пайдаийцира оцу эпизодах, и дерриг а бакъ дац аьлла. Цул тIаьхьа малхбузен компанеша схьа ца оьцура шайн медиаша йина йоцу цхьа а съемка. 2000-чу шеран зазадокху-баттахь Iиттаделира тхо цунах, Керла Алдыхь дуккха а нах бойуш меттигерчу бахархоша дIайазйина видеош чуэца реза ца хуьлура дуьненайукъара Парижера а, Страсбургера а кхелаш", - дуьйцу Черкасовс.
Блокадо а, шога цензуро а дозанаш деттара Нохчийчуьра ма-дарра дерг хаийтарна, бахархошна тIехь лелочу зуламех ма-дарра хаа а. Республикерачара йаьхна видеош дIаэца дуьхьало йаро хьал кхин а тIе карзах доккхура, кхин дIа дуьйцу Черкасовс. Цундела 1999-чу шеран Iай "Мемориало" йиллира Кавказехь гуттаренна а офисаш. Дуьххьара гучуйелира Наьсарахь – Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарх факташ гулйина ца Iаш, цуьнан Iалашо йацара информаци гулйеш журналисташна гIо дар а. 2001-чу шарахь "Мемориало" йукъайаьккхира "Кавказский узел" сайт. 2021-чу шарахь "арахьара агент" лерриншехь, тахана а болх беш йу и.
Амма цо а ца сацийра Оьрсийчохь дешан маршонна йен экспанси. 2002-чу шарахь пачхьалкхера зорбанаш шога шайн тергоне ийцира Iедалхоша, хаамбира Москвара Хельсинкан тобан шен "Цена правды о Чечне" рапортехь. Оьрсийчоьнан керлачу президенто Путин Владимира ша дакъалецира цигахь.
2000-чу шарахь зорбанан министраллин гIовса Романченко Андрейс элира Свобода Радион болх а, позици а "мостагIаллин" йу аьлла. Шо даьлча, раидиостанцихь нохчийн, суьйлийн, чергазийн меттанашкахь къамел дан буьйлабелча, Оьрсийчоьнан депутаташа "Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна шога йукъагIертар" ду и элира.
2002-чу шарахь президентан гIоьнчас Ястржембскийс бехк биллира дукха хан йоццуш Iедалхойн бIанакъостий хиллачу Гусинский Владимирна а, Березовский Борисна а "дешан маршонца вакханали" лелорна. Шайн политикан Iалашонаш а, хьаькамашна шантаж йан а Iалашонца цунах пайдаэцна бохура. ХIетахь Ястржембскийс дIакхайкхийра прессаца йукъаметтигийн керла система йу аьлла, цо чIагIдарехь, пачхьалкхан "политикан лаам" хилла эххар а. Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь Свобода Радио йихкира – оцу сацамна куьгйаздира Путина 2002-чу шарахь.
Финштейна билгалдоккху йихкинашшехь Свобода Радионо шен болх кхин дIа а барх: "Тхо цкъа а цхьана а хIумана тIехь дага ца дуьйлура Оьрсийчоьнан Iедалхошца, йа Путинан пурба а ца доьхура тхешан болх дIакхехьа. Цундела оха болх бира 2002-чу шарал тIаьхьа а, тIаьххьарчу хене кхаччалц, тхо Оьрсийчоьнан дозана тIера лахккалц".
Путина омра арахецна 20 шо даьлча дIакъевлира Москвара бюро, 2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан президенто Украине эскарш дигча.
"Суна хета, Нохчийчуьра шогIа тIамехь хилира хIара хийцадалар, хIинца йолчу кепехь Оьрсийчоьнан пропаганда гучу а йолуш, - бохура "Свобода" Радион хиллачу журналисто, Бабицкийца цхьана хенахь болх бинчу. – Къаьстинчу обзорхошна, Леонтьев Михаил саннарш буй, царна тIера хIара доладелира аьлла хета суна. Шен ма-хуьллу Оьрсийчоьнан Iедал а, цхьацца официалан пресс-гIуллакхдархой а хестабора цо. Инарлас-полковнико Манилов Валерийс Коьртачу штабан цIарах хIора сарахь тIегулбора журналисташ Зубовскан бульварехь, "террористашца" бечу къийсамах лаьцна нах Iехош гарзанаш ухкура цо цхьа кIордадечу озаца. Беламе йара пропаганда. Тахана тIеман министраллин информацин департаментан куьйгалхочо Конашенков Евгенийс дьуйцу Украинана тIехь баккхий толамаш бахар, иза беламе дац хIинца".
***
Тахана Украинехь а, 20 шо хьалха Нохчийчохь а информацин тIамехь Кремло лелийнарг дустуш, билггал терго хуьлу кепаш цхьаъ хиларал совнах, уьш чIагIйар а тера хилар.
ТIаьххьарчу шина шарчохь тIеман министралла хIинцале а масийттаза лаьцна фейкаш тIехь: ШолгIачу дуьненан тIамехь йаьккхина видео ю бохуш, гайта хьийзира уьш, украинхойн баржаш хIаллакйо бохуш, тахана дерг санна. Шен сводкашкахь доьазза хаамбира инарлас Конашенковс цхьа эвла йаккхарх.
Арахьара журналисташ Оьрсийчохь хьалха санна лоьцуш бу (Курмашева Алсу Свобода Радион гIезалойн-башкирхойн сервисера), царна депортаци йо (Казахстанера вахархочунна Иваненко Владиславна санна).
Оьрсийчуьра корреспонденташ чубухку "тIом" дош аларна, армина "дискредитаци" йарх, йа "фейкех" аьллачу керлачу артиклашкахула. Хакасин "Новый фокус" ресурсан редактор Афанасьев Михаил, "Протестный МГУ" телеграм-каналан автор Иванов Дмитрий, Барнаулера журналист Пономаренко Мария. Арахьара агенташ кхайкхабо, ткъа церан редакцеш – оьшуш йоцу организацеш лору (телеканал "Дождь", "Новая газета. Европа", "Медуза", The Insider а, иштта кхин дIа а).
Шина а тIамехь Нохчийчуьра маьршачу нахана тIехь лелийна тIеман зуламаш дIайаздина ца Iаш, Оьрсийчохь лелочу репрессешна тIехь тергойен бакъоларйаран "Мемориал" центр, Украинана дуьхьал тIом бола а балале арахьара агент лерира, цул тIаьхьа прокуратурин тIедожорца дIайохийра.
2022-чу шарахь Оьрсийчуьра дIабахна, Европехь болх бечу журналисташна тIехь а цхьана терго латтайо оьрсийн Iедалхоша. Царех цхьаболчара, масала¸"Новая газетан" журналисто Костюченко Еленас а, "Эхо Москвы" Радион журналисто Баблоян Иринас дIахьедира, шайна дIовш даларх. Иза керланиг дац: 2004-чу шарахь, Беслане йоьдучу новкъахь, оцу кепара дIовш деллера Политковская Аннина а. ХIетахь дийна йисира иза. 2006-чу шарахь Политковская Аннина герз туьйхира шен цIенна чувоьддучохь.
Редактор Соколова Александра